[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж →‎top: clean up, replaced: яц → йац using AWB
МогӀа 24:
| commons = Category:Rabbits
}}
'''{{lang-noh|Пхьагал}}''' ({{lang-ru|Заяц}}) олу. Нагах {{lang-noh|лерга-Ӏахар}} олу Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тогӀеш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий Ӏуьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостагӀчух кӀелхьара ца йокху. Цуьнан мостагӀий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чагӀалкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, гӀиргӀанаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой жӀаьлешца тӀаьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан цӀока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а кӀелхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна я де, я буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь я тоьланашкахь. Ткъа пхьагал я буса а, я дийнахь а синтем болуш яцйац. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен жӀаьлешца лорах тӀаьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула тӀехволуш Ӏадда юьжий Ӏуьллу. Варданца я машинашца дӀа-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йогӀий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.
 
* Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга гӀерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, кӀезиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн гӀад дожу цара.