«Бакъдерг»1912 шарахь В.И. Ленина кхоьллина аьрру маьӀнийн советийн а, российн газет. 1991 шо кхаччалц — хӀора дийнан ССКП коьрта зорбанан массийн хаамийн гӀирс а, ССРС уггаре ладаме арахецар ав. ССКП йихкинчул тӀаьхьа — РФКП центран меже, кӀирнах кхузза арадолу.

«Бакъдерг» (газет)
2013 шеран 27 сентябран газетан хьалхара аса
2013 шеран 27 сентябран газетан хьалхара аса
Формат A2

Газет дерг Российн Федерацин Коммунистийн партин»
АНО ««Бакъдерг» газетан редакцин» журналистийн кхоллам
Коьрта редактор Борис Комоцкий
Кхоьллина  1912 шо 22 апрелехь (5 май)
Арахецар сацор 1991 шеран 22 август6 сентябрь
1993 шеран 521 октябрехь
Политикин газета РСДБП (1912—1917)
РСДБП(б) (1917—1918)
РКП(б) (1918—1925)
ЙКП(б) (1925—1952)
ССКП (1952—1991)
РФКП (с 1993)
Мотт оьрсийн
Мах хецца бу
Коьрта офис 125993, ГСП-3, Москох, «Бакъдолчун» ур., 24
Тираж 100 300 (2021)
Веб-сайт gazeta-pravda.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Шен хенаца шолгӀа российн МХГӀ «Дуьненан гуонаха» журналал тӀаьхьа[1].

Газет кхоллар нисйе бӀаьра

 
аьрру агӀора
 
аьрру агӀора

Дуьххьарлера «Бакъдерг» йукъадаьлла 1903 шарахь литературин-публицистийн журнал санна, иза арахоьцуш хилла Кожевников Валентин Алексеевича — некъийн-инженер а, исбаьхьаллайевзарг а волу[2]. Журнало ша гойтура хӀора беттан исбаьхьаллин а, литературин а, йукъараллин дахаран а арахецар санна[3], иза дара аьрру агӀора хьажийна, дукхаха болу цуьнан авторийн марксистийн ойланаш йара, амма цунна чохь зорба тухура литературин проза[4] а. Журналехь зорба тухура А. А. Богданов, А. В. Луначарский, И. А. Бунин, Ю. М. Стеклов[4]. Цу тӀе, социал-демократин гуонашкахь лорура меньшевикийн агӀоне таьӀна[3]. Цензурин бехкамаш бахьнехь дукхаха болу редакторш журнал дитира, 1906 шарахь иза факт хилла сецира ала мегар дара[5].

1908 шеран октябрера 1912 шеран апрель кхаччалц, хьалха Львовехь, цул тӀаьхьа Венехь арахоьцура 3000—4000 тираж гӀарадаьлла Троцкийн редакцӀера социал-демократин газет «Бакъдерг», цуьнан дуьненайукъара дакъа лелош вара Иоффе (цунах олура «Венин „Бакъдерг“»). 1910 шарахь йоцучу ханна цунах хилира РСДРП ЦК меже (цуьнан редколлегин йукъавалийра ЦК декъахо Каменев Лев).

1912 шарахь РСДБП(б) VI Йерригроссийн (Прагин) конференцис В. И. Ленина кховдорца белхалойн большевикийн массийн хӀора дийнан газет арахецаран сацам тӀеийцира. Иза арахеца ахча гулдира заводашкахула а, фабрикашкахула а белхалошна йукъахь[6]. Ленскан тоьпаш тохаро сихбира газет арахецаран болх[7]. Газетан хьалхара лоьмар «Бакъдерг» цӀе йолуш арайелира  1912 шеран 22 апрелехь (5 май), Маркс Карл винчу дийнахь[8]. Оцу хенахь «Бакъдерг» РСДРП (б)ЦК официалан меже йацара, ишттаниг лорура къайлаха газет «Социал-демократ», дозанал арахьа зорба тухуш долу, Россех къайлаха чудохьуш долу. Оццу цӀарца газет арадаларна реза ца хилар гайтийра венин «Бакъдерг» редакцин агӀорхьара, цунна йукъахь немцойн социалисташкара доьху гӀо а дара кхоалгӀа агӀонхьара суьдхо хилар доьхуш, цунах гӀуллакх ца хилира, тӀаккха «Бакъдерг» цӀе йисира ленинан газетан[9]. «Бакъдерг» дагадеина дара легалан массийн арахецар санна. Большевикаш аьтту бира 1905 шеран паччахьан манифесто кхайкхийначу зорбанан маршонах[9].

