Нохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъаш — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[File:Evstafiev-checnnya-soldier-fire.jpg|thumb|Нохчийн [[Сурхо]]. 1995 шо, Джовхар-гlaла йоккху тlеман тасадаларш]]
== Истори ==
1990 шеран лахьан-беттан 26-гlа чохь Джовхар-гlалахь цхьана кхетначу Нохчийн къоман Гуламехь дхьа кхайкхийра [[Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь|Нохчийчоь]] йозуш йоцуш пачхьалкх хилар. 1991 шеран лахьан-беттан 1-гla чохь, пачахь волчу [[Дудийн Джовхар]]с [[Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь|Нохчийчоь]] йозуш цахиларан Омран тlе куьг таlийра. 1992 шеран зазадоккху-беттан 31-гlа чохь Парламенто тlе лаьцна пачхьалкхан Низам леларе делира, цу тlехь аьлла дара: «[[Нохчийн Пачхьалкх Нохчийчоь|Нохчийчоь]] йозуш йоцуш, демократийн, бакъонийн пачхьалкх ю, нохчийн къомо шен лаамца кхоьллина». 1992 шарахь нохчийн lедало федеративнийн бертан тlе куьг таl дар йемал дира. <ref name="igpi.ru">[http://www.igpi.ru/monitoring/1047645476/oct_97/chechen.html Чеченская республика Ичкерия Политический мониторинг]</ref>
 
[[Дудийн Джовхар]]с 1991 шеран лахьанан-беттан 8-гlа чохь, №2 Омран тlе куьг а таlийна, кхоьллира Тlеман Министерство. Оцу омрийца, Нохчийчуьра йерриге тlеман тобанаш министерствон куьйгалле яьхкира. 1991 шеран гlуран-беттан 9-гlа чохь тlе куьг таlийна чу №16 Омран низамца «Нохчийчуьра йерриге тlеман тобанаш паччахьан куьйгалле яьхкира».<ref name="chechnya.genstab.ru">[http://chechnya.genstab.ru/chech_01.htm ''Карпов И. Е., Плоткин Г. Л.'', Вооруженные силы ЧРИ]</ref> Тlеман боккхах болу мохь Тlеман Ницlкъийн Коьрта Кхеташонехь бара. Коьрта Кхетшонан Куьйгалхо вара инарл-лейтенант Шахабов Висхан. Коьрта Кхетшонан Куьйгалхочуьна гlоьнча — [[Масхадийн Аслан]].
 
== Билгалдаккхар ==
{{Билгалдаккхар}}