Чепелюк, Сергей Георгиевич — Версийн башхалла
[теллина верси] | [теллина верси] |
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Simba16 (дийцар | къинхьегам) Нисдарах лаьцна йаздина дац |
Simba16 (дийцар | къинхьегам) Нисдарах лаьцна йаздина дац |
||
МогӀа 46:
1942 шарахь иза Ц1ен Эскаре д1акхайкхира. Цо чекхъяккхира Оренбурган эскаран авиацин кеманхойн школа. 1942 шеран декабрь дуьйна иза т1амт1ехь вара. 1942 шо дуьйна Чепелюк КПСС декъашхо вара. Цкъа хьалха цо Къилбаседе Кавказ ларъяш т1ом бира, цул т1аьхьа хилира Курскан т1ом а, Днепр хих дехьдовларан т1ом а, Украинан малхбузе бердан т1ехь т1ом а, Яссо-Кишинёван операци а, Румыни а, Болгари а, Венгри а мукъаяккхар а<ref name = wh/>.
1944 шеран июлеь мостаг1ийн эскар дара Бялы Камень юртан уллехь гуо бийна лаьтташ. Царна т1е бомбанаш тоха аьлла омра делира Чепелюкан [[Ил-2]] штурмовикийн тобане. Цу меттехь оцу дийнахь хенах1оттам дика бацар - х1аваэхь дукха к1ур бара. Кеманаш цу метте д1акхаьчча зениткаш т1е ятта ца йолаелира шаьш гучуйовла кхерам бахьнехь. Кеманаш гуо биначун эскаран т1оьхула масийтта гуо бира 1алашонаш лоьхуш. Шайна 1алашонаш карийча кеманаш бомбанаш т1етуьхийра. Кеманаш мостаг1ан доккха зен дийра. Т1аккха лаьттахь долу советан эскаран аьтту белира оццу дийнахь гуо бина немцой х1аллакбан. 1944 шеран июнь кхачале Чепелюкс шен кеман т1ехь кхимца кхочуш дира 155 т1еман т1емавалар. 44 х1аваан латарехь цо ша кхоъ мостаг1ийн кема чудаийтира, тобанехь кхи шиъ х1аллакдира<ref name = wh/>.
1944 шеран 26 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Чепелюкан Советски Союзан Турпалан ц1е елира<ref name = wh/>.
Т1ема хенахь Чепелюкс кхочуш дира 200 гергга т1еман т1емавалар, х1аллак бира дукха мостаг1ийн салтий а, бронетехника а. 50 х1аваан латарехь цо ша чудаийтира кхоъ мостаг1ийн кема, кхиъ кхоъ цо х1аллакдира тобанехь<ref name = wh/>.
Т1ом чекхбелча Чепелюк Ц1ен Эскарехь болх беш вара. Цо карадерзийра реактивны кеманаш. 1951 шарахь цо чекхъяккхира Х1аваан Эскаран академи, 1954 шарахь - оцу академехь йолу адъюнктура. Иза вара полкан а, дивизин а куьйгалхо. 1976 шарахь цо чекхъяккхира Коьрта штабан Эскаран академи. Иза СССР Оборонан министерствехь лакхара даржехь вара. 1984 шарахь иза т1аьхьаллоне велира, цул т1аьхьа Москвахь 1аш вара. Велира 1985 шеран 18 июлехь. Д1авоьллина Кунцеван кешнашкахь<ref name = wh/>.
== Даг1ахьлаттавар ==
Москвахь иза 1ийна ц1енон т1ехь х1оттийна мемориалан у<ref name = wh/>.
== Билгалдахарш ==
{{Билгалдахарш
|