Ламанхойн республика — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 66:
Иштта 1918-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь [[Чермоев Iабдул-Межед]]а а, Бамматов ХIайдара а, декларацина къелла куьйгаш а таIийна, дIакхайкхийра йозуш йоцу [[Къилбаседа Кавказ]]ан Ламанхойн Республика кхоллар.
Керлачу пачхьалкхана юкъадахара Iаьржачу хIордан тIера Таркхойн хIордана тIекхаччалц долчу латтанашна тIехь дехаш долу къаьмнаш. И пачхьалкх, къобул а йина, тIеийцира туркойн Iедалша. Оцу даггахь яра Германи а.
* 1917-чу шарахь Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь Iаьндахь шайн 2-чу гуламехь цхьанакхета [[Къилбаседа КавказерачуКавказ]]ерачу къаьмнийн а, [[ДегIeстан]]ан а векалш. Оццула юьстах, лаьмнашкахь Iуллучу эвлахь гулам дIабахьаран бахьана иза вовшахтоьхна волчу Узун-Хьаьжас а, [[Гоцинский Нажмудин]]а а иштта дуьйцу: лаьмнашна юкъахь, гIаланашна а, эскаршна а юьстах [[Къилбаседа Кавказ]]ерачу къаьмнийн векалийн аьтто хир бу маьршша шайна луург ала а, дийца а.
Цу гуламе хаьржина хуьлу массо а бусалба жамаIаташкара векалш. Иза вовшахтоьхна болу нах уггар хьалха дагахь хуьлу Кавказехь имамалла кхолла а, Гоцинский Нажмудин имам кхайкхон а.
Амма, оцу гуламан декъашхоша дитинчу тоьшаллаш гайтарехь, царна ма-моьтту гIуллакх ца хуьлу цуьнах. Цхьаболу гуламан декъашхой дуьхьала хуьлу Гоцинский имам кхайкхорна. Уьш махкахь Советан Iедал хIотто лууш хуьлу. Цундела, гуламехь дов а доккхий, уьш цIа боьлху. Виснарг хуьлу 5 эзар стаг. Амма уьш Веданахь[[Ведан]]ахь совцу, Iаьндара цIа баха аьтто боцуш, догIанаш а ихина, ломара некъаш доьхна хилар бахьана долуш. Цига вогIу Гоцинский Нажмудин. Веданахь хиллачу гуламехь иза имам кхайкхаво.
* 1917-чу шарахь Марсхьокху-беттан 20-чу дийнахь [[Къилбаседа КавказехьКавказ]]ехь вовшахтуху Къилба-Малхбале Барт цIе йолу цхьанакхетаралла. Цу юкъабогIуш хуьлу ГIобан а, Теркан[[Терк]]ан а, Аштаркхан а кIошташкахь бехаш болу гIалгIазакхий а, Къилбаседа Кавказан ламанхой а, дагестанхой а, гIалмакххой а, ногIий а, туркменаш а. Оццу шарахь Лахьан-беттан 16-чу дийнахь гIалгIазакхийн Iедал а, [[Къилбаседа КавказанКавказ]]ан Ламанхоойн Барт а цхьанакхета Екатеринодар-гIалахь хиллачу кхеташонехь. Кавказан Цхьанакхетначу Бертан коьрта Iалашо хуьлу [[Къилбаседа КавказехьКавказ]]ехь, шена юкъайогIуш Абхази а йолуш, автономин республика кхоллар.
И республика Петарбухехь[[Петарбух]]ехь дIакхайкхо дагахь йолчу Оьрсийчоьнан[[Оьрсийчоь]]нан демократин Республикана юкъагIура ю, аьлла, ойла а хуьлу ламанхойн куьйгалхойн. Иштта кеп-куц долу ламанхойн Iедал лаьтта эха шарал сов. Цу хеначохь цара кечйо Оьрсийчоьнан ханна долчу 1едалан куьйгалхо Керенский Александара реза хиларца тIеэцна йолу конституци.
=== Европийга кхайкхам ===
1918-чу шеран Охан-баттахь [[Къилбаседан Кавказ|Къилбаседа Кавказан]] Цхьанакхетначу Берто цхьацца Европерчу пачхьалкхашка кхайкхамаш бо Ламанхойн Республикан Iедал, къобал а дай, тIеэцахьара, олий.