[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 41:
«Цхьа а дела вац, хинволу АллахӀ-воцург, цхьа а накъост воцуш волу, цуьнан долахь ду олалла, хастам бу цунна; цхьа дела вац, АллахӀ воцург; АллахӀ-дела воккха ву; цхьанне а ницкъ бац, АллахӀ воцчунна, Лекха а, Воккха а волчу». АллахӀа тӀадамех цӀийн улх кхоьллина, иштта даьӀахкаш а, тӀаккха адаман са а кхоьллина. АллахӀ ша адамашна елла хан ю, и хан чекхъяьлча адаман дӀакхелха. ТӀаккха Къематдийнахь массо а АллахӀ-дала денвийр ву. Баккъалла а, АллахӀ-делан карахь ду стиглахь дерг а, лаьттахь дерг а. Хиндерг а, хилларг а хууш ву иза, Къематдийнахь хиндол хьал хууш верг ву иза.
 
== ХьекъалАдам кхоллар ==
Бакъдерг, сийлахь волчу АллахӀ-дала хьекъал кхоьллича, цунна тӀевирзина аьлла: «ДӀадерза оцу агӀор» — хьекъал дӀадирзина, «Вукха агӀор дӀадерза» — хьекъал дӀадирзина. ТӀаккха Сийлахь-АллахӀа аьлла: «Дуй боу ас, сайн сийлаллица, аса ца кхоьллина алсамо доккха кхоллар, хьо санна, хьо бахьанехь аса таӀзар дийр ду, хьо бахьанехь аса мах лур бу!».
[[Файл:Dcp7323-Edirne-Eski Camii Allah.jpg|thumb|297x297px|Эдирнехь долу маьждиг тӀехь язйина АллахӀан цӀе, Турцехь.]]
Хьекъал бахьанехь адамах адам хилла. И хилла инзаре доккха АллахӀ-делан беркат. Адам, ша кхоьллинарг мила ву а цахууш, цуьнан омраш кхочуш ца деш верг а, хьекъале вац, нагахь санна-м, иза адамийн куьцах а вац.
 
== Такбир (вазвар) ==
 
'''Такбир''' ({{ar2|تَكْبِيرٌ}} — вазван) — исламехь: [[АллахӀ|АллахӀ-дела]] вазвар ду, цуьнан дешнаш «''АллахӀу акбар''» ({{ar2|اَللهُ أَكْبَر}}). Ӏаьрбийн гоч йича, цуьнан маьӀна «''АллахӀ-дела воккха ву''» бохург ду. Такбир олу [[азан]] кхойкхучу хенахь, [[ламаз|ламазехь]], [[гӀурба]] дуьйш, [[зикр]] олучу хенахь а. «''АллахӀу Акбар''» аьлла фраза, масех пачхьалкхан байракхан тӀехь яздина ду.
 
==Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе==