[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
→‎top: clean up, replaced: Кхелхина де → Кхелхина терахь, Вина де → Вина терахь using AWB
ж clean up, replaced: елла → йелла (2) using AWB
МогӀа 17:
}}
 
'''Юсуп '''({{lang-ar|يوسف}}, Юсуп) — [[исламан пайхамарш|исламан пайхамар]] ву, [[Якъуб]] пайхамаран {{Ӏ.с.}} кӀант а ву. [[АллахӀ|АллахӀ-дала]] пайхамарех цхьаъ хаьржина хилла Юсуп. АллахӀа шен ах йолу хазалла Юсупан еллайелла хилла. Цунна гӀан гинера ша сийлахь волуш, и бахьана долуш цуьнан вежарша иза гӀу чукхоьссина.
 
== Къуръан тӀехь ==
МогӀа 28:
Вежарша хьагӀ лелош хилла Юсупаца а, Биньяминца а, оьгӀаз уьхуш хилла уьш, олуш хилла цара: Вайн дена Юсуп а, Биньямин а вайл дукха хӀунда веза? Вайн дена Юсуп а, Биньямин а хӀунда веза, и шиъ жима а, гӀийла а воллушехь? Вай хӀунда ца деза цунна Юсуп а, Биньямин а санна, вай онда кегий-нах ма ду! Тамашийна хӀума ду иза! Юсуп жима кӀант хилла, цо дийцина гӀан шен вежаршка, чӀогӀа оьгӀаз бахана вежарий шайна гӀан хезча, церан хьагӀ чӀагӀъелла. Цхьана дийнахь цхьанакхетта вежарий, цара аьлла: Ве и Юсуп, я цхьана генарчу махка виги дӀакхосса иза. ТӀаккха шун да шуна шайна хир ву, цуьнан безам а шуна шайна буьсур бу. Царах цхьамма аьлла: ХӀан-хӀа, муххале а, некъара цхьана гӀу чу кхосса иза, цхьаболчу некъахоша схьаоьцур ву иза. Массо вежарий цунна тӀетайна. Якъуб волчу нах бахийтар шайн цу хӀуманна тӀехь барт хилча, уьш баьхкина Якъуб волча. Якъуб чӀогӀа кхоьруш хилла Юсупана цхьаъ хиларх, цунна хууш хилла, вежарийн цуьнца хьагӀ юй а, царна иза ца везий а. Якъуба Юсуп вохуьйтуш ца хилла вежаршца.
 
Юсуп шен вешица ловза а ловзуш Ӏаш хилла, гена а ца волуш, вежаршна иза хууш хилла, делахь а, вон дар тӀелаьцна цара. Цара аьлла: ХӀай тхан да! ХӀунда ца воуьйту ахь тхоьца тхан ваша Юсуп? Стенах кхоьру хьо? Иза тхан хьоме ваша ма ву, тхан жимах волу ваша ма ву, тхо цхьана ден вежарий ма ду. Вежарий даим цхьаьна ловзу, ткъа тхо хӀунда ца ловзу даха а дахана цхьане? «Ваийтахь иза тхоьца кхана, самукъа доккхур цо, ловза а ловзур иза, оха иза ларвийр ву». Якъуб воккха стаг хилла,Якъуб хьекъале а, кӀеда-мерза а хилла. Якъубана дезаш ца хилла Юсуп шена генавалар. Юсупана цхьаъ хиларх чӀогӀа кхоьруш хилла иза. Со кхоьру иза барзо ваарх, шу цуьнах гӀопул хилла а долуш. Цара аьлла: Цкъа а хир доцург ду иза! Тхо цуьнца а долуш муха вуур ву иза барзо? Муха вуур ву иза цо, тхо онда кегий-нах хилча? Бакъо еллайелла Якъуба Юсупана.
 
== Хьуьнах ==