Абу ДжаьхӀль — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 16:
 
== Биографи ==
Иза ву: '''Ӏамр ибн ХӀишам''' ибн аль-МугӀират ибн ӀабдуллахӀ ибн Ӏумар аль-Къураши. Бану МахӀзум тайпанах схьаваьлла. Мухьаммад пайхамаран {{с.Ӏ.в.}} нийсархохилла иза.
 
Цуьнан баккъалла йолу цӀе ю '''Ӏамр''' я '''Абуль Хьакам''' ({{lang-ar|أبو الحكم}}) ю. Вон амалш йолу дера, вон хӀуманаш долу дера, къинхетам а оьзда воцу дера, цунна цӀе тиллира «Абу ДжаьхӀль» (''Цакхетаман да''). Абу ДжаьхӀлас йийра дуьххьарлера бусулбан зуда [[Сумайят бинт ХайятI|Сумайят]]. Пайхамар вен гӀерташ, дуккха а зулам дина цо Мухьаммадна. [[Абу Супьян ибн Хьарб|Абу Супьенан]] къепал кӀелхьара яккха хьама, цо шен эскарца, бусулбан нахаца тӀом бира, [[Бадруна гIазот|Бадран]] гӀу йоллучохь. Оцу тӀам тӀехь вийра Абу ДжаьхӀль. МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад- пайхамар {{С.Ӏ.в.}}. Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу- ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина [[Хьамзат ибн Ӏабдул-МуттӀелип|Хьамзатна]] {{Р.а.Ӏ.}}, талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана юккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀа дуьйцуш лаьтташ Абу ДжаьхӀль а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу- ДжаьхӀлана, йоккха чов а еш. Орцах хьаьдда Абу- ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлонна, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан.
== Билгалдахарш ==
{{Билгалдахарш}}