[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
{{Ислам}}
'''Мархин бутт''' — [[Рамазан|Рамадан]] бутт марха кхабар [[парз]] дина хилла хIижратан шолгӀачу шеран шаIбан баттахь. Вайн умматал хьалха долчу къаьмнашна а, умматашна а девзаш хилла марха кхабар. Рамадан баттахь марха кхабар вуно чIогIа деза а ду, мелехь а ду, хIунда аьлча ша и бутт чIогIа беза бутт а бу, цу баттахь марха кхабар парз Iибадат дар а ду. Цуьнан дозалла дуьйцуш дуккха а хьадисаш ду. Церах ду Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Рамадан баттахь, иза бакъ хиларх а, парз хиларх а теша а тешаш, шена мел хиларга дог а дохуш марханаш кхаьбначунна гечдийр ду цуьнан дӀадаханчу къиношна».
 
Рамадан баттахь марха кхаба дезаран далил Къуръан а, суннат а, массо бусалба нехан барт а бу. Нагахь санна и стаг цу баттахь марха кхабар парз дац бохуш доьхьал ваьлла велахь – иза керста ву, шен динах дIакъаьстина стаг ву, цундела иза тоба даре кхайкха веза. Нагахь санна цо тоба дахь къобал дийр ду иза, тоба ца дахь – Дала тӀедиллина долу декхар чекхдоккхуш вуьйр ву и стаг. Иштта доьхьало еш волу стаг шен динах араваьлла ларар хIокху билламца доьзна ду: нагахь санна и стаг бусалба дин керла тIелаьцна велахь, я Ӏеламнахана генахь велахь, Рамадан баттахь марха парз хилар девзар доцучу агIор, ишттачу хьолехь и стаг керста лоруш вац марха парз дац аьлла цо тIе ца лацахь.