Революцил хьалхара мур нисйе бӀаьра

Революцил хьалхарчу «Бакъдерг» газетан тираж йара 40 - 60 эзар экземпляр[9]. 1912—1914 шерашкахь «Бакъдерг» газетехь зорбатоьхна 285 ленинан болх[10].

Газетан официалан арахецархо 1912 шеран декабрь кхаччалц вара Н. Г. Полетаев, цул тӀаьхьа А. Е. Бадаев. 1912—1914 шерашкахь литературин декъан коьртехь вара Горький Максим. Редакцин секретарь болх беш вара В. М. Молотов.

Газет масийттаза дӀакъевлира (дуьххьара иза хилира  1913 3 (16) июль; 356 лоьмарех схьайаьккхира — 49, гӀуда тоьхна — 21), амма арадолура кхин цӀерашца: 1913 шарахь — «Белхалойн бакъдерг» (13 июль — 1 август): арахецна 17 лоьмар, царех схьайаьккхина — 12, гӀуда тоьхна — 2, «Къилбаседин бакъдерг» (1 август — 7 сентябрь): арахецна 31 лоьмар, царех схьайаьккхина — 20, гӀуда тоьхна — 3, «Къинхьегаман бакъдерг» (11 сентябрь — 9 октябрь): арахецна 52 лоьмар, царех схьайаьккхина — 21, гӀуда тоьхна — 2, «Бакъдолчунна тӀаьхьа» (1 октябрь — 5 декабрь), цул тӀаьхьа — «Пролетарин бакъдерг» (1913 шеран 7 декабрь — 1914 шеран 21 январь): арахецна 34 лоьмар, царех схьайаьккхина — 13, «Бакъонан некъ» (1914 шеран 22 январь — 21 май): арахецна 92 лоьмар, «Къинхьегаман бакъдерг» (23 май — 8 июль): арахецна 35 лоьмар[11][12].  1914 8 (21) июль, Дуьненан хьалхара тӀом болабалале, газет чаккхенца дихкира[13].

 1912 22 апрелехь (5 май) арайаьллачу «Бакъдерг» газетан хьалхарчу лоьмарехь балийна гуттаренна болчу белхалошна йукъахь бу:

Б. Авилов, Н. Азаров, М. Бакланов, Н. Батурин, Демьян Бедный, В. Брусинин, Эдуард Бельский, Б. Веселовский, А. Виноградов, П. Виноградов, член Госдумы С. Воронин, Пачхьалкхан думин декъахо А. Войлошников, П. Войский, С. Гамышин, Л. Германов, И. Гладнев, М. Горький, Ю. Градов, С. Гусев-Оренбургский, Т. Гневич, Б. Г. Данский, А. Дикий, П. Дневницкий, Илья Дубов, Пачхьалкхан думин декъахо Н. Егоров, К. Еремеев, член Госдумы М. Захаров, Г. Зарим, Г. Зуев, Г. Зиновьев, В. Ильин, Иваши, Ф. Ильин, Б. Иванов, Ю. Каменев, Керженцев, И. Колосов, В. Косицын, П. Курмский, И. Ларский, Г. Лебедев, Роза Люксембург, М. Медведев, В. Невский, М. Ольминский, П. Орловский, Г. Плеханов, Пачхьалкхан думин декъахо Н. Полетаев, Е. Придворов, Пачхьалкхан думин декъахо А. Предкальн, Политикус, Пачхьалкхан думин декъахо И. Покровский, В. Пономарев, И. Попов (Брюссель), Ф. Раскольников, Н. Рожков, А. Рябин, П. Рябовский, Н. Рязанов, Ф. Ротштейн (Лондон), П. Салин (Швейцари), Ю. Стеклов (Париж), Пачхьалкхан думин декъахо Н. Сурков, Н. Топалов, П. Уральский, С. Фрид, В. Фрей, Г. Цыперович, И. Чернышев, Е. Чириков, Н. Чужак, Г. Шапир, В. Шкулев, Штукарь, член Госдумы В. Шурканов, Д. Явон.

