Окуев, Шима Хамидович — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
+Окуев
 
+Окуев
МогӀа 4:
Шима вина 1937 шарахь.
 
Цуьна да Хьамид Нохч-Г1алг1айн обкоман белхало вара. Цо ч1оьг1а дакъа лоцура цу хенахь эдало бешболу хийцамашкахь. 1937 шарахь иза «халкъан мостаг1» ву аьлла чувоьллира. Хьамид 1952 шарахь Алма-Атахь шен доьзулах д1акхеттачулт1ехь кхелхира.
 
Нохчий ц1ера бохучу хенахь Шима ворх1 шо долуш вара. 1954-чу шарахь ворх1 класс чекхъеккхинчул техь иза шахте вахара. Цигахь цо ц1а верзалца болх бира. 1957 шарахь иза ц1авирзира. Цу хенахь иза язъя волавелира. Нохч-Г1алг1айн паччалкхан педагогически институтан филологически факультет чекхъеккхира цо. Арми д1авиггалца цо «Ленинхо» аьлла районны газетахь болх бира.
 
Армера ц1а веанчул техь цо чекхъеккхира Лакхара партийны школехь ойлу советски белхалойн кечбеш йолу курсаш. Цул техь цо болх бира райкомехь, школашкахь, редакцишкахь.
 
1973 шарахь ч1ог1а цомгаш хилла, болх бита дизира цуьна. Таккха иза литературан балх т1евирзира иза. И болх ша 1986 шарахь валлалц д1акхихьира цо.
 
== Библиографи ==
* «Сан Шуьйта» — [[1962]];
* «Честь, опозоренная местью» — [[1964]];
* байтан сборник «Сан безам» («Моя любовь») — [[1968]];
* «Чорин дийцарш» — [[1969 год]] (г1аскхий маттан яккхина арахаьцна [[1971]] шарахь);
* байтан сборник «Лаьмнийн аз» — [[1972 год]];
* роман-дилоги «Лай тIехь цIен зезагаш» — [[1978]];
* «Лаьттан дай» — [[1981]].
* роман-трилоги:
** «Юьхь» — [[1985]];
** «ЦIий, латтий» — [[1987]];
** «ТIеххьара верас» — [[1993]].
 
Т1аьххьара ши роман автор веллачул техь араялла.
 
== Хьажоригаш ==
* [http://www.nana-journal.ru/states/litr/842-2011-11-14-09-35-23.html Национальное своеобразие чеченской прозы]
* [http://www.grozny-inform.ru/main.mhtml?Part=14&PubID=26898 Певец горного края]
* [http://www.checheninfo.ru/15342-shima-okuev-predannyy-syn-gor-zhzl.html Шима Окуев. Преданный сын гор]
 
== Литература ==
Муса Ахмадов. Так течет и Аргун... Журнал «Вайнах», №11, 2007, с. 12-15.
 
[[ru:Окуев, Шима Хамидович]]