[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агlо: «Мархин бутт кхабар Исламан арканех цхьа рукн а ду, цуьнан даккхийчу бIогIамех цхьа бIогIам а бу.…»
 
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
'''Мархин бутт''' — [[Рамазан|Рамадан]] бутт марха кхабар [[парз]] дина хилла хIижратан шолгIачу шеран шаIбан баттахь. Вайн умматал хьалха долчу къаьмнашна а, умматашна а девзаш хилла марха кхабар.
Мархин бутт кхабар Исламан арканех цхьа рукн а ду, цуьнан даккхийчу бIогIамех цхьа бIогIам а бу. Цунна тешалла ду Лекха хинволчун дош: «ХIай Делах тешна дерш! (Парз дина) тIедожийна шуна марха кхабар, шул хьалха хиллачарна тIехь парз ма-дарра, шу хилийта Делах кхоьруш/\»
 
Кхин а цунна тешалла ду Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хьадис, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:
 
«Ислам пхеа хIуманна тIедоьгIна ду: АллахI воцург кхин дела а вац, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла тешалла дарна а, ламаз дарна а, закат даларна а, Рамзана бутт марха кхабарна а, Делан ЦIентIе хьадж дарна а». (Бухари, Муслим).
 
Рамадан бутт марха кхабар бусалба нахана тIехь парз дина, бусалба наха Мединате хIижрат динчул тIаьхьа шолгIачу шарахь.