1917 шо. Немцоша ахча латторех нисйе бӀаьра

 
Бакъдерг,  1917 шо 16 (29) мартехь

Революци йаккхале тиражан дакъа зорбатухура Норвегин Финнмаркан типографешкахь, тӀаккха Архангельске дехьайоккхура селедкаш чохь йолчу чарманаш чохь, ткъа цул тӀаьхьа даржадора Российн мехкашкахула.

Февралан революцил тӀаьхьа  1917 5 (18) мартехь дуьйна «Бакъдерг» арадала доладелира РСДБП(б) ЦК а, Петроградан комитетан а меже санна. «Бакъдерг» газетан тираж кхочура 85-90 эз. экз. Цхьаболчу Ӏилманчашна хетарехь, оцу хенахь газетан жигара финансаш латтайора Германис Парвусан йукъараллица[14]. Германин статс-секретарь (арахьара гӀуллакхийн министр) волчу Кюльмана 1917 шеран 3 декабрехь кайзере йаздинчу кехатехь билгалдоккхура: «Большевикашна вайгара маьӀ-маьӀӀера а, тайп-тайпана хӀосташца а гуттаренна фондаш кхача йолайелча бен уьш таро йолуш хилира шайн коьрта меже «Бакъдерг» когаш тӀехӀотто, энергица пропаганда йан, ладаме шорйан шайн партин йуьхьанцара готта базис»[15][16]. 3 июлехь статс-секретара Циммермана реза хиларца телеграф йахьийтира, «Ленинан машаре пропаганда тӀаьхь-тӀаьхьа чагӀлуш йу, ткъа цуьнан газет „Бакъдерг“ зорбатухуш ду 300 000 экземпляр»[15].

1917 шеран 18 июлехь, Петроградехь правительствон дуьхьала гӀевттинчул тӀаьхьа, газет дӀакъевлира, октябрь кхаччалц араделира тайп-тайпана цӀераш йолуш («„Бакъдолчун“ кехат», «Белхало а, салти а», «Пролетарий», «Белхало», «Белхалойн некъ»). Октябран революцил тӀаьхьа,  1917 27 октябрехь (9 ноябрехь) дуьйна, газет йуха а арадала доладелира «Бакъдерг» цӀе йолуш, РСДРП(б) ЦК меже санна.

 1917 5 (18) июлехь, Петроградехь правительствон дуьхьала гӀевттинчул тӀаьхьа, газет дӀакъевлира, октябрь кхаччалц араделира тайп-тайпана цӀераш йолуш («„Бакъдолчун“ кехат», «Белхало а, салти а», «Пролетарий», «Белхало», «Белхалойн некъ»). Октябран революцил тӀаьхьа, 1917 шеран 27 октябрехь (9 ноябрехь) дуьйна, газет йуха а арадала доладелира «Бакъдерг» цӀе йолуш, РСДРП(б) ЦК меже санна.

…ТӀаьхьий-хьалхий дӀакъевлира «бакъдерг» газетан меттана йаьхкина («Белхало а, салти а», «Пролетарий», «Белхало») тхан партин зорбанан меженаш. Ши де хьалха Керенскийн правительствос сацам бира «Белхалойн Некъ» тӀепаза дайа». Амма хӀинца тӀепаза дайина Керенскийн Ӏедал, пролетарин-ахархойн революции йоккхайуьйш йу. Буржуазин-латтан дайн контрреволюции йухайолу низам доцуш. ХӀинца дуьйна оха къийсам дӀахьур бу «Бакъдолчун» ширачу байракхан кӀелахь»…

«Ширачу байракх кӀелахь» 1917 шеран 27 октябрера№170 (101) йолчу «Бакъдерг» газетера йаззам

Советийн зама нисйе бӀаьра

 

РСДБПРСДБП(б)РКП(б)
ЕКП(б)ССКП

  Партин истори
Октябран революци (1917)
ТӀеман коммунизм (1918—1921)
Керла экономикин политика (1921—1928)
Ленинан кхайкхам (1924)
Партин чуьра къовсам (1926—1933)
Сталинизм (1933—1953)
Хрущёвн йовхонаш (1953—1964)
Сацаран мур (1964—1985)
Хийцам (1985—1991)

  Партин кхоллам

  Партин куьйгалхой
В. И. Ленин (1903—1924)
И. В. Сталин (1924—1953)
Г. М. Маленков (1953)
Н. С. Хрущёв (1953—1964)
Л. И. Брежнев (1964—1982)
Ю. В. Андропов (1982—1984)
К. У. Черненко (1984—1985)
М. С. Горбачёв (1985—1991)

  Кхин:

РСФСР КП
Евсекци

 
«Бакъдерг», 1940 шеран 18 ноябрь. В. Молотовн А. Гитлерца а, И. Риббентропца а Берлине веинчу хенахь даьккхина сурт
 
ДӀалаьцначу мехкара немцойн газет «Бакъдерг» иза копи йара советийн «Бакъдерг» газетан, и санна деш дара.
 
