[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
→‎Биографи: нийсайаздар 2020 ш. using AWB
→‎Биографи: нийсайаздар 2020 ш. using AWB
МогӀа 27:
 
== Биографи ==
Исхьакъан ши кӀант вара Ӏайсу а, Якъуб а. Цунна Ӏайсу воккхах волу дера дукхавезар. Цхьана хенахь Исхьакъ къан веллера, бӀаьрса а дӀадаьллера. Цо Ӏайсуга аьллера шен цхьа даар да, Ӏайсу и кхочуш дан вахара. Церан нанас Рафикъатас шен Якъубе элира: «Хьайн дега хӀара даар дӀало, хьо Ӏайсу ву моттийта цунна, цуьнан бедарш тӀе а йохий». Якъуб шен дена Исхьакъана тӀе веанера, Ӏайсух тара а велла. Исхьакъан иза Ӏайсу ву бохуш Ӏаш вара. Исхьакъ шек ваьллера и Якъуб волчух тера хетара цунна, амма Ӏайсу хир ву-кх иза аьлла Ӏад Ӏаш вара. ТӀаккха Ӏайсу а цӀа кхечира, цо янйан аьлла йолу яахӀума а йохьуш. Исхьакъас элира цуьнга: «Ахьа суна яахӀума ма-яийна», «Дера ца-яийра аса-м дада, ахьа хӀун дуьйцу?». ТӀаккха и шиъ кхийтира иза Якъуб хилли. Ӏайсус чӀагӀо йира ша иза вуьйра ма-ву аьлла. Рафикъатан цуьнан дагахь дерг а хиъна, Якъубе шен ваша Лабан волчу, «[[Месопотами]]» дӀагӀо элира.
 
Иштта Якъуб шен даймахкара дӀавахара. Месопотами — олучу шен ненавешин йуьртахь ваха, дӀавахара иза. Лабанан йоккхах йолу йоӀ — [[Лия]] маре ялийрайалийра цо. ТӀаккха жимах ергйерг — [[Рахьиль]] а. Оцу шинна лай — [[Зильфа]] а, [[БильхӀа]] а йигира цо маре. Иштта кхойтта бера хилира цунна. Шен да дӀакхелхича йуха КанӀане схьа веанера иза.
 
[[Юсуп]] массарел чӀогӀа дукха везара цунна. И бахьана долуш цуьнан гӀан хиина цуьнан вежаршна, шайтӀано Ӏехийнера уьш. Шайн дега дийхира цара Юсуп шайца жа дажо ваийта аьлла. Уьш тӀаьхьара ца бевлла Якъуба вахийтира иза цаьрца. Вежарша йиттина цунна, чӀогӀа лазийна хилла цара и пекъар Юсуп. Иза вен гӀерташ бара уьш, амма Лавис ца вайтинера иза. ГӀу чукхоьссина хилла цара иза. Шайн дега иза берзалоша виъна элира цара, цуьнан цӀийх уьзина бедар дӀалуш. Якъубан хиира Юсуп берзалоша ца виъний.