Айдамиров, Абузар Абдулхакимович — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[Сурт:Абузар АйдамировAidamirov.jpg|200px|thumb|Абузар Айдамиров]]
 
'''Айдамиров А. Абдулхакимович''' вина [[1933 шо|1933 шарахь]] Нажин–Юьртан кlоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо. Жимчохь дlаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. [[1957 шо|1957 шарахь]] Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч–Гlалгlайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко–филологически факультет чекхъяьккхира цо [[1963 шо|1963 шарахь]] шарахь.
 
Дуьххьарлера цо язъина байт «Лермонтовн безамна» зорбане елира [[1956 шо|1956 шарахь]] «Винчу лаьмнашкахь» цlе йолу жайнийн тlехь зорба тоьхна ю байташ: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогlехь», «Ненан мотт», «Хlай буьйса», «Бехк ма Билла» дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «lаьржа буьйса», «Езачу йоlе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а.
 
Яздархочун «Лаьмнашкахь серло», «Тхан эвлахь», «Лаьмнийн некъашкахула» ц1ераш йолу книгаш т1ера дукхахйолу произведенеш а ю юьртан таханлера дахар гойтуш. Айдамиров Абузар юьртахь вехаш ву. Юьртан дахар – цуьнан дахар ду.