Москох ларйархо газетаца, 1941 шеран ноябрь, А. Гаранинан сурт

1918 шарахь коммунистийн йоцу пресса дӀайаьккхинчул тӀаьхьа, мехкан коьрта газет хилира «Бакъдерг», оцу даржера дӀатеттира Советийн меже — «Хаамаш». Цуьнан хьалхара лоьмар арахецна де — 5 май «Зорбанан де» кхайкхийна.

1934 шеран майхь йиллира «Бакъдерг» газетан типографи — йаккхийчех полиграфин газетан-журналан предприяти, йан йолийнера 1931 шарахь[17].

Москохан а, Ленинградан дешархошн газет цхьана дийнахь кхачийтархьама, 1931 шеран июнехь дуьйна Москохан а, Ленинградан а йукъахь авиааса болхбан йолайелира, цуо Ленинграде кхачайора центран газетийн матрицаш, уггаре хьалха «Бакъдерг» газетан. Ленинградан кеманаш лелара муьлххачу хенан-хӀоттамехула. Асанехь болх беш йара «поштан звено» — мехкан уггаре дика пилоташ. И аса дӀайиллича дуьйна политикин ладаме пошт дӀакхачош дакъалоцуш вара пилот Л. Г. Краузе. Ишттачу кепара газетан матрицаш кхачайора мехкан кхечу типографешца.[18]

Технологеш кхиарца матрицаш типографе кхачо иэшар дӀа а даьлла, газет Москохара ССРС йаккхий гӀаланашка дӀадохьуьйтура фототелеграфаца.[19]

Газет правительствон идеологин некъаца нисса дара, масала — Молотовн — Риббентроппан пактаца барт бинчул тӀаьхьа, газето германин правительство йемала дар сацийна ца Ӏаш, цуьнан агӀонашна тӀера «фашизм» дош а дайра, оццу хенахь Ингалс, Франци, АЦШ кхайкхира «тӀом баккхарна коьрта бехкенаш»[20]. «Бакъдерг» газетан йаззамаш а, фельетонаш а правительствон сацамца йа суьдан кхелаца нислора[9]. «Бакъдерг» газето хӀун зорба тоха, хӀун ма тоха, сацам бора политбюрохь[9]. Дукхаха йолу идеологин кампанеш — стахановн болам, Зощенкон а, Ахматовин а йемалалла, «тайпа доцу космополитизмаца» къовсам, целинан эпопей — йолайелира «Бакъдерг» газето зорба тохарца[9].

Газетин тираж тӀекхетара, ткъа 1975 шарахь кхечира 10,6 млн экземпляре. Дукхаха дерг иза кхеталора ССКП декъахошна партин арахецарш йаздан декхарехь хиларна. «Бакъдерг» газето зорба тоьхна йаззамаш, очеркаш, фельетонаш, йерриг партин кхолламашна, берриг махкана кхочушдан а, куьйгалладан а омарш (директиваш) ду ала мегар ду.

«Бакъдерг» газетехь зорба тухура кадамаш, хьалхарчу агӀонан тӀера дешархошна хиира Ленин, Сталин, Брежнев, кхин берш баларх лаьцна. Иштта «Бакъдерг» газетан хьалхара агӀоно дийцира ССРС Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь баьккхинчу Толамах лаьцна, Гагарин Юрий космосе вахарх, кхин а дуккха а ладаме хиламех лаьцна.

