[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 7:
|Динашкахь ларар = [[Ислам]]
|Кхидерш = [[Къуръан]]<br>[[Мухьаммад]]
}}[[Файл:Dcp7323-Edirne-Eski Camii Allah.jpg|thumb|262x262px|АллахӀан цӀе]]'''АллахӀ''' ({{lang-ar|الله}} {{Audio-nohelp|Ar-allah.ogg|АллахӀ алар}}) — [[ислам]]ехь — иза [[ислам|бусалба-дин]] бакъ волу Дела ву, дуьне а, маликаш, джиннаш, адамаш а кхоьллинарг ву иза, къемат-дийнан паччахь а ву. АллахӀ-дала шен Дин чӀагӀдеш ваийтина ву [[Мухьаммад|Мухьаммад-пайхамар]] {{С.Ӏ.в.}}.
 
Доца ислам-динан билгалонан [[шахӀадат]] ду: «''Цхьа дела вац, АллахӀ воцург, Мухьаммад — АллахӀ-делан элча ву''». Мухьаммад-пайхамара (''АллахӀ-делера салам маршалла хуьлийла цунна'') аьлла: «АллахӀ-делан дезткъе ткъесна цӀе ю, бӀе йоцург, уьш хиинарг ялсамани гӀур ву».
МогӀа 22:
 
== АллахӀ-дела бакъ хиларан билгалонаш ==
[[Файл:Arabic components (letters) in the word Allah.svg|left|thumb|182x182px|«АллахӀ» цӀеран элпех кхетар:
1. алиф
2. хӀамзат васл (همزة وصل)
3. лам
4. лам
5. шаддат (شدة)
6. шаьлта алиф (ألف خنجرية)
7. хӀ
]]
«Цхьа а дела вац, хинволу АллахӀ-воцург, цхьа а накъост воцуш волу, цуьнан долахь ду олалла, хастам бу цунна; цхьа дела вац, АллахӀ воцург; АллахӀ-дела воккха ву; цхьанне а ницкъ бац, АллахӀ воцучунна, Лекха а, Воккха а волчу». АллахӀа тӀадамашах цӀийн улх кхоьллина, иштта даьӀахкаш а, тӀаккха адаман са а кхоьллина. АллахӀ ша адамашна елла хан ю, и хан чекхъяьлча адаман дӀакхелха. ТӀаккха Къематдийнахь массо а АллахӀ-дала денвийра ву. Баккъалла а, АллахӀ-делан карахь ду стиглахь дерг а, лаьттахь дерг а. Хиндерг а, хилларг а хууш ву иза, Къематдийнахь хиндолу хьал хууш верг ву иза.
 
== Хьекъал ==
Бакъдерг, Сийлахьсийлахь волчу АллахӀ-дала хьекъал кхоьллича, цунна тӀевирзина аьлла: «ДӀадерза оцу агӀор» — хьекъал дӀадирзина, «Вукха агӀор дӀадерза» — хьекъал дӀадирзина. ТӀаккха Сийлахь-АллахӀа аьлла: «Дуй боу ас, сайн сийлаллица, аса ца кхоьллина алсамо доккха кхоллар, хьо санна, хьо бахьанехь аса таӀзар дийр ду, хьо бахьанехь аса мах лур бу!».
[[Файл:Dcp7323-Edirne-Eski Camii Allah.jpg|thumb|297x297px|Эдирнехь долу маьждиг тӀехь язйина АллахӀан цӀе, Турцехь.]]
 
Хьекъал бахьанехь адамах адам хилла. И хилла инзаре доккха АллахӀ-делан беркат. Адам, ша кхоьллинарг мила ву а цахууш, цуьнан омраш кхочуш ца деш верг а, хьекъале вац, нагахь санна-м, иза адамийн куьцах а вац.