Абдуллаев, Бахьаудин Юсупович

Абдуллаев Бахьаудин Юсупович Российн Федерацин Чоьхьара гӀуллакхийн министраллин белхало, милицин подполковник, кхелхина ШолгIа оьрсийн-нохчийн тIом болуш белхан декхарш кхочуш деш, Стогаллин орденан кавалер (веллачул тӀаьхьа).

Абдуллаев Бахьаудин Юсупович
Вина терахь 1960 шеран 26 февраль({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})
Вина меттиг Аялизимахи эвла, Сергокалински кӀошт, ДегӀастанан АССР, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 1999 шеран 2 сентябрь({{padleft:1999|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:2|2|0}}) (39 шо)
Кхелхина меттиг: Чабанмахи эвла, Шури-ГӀалин кӀошт, ДегӀаста, Росси
Пачхьалкх  ССРС
 Росси
Эскаран тайпа
БӀахойн дакъа РФ ЧГӀМ
ТӀемаш ШолгIа оьрсийн-нохчийн тIом
СовгӀаташ
Стогаллин орден

Биографи нисйе бӀаьра

Абдуллаев Бахьаудин Юсупович вина 1960 шеран 26 февралехь ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республикин Сергокалински кӀоштан Аялизимахи эвлахь. ТӀех дика чекхйаьккхина Сергокалински кӀоштара Урахи эвлан йуккъера ишкол. 1978 шарахь дӀавахара ХӀинжа-ГӀала, цигахь деша хӀоьттира ДегӀастанан пачхьалкхан университетан историн факультете. 1983 шарахь дешна велира, говзалла историн хьехархо а йолуш. Болх бира шен Аялизимахи эвлара ишколехь[1].

1987 шарахь Абдуллаев ССРС чоьхьара гӀуллакхийн меженашка балха хӀоьттира, волавелира зуламхой лахаран опервекалан даржера, некъ бира Каспийскан милицин гӀалин декъан хьаькаман гӀовсе кхаччалц. Иза йукъахь волуш иттаннаш зуламаш гучудехира, жоьпалле озийра дикка зуламхой[1].

Нохчийчуьра законехь боцу тӀеман кхолламаш ДегӀастанан Республикин махка чубаханчу хенахь Абдуллаев Каспийскехь вара. Шен белхан накъосташца цуо жигара дакъа лецира сепаратисташна дуьхьало йеш. 1999 шеран 2 сентябрехь Абдуллаевн тӀедиллира Каспийскан гӀалин милицин декъан белхалойн тоба, церан дезара Республика ДегӀастанан Шури-ГӀалин кӀоштара Чабанмахи эвла тӀемлойх цӀанйан. ГӀуллакх дан дезара цара милицин лерина гӀуллакхна хьажийна тобанца цхьаьна. Милицин лерина гӀуллакхна хьажийна тоба кӀелоне нисйелла, уьш дӀакъастийра шайн накъостех, каспийскера милиционераш царна гӀоьнна кхечира, гуон йукъахула бовла а хьевсина. Церан аьтту белира гуо баьстина маьрша баха ОМОН тӀемлой. Оцу тӀамехь Абдуллаев кхелхира[2].

Российн Федерацин Президентан омарца милицин подполковник Абдуллаев Бахьаудин Юсуповична веллачул тӀаьхьа совгӀат дина Стогаллин орденца[2][3][4][5].

Иэс нисйе бӀаьра

  • Абдуллаевн цӀарах цӀе йелла Каспийск гӀалара бульваран[6] и улица в Махачкале[7].
  • Абдуллаевн цӀе лелайо Республика ДегӀастанан Сергокалинскан кӀоштарчу Аялизимахи эвларчу ишколо[8].
  • Абдуллаевн а, оццу тӀамехь кхелхинчу Каспийскан чоьхьарчу гӀуллакхийн гӀалин декъан милицин белхалочун лахарчу сержантан Усманилаев Усманилавна а лерина гуттаренна иэсан мероприятеш йо[9].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Сулейманова Х. О. Мы помним! Мы гордимся! Газета «Учитель Дагестана». (2018 шеран 28 март). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 май.
  2. 1 2 «Вместе мы сильнее». Администрация города Каспийска. (2019 шеран 28 август). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 май.
  3. Торжественное собрание ко Дню сотрудников органов внутренних дел провели в ОВД Каспийска. Информационный портал РИА "Дагестан". ТӀекхочу дата: 2021 шеран 11 январь.
  4. Иса Муртузалиевич Улакаев, Б. Г. Алиев. Урахи и урахинцы (Xlурухъ). — Юпитер, 2004. — 640 с.
  5. Мурад Муратханов. Защитили честь Дагестана: 1999. — Эпоха, 2010. — 292 с. — ISBN 978-5-98390-081-3.
  6. Ахмед Ахмедов. Дагестан в час испытаний. Дагестанская правда (2019 шеран 3 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 8 январь.
  7. Постановление от 25 декабря 2012 года № 4426 «Об утверждении Положения об общегородском перечне наименований элементов улично-дорожной сети и иных территорий проживания граждан городского округа "город Махачкала"». docs.cntd.ru (2012 шеран 25 декабрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 8 январь.
  8. Указ Государственного Совета Республики Дагестан от 23.01.2001 № 18. Сейчас.Ру.. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 май.
  9. В Каспийске провели мероприятие «Дагестан в час испытаний». Республиканское информационное агентство «Дагестан». (2019 шеран 28 август). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 18 май.