Википеди:Викина Кавказ йеза 2021 — Версийн башхалла

Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агӀо: «__NOTOC__ {{WAM |header = Викина Кавказ еза 2021<div style="margin-right:1em; float:right;">250px</div> |subheader = '''«Викина Кавказ еза 2021»''' — 2021 шеран 7 октябрехь — 7 ноябрехь дӀайоьду вики-марафон (UTC-ца). Лерина ю Кавказца йоьзначу теман йазза...»
(башхалла йац)

Верси 2021, 2 октябрь, 21:59

«Викина Кавказ еза 2021» — 2021 шеран 7 октябрехь — 7 ноябрехь дӀайоьду вики-марафон (UTC-ца). Лерина ю Кавказца йоьзначу теман йаззамашна. Цуьнан Ӏалашо ю Википедин тайп-тайпанчу меттанийн юкъараллашкахь Кавказан географин объектех, оьздангаллех, сийлаллех йаззамаш кхоллар. Цигахь дакъалаца йиш ю муьлххачу декъашхочун, муьлххачу Википедин декъера.

Къилбаседа-кавказан меттанашкахь (нохчийн, хӀирийн, лаьзгӀойн, жӀайхойн) къовсам дӀабахьаран коьрта Ӏалашо ю — оцу дакъошкахь кавказан тематикан йаззамийн барам совбаккхар, уьш дуьненаюкъара Вики-боламан юкъаозор, ткъа иштта Википедин и дакъош потенциалан керлачу декъахошна юкъахь гӀарадахар.

Марафон кечйина «Викимедиа РУ», Къилбаседа Кавказан Википеди декъашхойн тобано, Викимедихойн Донан тобано, Азербайджанийн викимедихойн декъашхойн тобано, Гуьржийчоьнан викимедихойн тобано.

Къовсаман коьртачех Ӏалашо ю кавказан Викимедешна юкъара юкъаметтигаш шоръяр, Кавказехь Викимедиан проекташ дика кхиаяр.

Бакъонаш

  • Йаззаман тема лерина хила еза Кавказан мехкийн я регионийн муьлххачу географин объектан я сийлаллин, Росси йоцучун.
  • Къовсамна юкъабуьту йаззамаш, лахарчу критерешца богӀуш болу:
    • Йаззам язбина я чекхбаьккхина хила беза нохчийн маттахь 2021 шеран 7 октябрера 2021 шеран 7 ноябрь кхаччалц болчу муьрехь.
    • Йаззам болийна хила беза къовсаман декъашхочо, я цуо хаъал тобина; къовсаман декъашхочун белхан минимум барам хӀинцале кхоьллинчу язам тӀаьхь — 150 дош (болуш болчу йаззаман чухоам сов хила йиш яц 6000 байтал).
    • Кхоьллинчу йаззамехь барам минимум 2500 байт а, минимум 200 дош а хила деза.
    • Йаззам хила беза ладаме, язам чохь гайтина хила деза хьосташ.
    • Йаззамаш богӀуш хила беза патруло кховдийна бехкамашца. Шеконе болу муьлхха а хаам, авторитетан хьосташца тӀечӀагӀбан беза.
  • ЖамӀ деш лору Къовсаман декъашхочо бина я тобина белхан дикалла а, дукхалла а. Дикалло кхетадо чухоам, барамера тӀегӀанера суьрташ хилар, юьззина тема дӀаеллар, материалашна авторитетан хьосташка хьажоргаш хилар, кечбар.
  • Жюрин таро ю «цӀена ловзаран» низам дохорна декъашхо юкъараваккха, масала ботаца юзар, хила езачу хенахь бина йаззамаш/испискашна чудаьхна суьрташ (къовсаман финишан муьрехь, бинчул тӀаьхьа 1 де-буьйса дала йиш яц), хьалххе кечбина йаззамаш муьлххачу муьрехь массашкахь чубахар, ткъа иштта цӀена къовсаман новкъа я кхин декъашхой тилабеш болу муьлхха а болх.

СовгӀаташ

Викимедиа Россис а, викимедихойн Донан тобано а марафонан толамхошна совгӀат дийр ду (кхо совгӀат).

  • Хьалхара меттиг (минимум 35 йаззамаш):
    Подарочная карта Ozon
  • ШолгӀа меттиг (минимум 25 йаззамаш):
    Подарочная карта Ozon
  • КхоалгӀа меттиг (минимум 15 йаззамаш):
    Подарочная карта Ozon

Къовсаман декъахой

Йаззам коьллинчул тӀаьхьа лахарчу таблицин юкъатоха беза (къовсамхоша иза шешша до). Къовсамехь дакъа ца лоцу таблицин чуязбинчу йаззамаш бен. Дехар ду, йаззамийн мах хадош гӀалат ца довлийтархьама, чекхбаланза болу болх таблицин жамӀ чу ца язбар.

Декъахо Йаззамаш Йаззамийн барам Баьхна баллаш

Вовшахтохархой

Жюрин декъахой

Пайден хьажоргаш