[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
'''Къурайш''' ({{lang-ar|قريش‎}}‎) — хьалхалера [[Макка|Макки]] урхаллин тукхам ду; оцу тукхамах схьаваьлла ву [[Мухьаммад|Мухьаммад-пайхамар]] (пайхамар {{с.Ӏ.в.)}}
 
Тукхаман тайпанан да ву [[ФихӀр ибн Малик]] (харц цӀе:Къурайш).
 
== «Къурайшаш» сурат ==
 
(Маккахь доссийна, диъ аят ду)
 
Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца!
 
1. Къурайшийн бартан дуьхьа!
 
2. Барт хуьлийла церан - Iаьнан а, аьхкенан а некъашлахь.
 
3. Лолла дойла цара хIокху ЦIийнан [КаIбин] Далла –
 
4. Мацаллех шаьш бузийначу а, кхерамах шаьш хьалхабаьхначу а.
 
______________
 
Дуккхаъчу КъурIанах кхеточарна (тидархошна) хетачуьнга хьаьжча, хIара сурат - хьалхарачу суратан маьIнин тIахье яр ду. И бохург ду: АллахIа, таIзар а дина, хIаллакбина пийлийн бIо - къурайшийн кхерамзаллин а, церан аьттонан а дуьха.
 
Иштта Сийлахь-Везачу АллахIа Маккарчу бахархошна гIо дина - сане махлелоран некъаш доло: Iай - Йемене, аьхка – Шема. АллахIа хIаллакбина - царна дуьхьал вониг дагалаьцна берш, царна вониг лиъна берш. И бахьана долуш Iаьрбийн бIаьра хьалха хьаьжцIа (КаIба) а, маккахой а сийлахь бина. Цара чIогIа лоруш бара уьш, цкъа а церан махлелоран коврашна новкъарло а ца йора цара.
 
ХIан, хIокху шайх биначу къинхетаман дуьхьа цаьрга омра дина АллахIа, шайн Далла шукар де, хастам бе аьлла: «Лолла дойла цара хIокху ЦIийнан [КаIбин] Далла». И цхьаъ войла аша, Оцу цхьанна дог цIенна лолла а дойла аша: «Мацаллех шаьш бузийначу а, кхерамах шаьш хьалхабаьхначу а».
 
Цо шуна делла долу дуьненан тIех доккха дика – дуург а, кхерамзалла а, кхин хIуммаъ ца хилча а, оцу даккхийрачу дуьненан диканаша декхарийлахь до шу Сийлахьчу АллахIана хастаме хила.
 
Я, АллахI! Хастам бу хьуна, шукар до хьуна - Ахьа тхуна мел деллачу диканашна!
 
АллахI - мел долучу хIуманан Дела ву. Делахь а, сийлахь-деза хьаьжцIа (КаIба) кхиболучу кхолламашна юккъера даздина схьакъастийна Цо - цуьнан дикалла а, сийлалла а бахьанехь.
 
{{islam-stub}}