Гейнрих-Абра́мова Мари́я Мо́рицовна (бакъ фамили — Смирнова; 1864—1892) — оьрсийн актриса, антрепренёр. Перман фотографан М. Г. Гейнрихан а, Охански уездан Рождественнски заводера гӀуллакххочун йоьӀан Смирнова Елизавета Дмитриевнин къоталгӀайина йоӀ. Йаздархочун Д. Н. Мамина-Сибирякан шолгӀа зуда.

Абрамова Мария Морицовна
Йина терахь 1864 шеран 22 январь({{padleft:1864|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Йина меттиг Пермь, Российн импери
Кхелхина терахь 1892 шеран 22 март({{padleft:1892|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (28 шо)
Кхелхина меттиг: Петарбух, Российн импери
Гражданалла:  Российн импери
Викилармин логотип Абрамова Мария Морицовна на Викигуламехь

Биографи нисйе бӀаьра

Говзаллин сценан гӀуллакх долийна Пермехь. Ролаш ловзийра провинцин гӀаланашкахь, масала, Оренбург, Самара, Рыбинск, Саратов, Минск, Нижни Новгород, Таганрог, Мариуполь. Дукхаха дерг йара турпалхойн-романтикан актриса.

1889 шарахь шеретан хьоле бахам бисира. Оцу ахчанах Москохахь аренде ийцира Шелапутинан театр, цигахь кхоьллира долара театр «Абрамован театр» цӀе а тиллина. Оцу театрехь, ша Абрамова йоцуш, спектаклаш ловзош бара Н. Н. Соловцов, Н. П. Рощин-Инсаров, И. П. Киселевский, В. В. Чарский, Н. А. Мичурин-Самойлов, М. М. Глебова, кхин гӀарабевлла актёраш. Театро хӀиттийра Грибоедовн комеди «Хьекъалах бала», Гоголан комеди «Ревизор», цуьнан поэман «Делла синош» инсценировка, Островскийн комеди «ХӀора хьекъалчин тоъала чолхазалла»[1]. 1889 шеран 27 декабрехь кхузахь дуьххьара хӀоттийра А. П. Чеховн пьеса «Хьуьнан алмаз». 1889 шеран декабрехь дуьйна театр йу коьртехь Н. Н. Соловцов а, В. В. Чарский а волу «Оьрсийн драман артистийн йукъараллин» карахь, амма официалан театран хьалхалера цӀе йисира. 1890 шарахь театр йуьйхира банкрот хилла[2].

Театр дӀакъевлинчул тӀаьхьа 1890—91 шерашкахь ролаш ловзийра П. М. Медведевн екатеринбурган труппехь.

Уггаре дика ролаш: Медея (о.п. Суворинан а, Буренинан а), Василиса Мелентьевна (о.п. Островскийн а, Гедеоновн а), кхин а[3].

Йелла 1892 шарахь, дӀайоьллина Петарбухан Волковски кешнашкара Литераторийн тӀешкахь[4].

Доьзал нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • С. Колосова. Абрамова Мария Морицовна // Энциклопедический словарь псевдонимов. — 2009.
  1. А. П. Клинчин. Абрамова, Мария Морицевна // Театральная энциклопедия (под ред. С. С. Мокульского). — М.: Советская энциклопедия, 1961. — Т. 1.
  2. А. П. Чехов — Полное собрание сочинений в 30 томах. Примечания к 3-му тому писем
  3. Личности: АБРАМОВА Мария Морицовна. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 2 март.
  4. Могила М. М. Абрамовой на Волковском кладбище. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 2 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 15 июнехь