1972 шеран 25 апрелехь[21] газет арадолура шина арахецарца, уьш лерина дара ССРС тайп-тайпанчу регионашна, сахьтан асанаш а, гергарчу типографешкара дӀакхачоран хан а лоруш (масала, Москохара Калининан областе кхачадора хьалхара арахецар, ткъа Москоха а, Москохан областе кхочура шолгӀаниг). Хьалхара арахецар зорбане куьг йаздаран график — москохан хенан 18:00, шолгӀаниг — 23:00. Арахецаран тӀаьхьарчу агӀонехь билггала гайтарал сов, арахецаршна кечдаран дакъолгашца маркировкаш йора: хьалхара арахецаран коьртехь а, колонтитулашкахь ромбикца ⯁ , шолгӀачун гуонца ● арахецаран коьртехь а, колонтитулашкахь. Российн пачхьалкхан библиотекин газетийн декъехь Ӏалашдеш ду хӀора дийнан шинне а газетан вариант.

Кхин долу советийн газеташ кӀирнаха 6-зза бен ца довлахьа а, арадолура хӀора дийнахь.

Москохахь зорба туху хьалхара а, шолгӀа а арахецаран коьрта тираж, йора газетан доларчу типографехь лакхара зорба а лелош, амма деккъа Москоханна тиражан цхьа дакъа хан мел йолу зорба тоха долийра офсетан хьесапца, цуо хаъал тодира суьртийн дикалла.

Спорт нисйе бӀаьра

1962 шарахь дуьйна дӀахьуш йара «Бакъдерг» газетан кросс, 1968 шарахь дуьйна «Бакъдерг» газетан совгӀаташна йайн атлетикера къийсамаш. 1988 шарахь «Бакъдерг» газетан кросс дӀакъевлинчул тӀаьхьа бан болийра «Бакъдерг» газет совгӀаташна кад.

Советел тӀаьхьара зама нисйе бӀаьра

1991 шеран 19 августехь «Бакъдерг» газет ЧХьПК сацамца дӀа ца къевлинчу исс газетан йукъахь дара[22].

22 августехь газет тӀаьххьара арадолу «ССКП ЦК меже» санна, коьртехь хӀоттийна бара Москохара хиламаш йемалбаран а, ССКП йукъараполитикин «Бакъдерг» газет хийцаран газетан редакцин кхайкхам. Оццу дийнахь газет арахецар сацийра Б. Н. Ельцинан омарца, ЧХьПКана гӀо лацарна.

1991 шеран сентябрехь газет арахецар карладоккху «йукъараполитикин газет» санна, иза арахоьцу къинхьегаман коллективо коьрта редакторан Селезнёв Геннадийн куьйгаллица. Оццу хенахь редакцегара схьадоккху «Бакъдерг» газетан ураман, 24 адресера редакцин гӀишлон чуьра шен чоьнийн доккхаха долу дакъа. РСФСР Ӏедало кхоьллина арахецаршна мукъайоккху гӀишлон масех гӀат, масала, «Российн газетана» а, «Росси» газетана а. Газетан урхаллин меже йина, Н. И. Рыжков коьртехь волуш редакцица цхьаьна кхоьллира Йукъараллин кхеташо.

1992 шарахь кхоьллира КъАЙ «Бакъдерг-Интернешнл», 1996 шо кхаччалц газетана ахча латтадо желтойн бизнесменаша ЯнникосгӀара. 1993 шеран 4 октярехь хилла хиламашал тӀаьхьа РФ Зорбмино йоцучу ханна йуха а сацийра газет арахецар. Оцу хенахь коьртачу редакторан харжамаш хилира (иза хилира Линник Виктор), тӀаккха 21 октябрехь «Бакъдерг» арахецар карладелира[23][24]. Оцу хенахь советийн «Бакъдерг» газетан редакторийн цхьа дакъа дехьаделира «Правда. Ру» интермаша-ресурсе[25]. Цара дийцарехь иза цара дира, Селезнёвс газетан редакцин аьттехьа «редакторийн лерина категори» бен ца йитар бахьнехь, тӀаккха газетах «хилира партин (РФКП) дуккха тиражан газет, цигахь ца хьахавора Зюганов а, Видьманов а бен»[26] «Правда. Ру» ресурсо кхин дӀа а лору ша советийн газетан бакъо йолу когаметтаниг[27].

