[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж r2.7.3) (робот тIетоьхна: id:Falkon
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[Хlум:Brown-Falcon%2C-Vic%2C-3.1.2008.jpg|350px|thumb|right|Leça]]
'''Леча''', '''Leça''' — ({{lang-en|Falcon}}, {{lang-ru|Сокол}} олу). Вай ламанан леча олу, лаьмнашкахь леча хуьлу дела. Амма леча лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлуш ду. Ира а, деха а ду цуьнан тIемаш. ЦIога деха ду цуьнан. Когаш тIехь месаш яц. ЗIок хIотталучохь чохчаман шед бу. Ядар сиха ду, чехка тIам а тухуш. ХIаваэхь накха тухий дожадо цо муьлхха а олхазар, къиг а, бад а, кхокха а. Бен ламанан даккъашкахь тIулган бердашкахь бо лесано. Дукха хьолахь кхоьчу олхазаран бен схьабоккху цо. ХIоьаш апрель-май баттахь до я шиъ, я кхоъ, я диъ. ХIоьаш, цIиэлла а етталуш, ал басахь хуьлу. Iаьржа а, сира а, бероза а, ал а бос болуш хуьла лечарчий. БIаьргаш кIелахь Iаьржа томмагI хуьлу цунна микх ду а моьттур долуш. Когаш можа бу. Леча - олхазар зуламе лерина дац. Цундела иза ларор вайн декхар ду.