Константинополь йожар — Версийн башхалла

Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агӀо: «'''1453-чу шарахь Константинополь йожар''' (жел. Άλωση της Κωνσταντινούπολης, тур. ''İstanbul'un fethi, Kostantinopolis Kuşatması''; итал. ''Assedio di Costantinopoli, Caduta di Costantinopoli'') – османийн султан волу 2-чу Мехмедан эскаро Византийн империн н...»
(башхалла йац)

Верси 2021, 6 август, 11:00

1453-чу шарахь Константинополь йожар (жел. Άλωση της Κωνσταντινούπολης, тур. İstanbul'un fethi, Kostantinopolis Kuşatması; итал. Assedio di Costantinopoli, Caduta di Costantinopoli) – османийн султан волу 2-чу Мехмедан эскаро Византийн империн нана-г1ала Константинополан го лацар. Го лацар доладелла 1453-чу шеран оханан/апрелан 6-чу дийнахь, чекхдаьлла оцу шеран х1утосург/май беттан 29-чохь османийн эскара шахьар д1алацарца. Константинополь йожар Малхбален Руман (Византийн) импери хӀаллакьхилар билгало яра.

1453-чу шарахь Византийн импери Пелопоннес олучу ахг1айренан дозанашкахь жима а еллера, иштта империна йукъайог1уш йара Эгейн, Мармаран х1орданаш а, Константинополан йистош а. Ткъа Османийн империн ницкъ ч1аг1луш бара, цунна дуьхьало латто г1ора дацара Византийн империн.

1-ра Баязед волчу хенахь дуьйна османийн султанаш масийттаза го лаьцна хилла Константинополна (1393-1394 шш, 1394-1402 шш, 1411 шо, 1422 шо). Ткъа цу муьрехь цера г1ала д1алаца аьтто ца белира, амма Балканаш т1ехь 1уналла (контроль) х1оттийра.

Т1аьххьара го лацар доладелла 1453-чу шеран оханан/апрель баттахь. Ромейш орца дийхира Малхбузехьа 1аш болчу нахе, царна г1о дан еара жима итальянийн контингент. Дерриг а цхьаьна долуш Константинополь ларъеш вара ворх1 я барх1 эзар стаг, царна юкъахь 5 эзар ромей вара. Османийн эскар дикка алсамаллица царел тоьлуш дара: 2-чу Мехмедан доьзткъа эзар салти а вара, цхьа б1е ткъа хӀордкема а дара.

1453-чу шеран х1утосург/май беттан 29-чу дийнахь шин баттахь дуьхьало йинчул т1аьхьа Константинополь юьйжира.

Византийн т1аххьара император XI-г1а Константин т1амехь велира. 2-г1а Мехмед йоьжна г1али чу веара, цуьнан куьйгаллица Константинополь д1алаьцна бахьана долуш цунах Фатих (тур. Fatih — даккхархо) олу.

1923-чу шарахь Османийн импери йохале Константинполь пачхьалкхан коьрта шахьар яра.