[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж →‎top: clean up, replaced: яц → йац using AWB
ж →‎top: clean up, replaced: я → йа (3) using AWB
МогӀа 27:
| ipni =
}}
'''Леча''' — ({{lang-en|Falcon}}, {{lang-ru|Сокол}} олу). Вай ламанан леча олу, лаьмнашкахь леча хуьлу дела. Амма леча лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а хуьлуш ду. Ира а, деха а ду цуьнан тIемаш. ЦIога деха ду цуьнан. Когаш тIехь месаш йац. ЗIок хIотталучохь чохчаман шед бу. Ядар сиха ду, чехка тIам а тухуш. ХIаваэхь накха тухий дожадо цо муьлхха а олхазар, къиг а, бад а, кхокха а. Бен ламанан даккъашкахь тIулган бердашкахь бо лечано. Дукха хьолахь кхоьчу олхазаран бен схьабоккху цо. ХIоьаш апрель-май баттахь до яйа шиъ, яйа кхоъ, яйа диъ. ХIоьаш, цIиэлла а етталуш, ал басахь хуьлу. Iаьржа а, сира а, бероза а, ал а бос болуш хуьла лечарчий. БIаьргаш кIелахь Iаьржа томмагI хуьлу цунна микх ду а моьттур долуш. Когаш можа бу. Леча - олхазар зуламе лерина дац. Цундела иза ларор вайн декхар ду.
 
== Суьрташ ==