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

Коьрта редакторш нисйе бӀаьра

 
Л. Б. Каменев «Бакъдерг» газет доьшуш. 1920-гӀа шераш
 
«Бакъдерг» газет 1950-гӀа шераш чекхдовлуш арахецар

ССРС йоьхначул тӀаьхьара коьрта редакторш нисйе бӀаьра

 
1939 шеран «Ваша Стёпа» мультфильмера сурт

ГӀарабевлла журналисташ нисйе бӀаьра

 
Российн къеначех штатан журналист Кожанов Николай (вина 1927 шарахь), «Бакъдерг» газетехь болх беш ву 1960 шарахь дуьйна.
Фото в редакционном кабинете, июнь 2015[32]

Газетан 100 шо кхачаран юбилейн лерина 2012 шеран 5 майра дезчу дийнан лоьмарехь, багарбина газетан исторехь лар йитина «Бакъдерг» газетан журналисташ а, авторш а[33][34][35][36][37]. «Правда» газетан гӀарабевлла журналисташ гайтина кхин а Москохан журналистийн берто 100 шо кхачарца декъала барехь[38].

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Категори ««Бакъдерг» газет» ца карийна.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 100 лет "Правде": газета, какой больше не будет (2012, 17 апрель).
  2. П. Е. Фокин, С. Князева. Серебряный век. Портретная галерея культурных героев рубежа XIX-XX веков.. — М.: Амфора, 2007. — Т. 3. — 568 с. — ISBN 978-5-367-00561-5.
  3. 1 2 А. Л. Семенова. Журнал «Правда» (1904—1906) и популяризация позитивизма (ru) // Вестник НовГУ : научно-теоретический и прикладной журнал. — № 10 (2010 г.). — С. 258—264. — ISSN 2076-8052.
  4. 1 2 А. Л. Семенова. Журнал В. А. Кожевникова «Правда» (1904—1906): искусство и политика (ru) // Вестник НовГУ : научно-теоретический и прикладной журнал. — № 72 (2013 г.). — С. 48—50.. — ISSN 2076-8052.
  5. Красный архив, Объёмы 17-19 Руссиан С. Ф. С. Р. Центральное архивное управление, Госполитиздат, 1926
  6. [http://grachev62.narod.ru/stalin/t5/t5_14.htm Сталин И. В. К десятилетию «Правды» (Воспоминания
  7. Заметка под названием У колыбели «Правды» в газете «Луганская правда» за 05.05.1927.
  8. Е. П. Прохоров. Введение в журналистику. — М.: Высшая школа, 1988. — С. 89. — 278 с.
  9. 1 2 3 4 5 6 Артем Кречетников 100 лет «Правде»: газета, какой больше не будет. BBC (4 мая 2012).
  10. Депутаты-большевики и легальная рабочая печать
  11. А.Бадаев. Большевики в Государственной Думе. 7 издание. М.:ОГИЗ, 1941.-С.319-320.
  12. Заметка под названием Путь «Правды» в газете «Луганская правда» за 05.05.1927.
  13. Н. Г. Полетаев на сайте Краеведы Черноморья(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 19 декабрехь. Теллина 2013 шеран 5 октябрехь.
  14. Фельштинский Ю. Брестский мир Архивйина 2008-05-03 — Wayback Machine
  15. 1 2 Пушкарёв С. Г. Ленин и Россия
  16. [http://lib.perm.ru/HISTORY/FELSHTINSKY/f17.txt(ТӀе цакхочу хьажорг) Ещё раз о немецких деньгах
  17. Экономическая жизнь СССРː Хроника событий и фактовː 1917-1965ː В 2-х кн. / Гл. ред. С. Г. Струмилин. — 2-е доп.. — М.: «Сов. энциклопедия», 1967. — Т. 1. — С. 268. — 440 с.
  18. Отпечатанный в Новосибирске экземпляр «Правды» от 14.07.1963, № 195 (16416), с. 8.
  19. Оксман М. И. Газета передана по фототелеграфу. М: Связь, 1969.
  20. Шпаковская С. В. Опыт и уроки советской печати («Бакъдерг» о блокаде Ленинграда) // Актуальные направления научных исследований XXI ВЕКА: ТЕОРИЯ И ПРАКТИКА : материалы VI Междунар. науч.-практ. конф. (Чебоксары, 27 сент. 2015 г.) / редкол.: О. Н. Широков [и др.]. — Чебоксары: ЦНС «Интерактив плюс», 2015. — № 4 (6). — С. 39—40. — ISSN 2412-0510
  21. «Бакъдерг» № 116 (19624) от 25.04.1972, с. 6.
  22. Постановление ГКЧП № 2, 19.08.1991
  23. Елена Струкова — Цензура в периодической печати
  24. Шумейко В. Ф. Министр на три месяца // Пельмени по протоколу. — М.: «Совершенно секретно», 2001. — 192 с. — («Коллекция „Совершенно секретно“»). — 3000 экз. — ISBN 5-89048-085-5. Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  25. Кеп:Британника онлайн
  26. Споры за право называть газету «Правдой» вынесены в суд. Первый канал (Россия) (23-10-2003). Теллина 2017 шеран 29 ноябрехь.
  27. «Правды» — нет. Есть — «Бакъдерг. Ру» Ответ Вадима Горшенина по поводу публикации колонки Маккейна
  28. Pravda | Gold Mercury International Award
  29. Кто стоял у истоков газеты «Бакъдерг»
  30. Кто редактировал «Правду» // Бакъдерг № 50. — 5 мая 2000 года.
  31. «Источник», приложение к журналу «Родина», 1993, № 0
  32. Старейшина журналистского цеха.
  33. 1 2 Без белых пятен — Газета «Правда».
  34. 1 2 Призвание на всю жизнь — Газета «Правда»
  35. Зеркало и прожектор Правды — Газета «Правда».
  36. В боях испытанная кисть — Газета «Правда».
  37. На страницах «Правды» — Газета «Правда».
  38. СЖМ: 5 мая 1912 года вышел первый номер газеты «Правда».(ТӀе цакхочу хьажорг)
  39. Интервью с Евгением Примаковым, бывшим с 1962 года собкором и обозревателем газеты «Правда» — Правда. Ру.
  40. 1 2 Клуб журналистов всех поколений КП — Наши утраты 2012—2014.
  41. Досье, люди: Чита и Забайкальский край — ИА ЗАБМЕДИА.
  42. Он как прежде выходит на охоту и стреляет точно в цель.
  43. Памяти товарища.
  44. Абхазия: трудная судьба. Архивйина 2012-10-16 — Wayback Machine
  45. Всеволод Овчинников к столетию газеты «Бакъдерг» — Бакъдерг. Ру.

