Мокха ГӀарагӀули — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[File:Grus_grus_1_(Marek_Szczepanek).jpg|250px|thumb|right|Мокха ГӀарагӀули]]
'''Мокха ГӀарагӀули''' — ( en. Common Crane ). Оьрсаша гӀарагӀулих "Серый журавль" олу. Хаза а, доккха а, когаш тӀехь лекха а олхазар ду иза. БӀаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могӀанаш дина схьаоьхчу мокха гӀарагӀулин гӀеранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш гӀоргӀачу декаро адамийн дегнашка бӀаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дӀакхелха гӀарагӀулеш. Екхначу стиглахь Ӏаламан исбахьа сурт хӀоттадо могӀанаш хуьйцуш йоьдучу гӀарагӀулин гӀерано а, церан зевнечу аьзнаша а.
 
*Мокха ГӀарагӀулин зӀок нийса а, еха а, ира а ю. ГӀортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. ЦӀога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш. Мокха ГӀарагӀулеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар дӀай-схьай кхелхаш ду. БӀаьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йогӀу уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. Мокха ГӀарагӀулин коьрта туьтан тӀехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа гӀарагӀули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю тӀеман йоьхьигаш Ӏаьржа а йолуш. Цуьнан лаг а Ӏаьржа ду, бӀаьрга тӀера охьа шина а агӀор кӀайн сиз а долуш. И шиъ сиз гӀорта кхаччалучохь букъ тӀехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна тӀиэхьа цӀиэ тӀеда бу цунна. Когаш Ӏаьржа бу.