[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 57:
|Commons =
}}
[[Файл:Kaaba Shariff.jpg|left|thumb|211x211px]]
'''КаӀбат''' ({{lang-ar|كعبة}}) — иза ду ХьаьжицӀа, АллахӀан дуьнен тӀехь дуьххьарлера цӀа ду иза. И динарг а, доьттинарг [[ИбраьхӀим|ИбраьхIим-пайхамар]] а, цуьнан кIант [[ИсмаьӀил]] а ву. ХӀора шарахь, дукха къамнашкара нах боьду цига, Зиярт дан. Оцарех «[[Зиярт|Зияртхой]]» олу, я «[[Хьаьж|Хьаьжой]]».
 
== Истори ==
КаӀбат — иза АллахӀ-делан цӀа ду. АллахӀ-дала сийлахь дина иза. Дуьххьара иза динарг [[Адам — Хьава|Адам-пайхамар]] вар, цо динарг хӀорд хьаьдда дуьйхина хиллера. Цул тӀехь цуьнан кӀант [[Шис|Шис-пайхамара]] дина хиллера иза, тӀаккха а дуьйхира иза. Цул тӀехьа [[Нохь|Нохь-пайхамарас]] дина хиллера, тӀаккха а дуьйхира. ТӀаьхьаре, [[ИбраьхӀим|ИбраьхӀим-пайхамара]] шен кӀантаца [[ИсмаьӀил|ИсмаьӀилца]] доьттина иза. ИбраьхӀим деле дийхира иза даима ларде аьлла. ИбраьхӀим-пайхамаран заманахь дуьйна, АллаӀ-дала иза лардеш долу маьждиг ду. Цигахь садолу хӀума ен а, цӀий Ӏано а, къа латадан а цамега. Цигахь къа латадахь, вен а тарло.
 
== Этимологи ==
[[Файл:Supplicating Pilgrim at Masjid Al Haram. Mecca, Saudi Arabia.jpg|left|thumb]]
Дош «'''الكعبة‎»'''Ӏаьрбийн маттахь цуьнан маьӀна «квадратни цӀа» бохург ду. Кхин а «'''بيت الله»''' (''БайтуллахӀ'') '''«'''Делан цӀа олу» цунах.
 
== КаӀбатан дакъаш ==
 
КаӀбатан 14 дакъа ду:
# '''Ӏаьржа тӀулг''' (Ӏаьрб. <big>الحجر الأسود</big> — ''аль-хьаджар аль-асвад'') — тӀулг, малх-балехьара КаӀбатан углехь берг.
# '''НеӀ''' (Ӏаьрб. <big>باب الكعبة</big>) — КаӀбатан неӀарш.
# '''Мизаб''' (Ӏаьрб. <big>ميزاب)</big> — къинхетаман хи дӀадохуьйту апари
# '''Цоколь''' (Ӏаьрб. <big>الشاذروان</big>) — КаӀбатан пенаш лардеш ерг.
# '''ИсмаьӀилан хьиджр''' (Ӏаьрб. <big>حجر إسماعيل</big>) — буьткъа горга пен, цу чохь дӀадоьллина [[ИсмаьӀил]], [[ХӀаджар]] ду.
# '''Мультазам''' (Ӏаьрб. <big>ملتزم</big>) — Ӏаьржа тӀулган а, неӀаран а юккъахь долу дакъа, 2-метр ду.
# '''ИбраьхӀиман макъам''' (Ӏаьрб. <big>مقام إبراهيم</big>) — ангалин а, эчиган а меттиг, ИбраьхӀим-пайхамар тӀаьхьа лаьттина тӀулг бу цигахь.
# '''Ӏаьржа тӀулган угол''' (Ӏаьрб. <big>زاوية الحجر الأسود</big>)
# '''Йеменан угол''' (Ӏаьрб. <big>الركن اليماني</big>)
# '''Шаман угол''' (Ӏаьрб. <big>الركن الشامي</big>)
# '''Ӏиракъин угол''' (Ӏаьрб. <big>الركن العراقي</big>)
# '''Кисват''' (Ӏаьрб. <big>كسوة الكعبة</big> — ''кисват аль-каӀбат'') — аяташ тӀехь долу шаршу.
[[Файл:Kaaba.png|left|thumb|323x323px]]
 
== Билгалдахарш ==