Ойстрах, Давид Фёдорович — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 49:
 
Пхи шо долучу хенахь дуьйна Ӏамош вара [[Ӏад хьокху пондар]] а, [[альт (мерз болу пондар)|альт]] а лакха [[Столярский, Пётр Соломонович|П. С. Столярский]] волчохь, йуьхьанца шеш мах а луш, ткъа 1923 шарахь дуьйна — Одессин музыкин-драмин институтехь (хӀинца [[Одессин къоман музыкин А. В. Неждановин цӀарах академи]]), иза чекхйаьккхира [[1926 шо|1926 шарахь]]. Институтехь Ӏамийра башха гармони а, полифони а композиторан [[Вилинский, Николай Николаевич|Н. Н. Вилинскийн]] куьйгаллица. Студент а волуш, болх бира Одессин симфонин оркестрехь солист а, дирижёр а санна.
 
1926 – 1928 шерашкахь — Одессин Посредрабисан солист. [[1927 шо|1927 шарахь]] [[Киев]]хь авторан урхаллица хӀоттийра [[Глазунов, Александр Константинович|А. К. Глазуновн]] Ӏад хьокху пондаран оркестрца концерт. [[1928 шо|1928 шарахь]] Ӏад хьокху пондарчин дебют хилира [[Петарбух|Ленинградехь]], кхин а шо даьлча [[Москох]]ахь концерт хӀоттийра, дукха хан йалале гуттаренна а цига кхелхира. 1932—1934 шерашкахь а, 1941 шарахь дуьйна а — [[Москохан пачхьалкхан академин филармони|Москохан филармонин]] солист, [[1961 шо|1961 шарахь]] дуьйна — [[дирижёр]].
 
[[Категори:ССРС мемуархой]]