Абрамова, Татьяна Альбертовна


Абра́мова Татья́на Альбе́ртовна (йина 1975 5 февраль, Тюмень[3]) — российн театран а, кинон а актриса, йишлакхархо, телехьалхелелорг.

Абрамова Татьяна
Бакъ цӀе Абрамова Татьяна Альбертовна
Йина терахь 1975 шеран 5 февраль({{padleft:1975|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})[1][2] (49 шо)
Йина меттиг Тюмень, РСФСР, ССРС
Гражданалла:
Говзалла:
IMDb: ID 4657697
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Йина 1975 шеран 5 февралехь Тюмень гӀалахь, йина хан йалале кхелхира Нижневартовске. Татьянин нана химин а, биологин а хьехархо йара, да мехкдаьттан декъехь балхахь вара. Татьянин 4 шо йоккха йиша йу Елена. Масех шо даьлчи АбрамовгӀеран доьзал йухабирзира Тюмене, цигахь Татьянас чекхйаьккхира берийн музыкин ишкол[3].

Ишкол чекйаьккхинчул тӀаьхьа Абрамова деша йахара Москох, амма нисъелира Петарбухе, цигахь йисира. 1992 шарахь цуьнан актрисин дебют хилира Петарбухан «Суббота» театрехь, цигахь ролаш ловзийра 1996 шо кхаччалц. Кхузахь иза карийра «Таллар» фильман актёрийн ассистентан, цуьнан коьрта ролан Абрамован делира уггаре дика кинодебютан совгӀат кинофестивалашкахь Канадехь (1994) а, Ригехь а (1995)[3].

Йишлакхаран дебют хилира 1992 шарахь, дакъалецира эстрадан къовсамехь «Ӏуьйренан седа», ткъа 1994 шарахь араелира дебютан солон альбом «Кехат». Оццу шарахь дакъалецира къовсамехь «Ялта-Москох-транзит», цигахь шолгӀа совгӀат даьккхира, «Европа Плюс» радиостанцин ладогӀархойн безаман совгӀат, Пугачёва Аллин шегара совгӀат, кхин а дакъалецира «Славянийн базар» фестивалехь а, къоначеран «Петарбухан тхов кӀелахь» цӀе йолчу къовсамехь а. Хьалхелелорг йара цхьа могӀа телепрограммийн («Музыкин экзамен» а, «Шарман-шоу» а, РТР)[3].

1996 шарахь чекхйаьккхира Петарбухан гуманитарин профсоюзийн университет «драман театран актёр а, режиссёр а» говзаллица[3].

Дахар нисйе бӀаьра

Абрамова Татьяна марехь йара фотографехь а, операторехь а Кулишенко Сергейгахь, ши бер ду — Иван (вина 2004) а, Александр (вина 2008). 2014 шеран майхь мааре йахара актёрега Беляев Юрийга, иза вевзанера 2013 шарахь «Киношок» кинофестивалехь Анапехь[4].

Театр нисйе бӀаьра

  • «Сама ма даккха дижина жӀаьла» (Дж. Б. Пристлин «Кхераме гола тухийла) — Олуэн Пиил (реж. — О. Шведова)

Кхолларалла нисйе бӀаьра

Фильмографи нисйе бӀаьра

Фильмашкара ролаш нисйе бӀаьра

  1. 1994Таллар (кинора хьалхара роль)
  2. 2006Классан ловзаршЖанна (телефильм)
  3. 2007Мехах лаьцна хьоменигНина (телефильм)
  4. 2007Сан нана — Лайн-Аьзни (Украина, Росси) — Карина
  5. 2008Дерриг девзаш долчаьрца нисдаларОльга
  6. 2011Пенах чекх барт аларРоза Георгиновна, Пилсудский Виктор Павловичан секретарша

Телесериалашкара ролаш нисйе бӀаьра

  1. 2000Ростов-дадаСюзанна (сереш «КӀант», «Вавилон»)
  2. 2001Турецкийн марш 2наркоманка (сезон 2, сери «Дахаран мах — далар»)
  3. 2002Ши кхоллам (эпизод)
  4. 2002Даха дезаш дуЛюдмила
  5. 2002Хазаллин паччахь, йа ЧӀогӀа хала бералла (эпизод)
  6. 2002Буозбунчаллин хиламашБуозбунчаллин Екатеринин секретарь Люба
  7. 2003ПхоьалгӀаМарина# 2002ГӀургӀезийн Ӏоман къайленашТатьяна Степановна
  8. 2003Даиман ала «даима»Надя Кудряшова
  9. 2003ХӀордан седан кавалерашСветлана Бичуцкая
  10. 2003Буьхьиг шурийн чохьНадюха
  11. 2003Хелхарча«Дюймовочка»
  12. 2004 — Даиман ала «даима»-2 — Надежда Кудряшова
  13. 2004Иванов а, Рабинович аКлавка Иванова
  14. 2005ГӀургӀезийн ялсаманеЭмма
  15. 2005Шен стагВаря
  16. 2006Тангон мукъмехьИрина
  17. 2006 — Даиман ала «даима»-3 — Надежда Грозовская
  18. 2006Сталинан зудаАнна Аллилуева
  19. 2006Иван Подушкин. Талламан джентльменЛюси
  20. 2006Оьрсийн матте гочдарсекретарь Марина Рыжова
  21. 2007 — Даиман ала «даима»-4 — Надежда Грозовская
  22. 2007Ерриг цӀеххьашхаллаЕва Красовская, Сашин доттагӀ а, белхан накъост а
  23. 2006 — Иван Подушкин. Талламан джентльмен-2 — Люси
  24. 2007Доктор Селиванован дахарЛюбовь Васильевна Ковальсон (сери «Дерриг кӀезг-кӀезиг»)
  25. 2010Говзанчан тӀаьххьара къайлеВарвара Караваева
  26. 2011 — Даиман ала «даима»-7 — Надежда Грозовская
  27. 2012 — Даиман ала «даима»-8 — Надежда Грозовская
  28. 2012 — Даиман ала «даима»-9 — Надежда Грозовская
  29. 2013ГовзанчашЕлена Клюева
  30. 2014Алхимик. Фаустан эликсирВалентина
  31. 2007Сихха лоьмар чуНонна
  32. 2007Лаьхьа биерГалина
  33. 2009 — Даиман ала «даима»-5 — Надежда Грозовская
  34. 2010 — Даиман ала «даима»-6 — Надежда Грозовская
  35. 2010ГаражашКира (серия «Ирсе йоцу лоьмар»)

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Internet Movie Database (инг.) — 1990.
  2. Taťjana Abramova // ČSFD (чех.) — 2001.
  3. 1 2 3 4 5 Мартынов, 2012.
  4. Занимонец, Алла. Татьяна Абрамова и Юрий Беляев: «Мы встретились на Киношоке». Tele.ru (2016 шеран 6 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 10 сентябрь.

Литература нисйе бӀаьра

  • Актёры российского кино: 1986—2011. Биофильмографический справочник / Сост. Вл. Мартынов. — Москва : Канон-Плюс, 2012. — С. 6. — ISBN 978-5-88373-281-1.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра