[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
→‎МуьтӀахьалла а, тешамалла а: нийсайаздар 2020 ш. using AWB
→‎Биографи: нийсайаздар 2020 ш. using AWB
МогӀа 24:
== Биографи ==
[[Файл:YosriKitabNabiYusuf.jpg|left|thumb|219x219px|Юсуп-пайхамаран дийцар]]
Юсуп жима кӀант хилла, цуьнан цхьайтта ваша хилла. Юсуп хаза кӀант хилла. Юсуп хьекъале кӀант а хилла. Цуьнан дена Якъубан иза дукхавезаш хилла цуьнан массо вежарел. Цхьана буьйсанна Юсупана цхьа тамашийна гӀан гина. Цунна гина цхьайтта седа, цунна гина малх а, бутт а, уьш дерриг цунна сужуд деш хилла. Жима Юсуп чӀогӀа цецваьлла! Иза ца кхетта цу гӀенах, муха дийр ду седарчаша а, маьлхо а, батто а адамана сужуд? Жима Юсуп шен да Якъуб волчу вахана. Цунна дийцина цо и тамашийна гӀан. ХӀай сан дада! Суна гира цхьайтта седа а, малх а, бутт а, суна гира уьш сайна сужуд деш. Цуьнан да Якъуб пайхамар хилла. Якъубана чӀогӀа хазахетта цунна гина гӀан бахьана долуш. Цо аьлла: Дала беркат дойла хьуна хӀай Юсуп, цхьа гӀуллакх хир ду хьан. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. Цхьа гӀуллакх хир ду хьуна. И гӀан кхаъ бу, Ӏилманца а, пайхамараллица а. АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена Исхьакъана, АллахӀа ниӀмат динера хьан дедена ИбраьхӀимана а. Бакъдолуш, Цо ниӀмат дийр ду хьуна а, ниӀмат дийр ду Якъубан охӀланна а. Якъуб воккха стаг хилла, адамийн амалш евзашйевзаш хилла цунна. Хууш хилла цунна, шайтӀано толам муха боккху, шайтӀа адамаца ловза муха ловзу а. Цо аьлла: ХӀай сан кӀант,Хьайн вежаршка цхьаьнгга а ма дийцалахь и гӀан, цара хьагӀ лоцур йу хьоьца, мостагӀий а хир бу уьш хьуна. Вежарийн хьагӀ Юсупан кхин цхьа ваша хилла, цуьнан шен нанас вина, Биньямин цӀе а йолу. Якъубана и шиъ чӀогӀачу безамца везаш хилла, и шиъ санна цхьа а везаш ца хилла цунна.
 
Вежарша хьагӀ лелош хилла Юсупаца а, Биньяминца а, оьгӀаз уьхуш хилла уьш, олуш хилла цара: Вайн дена Юсуп а, Биньямин а вайл дукха хӀунда веза? Вайн дена Юсуп а, Биньямин а хӀунда веза, и шиъ жима а, гӀийла а воллушехь? Вай хӀунда ца деза цунна Юсуп а, Биньямин а санна, вай онда кегий-нах ма ду! Тамашийна хӀума ду иза! Юсуп жима кӀант хилла, цо дийцина гӀан шен вежаршка, чӀогӀа оьгӀаз бахана вежарий шайна гӀан хезча, церан хьагӀ чӀагӀйелла. Цхьана дийнахь цхьанакхетта вежарий, цара аьлла: Ве и Юсуп, йа цхьана генарчу махка виги дӀакхосса иза. ТӀаккха шун да шуна шайна хир ву, цуьнан безам а шуна шайна буьсур бу. Царах цхьамма аьлла: ХӀан-хӀа, муххале а, некъара цхьана гӀу чу кхосса иза, цхьаболчу некъахоша схьаоьцур ву иза. Массо вежарий цунна тӀетайна. Якъуб волчу нах бахийтар шайн цу хӀуманна тӀехь барт хилча, уьш баьхкина Якъуб волча. Якъуб чӀогӀа кхоьруш хилла Юсупана цхьаъ хиларх, цунна хууш хилла, вежарийн цуьнца хьагӀ юй а, царна иза ца везий а. Якъуба Юсуп вохуьйтуш ца хилла вежаршца.