Литература нисйе бӀаьра

Оьрсийн маттахь
  • Андронов С. А. Боевое оружие партии. Газета «Правда» в 1912—1917 гг., Л., 1962;
  • Правда (газета) / Андронов С. А., Цукасов С. В. // Плата — Проб. — М. : Советская энциклопедия, 1975. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 20).
  • Бережной А. Ф. Ленин — создатель печати нового типа (1893—1914 гг.), Л,, 1971;
  • «Правда» // Полупроводники — Пустыня. — М. : Большая российская энциклопедия, 2015. — С. 332. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 27). — ISBN 978-5-85270-364-4.
  • Газете «Правда» // «Правда», 05.05.1972
  • Дорогами дружбы. М., 1972.
  • Большевистская печать (революционная печать) / Ждановская З. В., Петропавловский Е. С. // Бари — Браслет. — М. : Советская энциклопедия, 1970. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 3).
  • Ильин А. А. Геннадий Зюганов. «Правда» о вожде. — М.: Алгоритм, 2005. — ISBN 5-9265-0171-7.
  • Ковалёв С. М. Большевистская «Правда», 1912—1914 гг. М., 1941
  • Кузнецов И. В., Фингерит Е. М. Газетный мир Советского Союза. Т. 1. М., 1972
  • Ленин В. И. Итоги полугодовой работы // Полное собрание сочинений. Т. 21. / 5 изд.
  • Ленин В. И. О реорганизации и работе редакции газеты «Правда» // Полное собрание сочинений. Т. 22. / 5 изд.
  • Ленин В. И. Рабочий класс и рабочая печать // Полное собрание сочинений. Т. 25. / 5 изд.
  • Ленин В. И. К итогам дня рабочей печати // Полное собрание сочинений. Т. 25. / 5 изд.
  • Ленин В. И. К десятилетнему юбилею «Правды» // Полное собрание сочинений. Т. 45. / 5 изд.
  • Ленин в «Правде». М., 1970;
  • Логинов В. Т. Ленинская «Правда» (1912—1914 гг.). М., 1972
  • Ольминский М. С. Из эпохи «Звезды» и «Правды» (Статьи 1911—1914 гг.). М., 1956
  • Страницы славной истории. Воспоминания о «Правде». 1912—1917 гг. М., 1962
  • Эпоха — газетной строкой. «Правда». 1917—1967. М., 1967.
Кхечу меттанашкахь

Хьажоргаш нисйе бӀаьра