Абрамова, Анастасия Ивановна

Абра́мова Анастаси́я Ива́новна1902 17 (30) июнь, Москох26 июнь 1985, циггахь) — оьрсийн балерина. РСФСР Хьакъдолу артист (1947).

Абрамова Анастасия
Абрамова Анастасия Ивановна
Йина терахь 1902 шеран 17 (30) июнь({{padleft:1902|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})
Йина меттиг Москох, Российн импери
Кхелхина терахь 1985 шеран 26 июнь({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (82 шо)
Кхелхина меттиг: Москох, ССРС
Корматалла: Балетан артист
Гражданалла:  Российн импери ССРС
Театр: Йоккхачу театр
СовгӀаташ:
Орден «Сийлаллин Билгало»
РСФСР Хьакъдолу артист — 1947

Биографи нисйе бӀаьра

Балетан емалчин, харц цӀе Трувит йолу, А. И. Абрамовн йиша. 1917 шарахь чекхйаьккхира Москохан хореографин доьшийла, цуьнан хьехархой бара В. Д. Тихомиров, Горский, Е. В. Гельцер, Е. О. Вазем. 1918 - 1948 шерашкахь болх бира Йоккха театрехь. Уггаре гӀарайаьлла хан еина 20-гӀа шерашна, оцу хенахь иза йара Йоккхачу театран коьртачу солистех цхьаъ. Абрамован халхар къасталуш дара ира говзаллица; башха дика нислора цуьнан сиха хелхаран боларш. Хьалхара коьрта парти

Кхин партеш:

Ж.Бизен «Кармен», А. П. Бородинан «Эла Игорь» оперийн хореографин сценашкахь кхоьллира къегина битаме васташ.

Жигара болх бира балетмейстерца К. Я. Голейзовскийца цуо куьйгалла дечу студехь. Студис дукха цӀераш хийцира йоцачу хенахь, амма уггаре йевзаш йерг, «Москохан камеран балет». Дукха гастролаш йира башха концертан лоьмаршца: «Прелюд» Рахманиновн, «Вальс» Крейслеран Рахманиновс тоярца, «Оьрси» Чайковскийн музыкица, кхин а). И болх битира 1948 шарахь.

СовгӀат дина «Сийлаллин Билгало» орденца (02.06.1937).

Литература нисйе бӀаьра

  • Ивинг В. П., А. И. Абрамова, М., 1928
  • Русский балет: Энциклопедия. — М.: Большая Российская энциклопедия; Согласие, 1997. — 632 с. — 10 000 экз. — ISBN 5-85370-099-1
  • Театральная энциклопедия в 6 т. Гл. ред. П. А. Марков. — М.: Советская энциклопедия