[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж clean up, replaced: елла → йелла (2) using AWB
re-categorisation per CFD using AWB
МогӀа 24:
== Биографи ==
[[Файл:YosriKitabNabiYusuf.jpg|left|thumb|219x219px|Юсуп-пайхамаран дийцар]]
Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан цхьайтта ваша хилла. Юсуп хаза кӀант хилла. Юсуп хьекъале кӀант а хилла. Цуьнан дена Якъубан иза дукхавезаш хилла цуьнан массо вежарел. Цхьана буьйсанна Юсупана цхьа тамашийна гӀан гина. Цунна гина цхьайтта седа, цунна гина малх а, бутт а, уьш дерриг цунна сужуд деш хилла. Жима Юсуп чӀогӀа цецваьлла! Иза ца кхетта цу гӀенах, муха дийр ду седарчаша а, маьлхо а, батто а адамана сужуд? Жима Юсуп шен да Якъуб волчу вахана. Цунна дийцина цо и тамашийна гӀан. ХӀай сан дада! Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш. Цуьнан да Якъуб пайхамар хилла. Якъубана чӀогӀа хазахетта цунна гина гӀан бахьана долуш. Цо аьлла: Дала беркат дойла хьуна хӀай Юсуп, цхьа гӀуллакх хир ду хьан. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. Цхьа гӀуллакх хир ду хьуна. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена Исхьакъана, АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена ИбраьхӀимана а. Бакъдолуш, Цо ниӀмат дийр ду хьуна а, ниӀмат дийр ду Якъубан охӀланна а. Якъуб воккха стаг хилла, адамийн амалш евзаш хилла цунна. Хууш хилла цунна, шайтӀано толам муха боккху, шайтӀа адамаца ловза муха ловзу а. Цо аьлла: ХӀай сан кӀант,Хьайн вежаршка цхьаьнгга а ма дийцалахь и гӀан, цара хьагӀ лоцур юйу хьоьца, мостагӀий а хир бу уьш хьуна. Вежарийн хьагӀ Юсупан кхин цхьа ваша хилла, цуьнан шен нанас вина, Биньямин цӀе а йолу. Якъубана и шиъ чӀогӀачу безамца везаш хилла, и шиъ санна цхьа а везаш ца хилла цунна.
 
Вежарша хьагӀ лелош хилла Юсупаца а, Биньяминца а, оьгӀаз уьхуш хилла уьш, олуш хилла цара: Вайн дена Юсуп а, Биньямин а вайл дукха хӀунда веза? Вайн дена Юсуп а, Биньямин а хӀунда веза, и шиъ жима а, гӀийла а воллушехь? Вай хӀунда ца деза цунна Юсуп а, Биньямин а санна, вай онда кегий-нах ма ду! Тамашийна хӀума ду иза! Юсуп жима кӀант хилла, цо дийцина гӀан шен вежаршка, чӀогӀа оьгӀаз бахана вежарий шайна гӀан хезча, церан хьагӀ чӀагӀъеллачӀагӀйелла. Цхьана дийнахь цхьанакхетта вежарий, цара аьлла: Ве и Юсуп, яйа цхьана генарчу махка виги дӀакхосса иза. ТӀаккха шун да шуна шайна хир ву, цуьнан безам а шуна шайна буьсур бу. Царах цхьамма аьлла: ХӀан-хӀа, муххале а, некъара цхьана гӀу чу кхосса иза, цхьаболчу некъахоша схьаоьцур ву иза. Массо вежарий цунна тӀетайна. Якъуб волчу нах бахийтар шайн цу хӀуманна тӀехь барт хилча, уьш баьхкина Якъуб волча. Якъуб чӀогӀа кхоьруш хилла Юсупана цхьаъ хиларх, цунна хууш хилла, вежарийн цуьнца хьагӀ юй а, царна иза ца везий а. Якъуба Юсуп вохуьйтуш ца хилла вежаршца.
 
Юсуп шен вешица ловза а ловзуш Ӏаш хилла, гена а ца волуш, вежаршна иза хууш хилла, делахь а, вон дар тӀелаьцна цара. Цара аьлла: ХӀай тхан да! ХӀунда ца воуьйту ахь тхоьца тхан ваша Юсуп? Стенах кхоьру хьо? Иза тхан хьоме ваша ма ву, тхан жимах волу ваша ма ву, тхо цхьана ден вежарий ма ду. Вежарий даим цхьаьна ловзу, ткъа тхо хӀунда ца ловзу даха а дахана цхьане? «Ваийтахь иза тхоьца кхана, самукъа доккхур цо, ловза а ловзур иза, оха иза ларвийр ву». Якъуб воккха стаг хилла,Якъуб хьекъале а, кӀеда-мерза а хилла. Якъубана дезаш ца хилла Юсуп шена генавалар. Юсупана цхьаъ хиларх чӀогӀа кхоьруш хилла иза. Со кхоьру иза барзо ваарх, шу цуьнах гӀопул хилла а долуш. Цара аьлла: Цкъа а хир доцург ду иза! Тхо цуьнца а долуш муха вуур ву иза барзо? Муха вуур ву иза цо, тхо онда кегий-нах хилча? Бакъо йелла Якъуба Юсупана.
МогӀа 35:
Вежарий богӀур бу хьуна тӀе, ахь дуьйцур ду цаьрга цара динарг.
Шаьш дийриг уьш дина боьлча, Юсуп цара гӀу чу кхоьссича, уьш гулбелла цхьане, цара аьлла: ХӀун олу вай вешан дега?
Царах цхьаболчара аьлла: Вай да ша иза барзо ваарх кхоьру бохуш вара, вай цуьнга эр ду: Бакъ луьйш хилла хьо хӀай тхан да, барзо виъна иза. ТӀетайна вежарий цунна, цара аьлла: Вай цуьнга эр ду: Барзо виъна иза. Цхьаболчу вежарша аьлла: Делахь а, хӀун билгало юйу цуьнан? Цара аьлла: Цуьнан билгало цӀий хир ду. ТӀаккха вежарша ка схьа а эцна, цунна урс хьаькхна. Юсупан коч схьа а эцна, цунна басар дина цара. Хазахетта вежаршна чӀогӀа, цара аьлла: ХӀинца тешар ву вайн да!
 
== Якъубана хьалха ==
МогӀа 41:
 
== Юсуп гӀу чохь ==
Вежарий бухабирзира цӀа, цара витина Юсуп гӀу чохь, яахӀума йиъна вежарша, дӀабийшина уьш меттанаш тӀе. Юсуп гӀу чохь хилла, мотт а боцуш, даар а доцуш. Вежаршна вицвелла Юсуп, дӀабийшина уьш. Юсуп ца вижина дӀа, цхьа а виц а ца велла цунна. Якъуб Ӏийна Юсуп дагаоьхуш, Юсуп Ӏийна Якъуб дагаоьхуш. Юсуп гӀу чохь хилла, гӀу кӀорга хилла. ГӀу хьуьнхахь хилла, хьун юькъайуькъа хилла. Иза буьйсанна хилла, буьйса бодане хилла.
 
== ГӀу чура гӀалин чу ==
МогӀа 55:
Юсупа аьлла:
 
— Набахти гӀолий юйу суна.
 
Цхьа денош дӀадевлча, Юсуп набахти чу вахийта веза аьлла хетта Потифарна. Потифарна хууш хилла Юсупан бехк боций. Набахти чу вахана Юсуп.