Абухов, Константин Васильевич

кеманхо, Советский Союзан Турпал

Константин Васильевич Абухов (1904 шеран 21 май, Червлённи, Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика1945 шеран 1 март, Бранденбург) — кеманхо, 143-гӀа гвардин кеманан штурман Львовски полкан куьйгалхо, гвардин майор, Советски Союзан Турпал.

Константин Васильевич Абухов
Вина терахь 1904 шеран 21 май({{padleft:1904|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1945 шеран 1 март({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (40 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа военно-воздушные силы[d], Военно-воздушные силы СССР[d]
Дарж Майор, Советийн гварди[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Красного Знамени орден Красного Знамени

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1904 шеран 21 майхь Оьрза-ГӀалахь (Теркан область, таханлера Шелковскан кӀошт) гӀалгӀазкхи доьзаллехь. Цунна 6 шо кхаьчча иза да воцуш висира. 1918 шо дуьйна иза Владикавказехь вехаш вара. Цигахь иза училищехь доьшуш вара. 1920 шарахь цо ЦӀен эскарехь экспедитор болх бира. Цул тӀаьхаь цо чӀара лоцуш болх а бира, лецна нах ларбеш набахтехь болх а бира.

1922 шарахь иза деша вахара Азербайджанан эскаран школан дошлойн декъе. Цул тӀаьхьа цо дийшира 4-гӀа Курскан гӀашсалтин школехь а, 1-ра Ленинградан Склянски цӀарах йолу гӀашсалтин школехь а. 1926 шарахь даьшна ваьллачултӀаьхьа иза деша вахара ЦӀен эскаран ВВС Ленинградан эскаран теорин школе. И чекхйаьккхинчул тӀаьхьа иза деша вахара кеманхойн школехь. 1929 шарахь цо чекхйаьккхира Качински тӀеман кеманхойн школа.

Цуьнан тӀеман гӀуллакх доладелира бомбанаш етта авиацехь. Иза хилира кеманхо, Воронежан 11-гӀа авиацин бригадехь, Монинехь йолу 23-гӀа авиацин бригадехь. 1932 шарахь Абуховс куьйгалхо деш йолу отрядехь кема чудуьжийра. Цунна 2 шо хан туьхуьра. 1933—1934 шарахь иза Гена-Малхбалехь болх беш вара Ейскера хӀордан кеманхойн школех инструктор а, Липецкан лакхара кеман школехь отрядан куьйгалхо а.

1939 шо дуьйна Абухов доьшуш вара Куьйгалхойн а, штурманийн а ВВС эскаран академехь. Дешарца цхьане цо болх бира куьйгалхонан факультетан хьаькиман гӀонча. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабеллачул тӀехь цо болхбира ЦӀен Эскаран ВВС штабан оперативни отделан куьйгалхонан гӀонча. 1941 шеран августехь Абухов хӀоттийра Монголехь ойлу 17-гӀа армин 84-гӀа эина авиацин дивизин оперативни отделан куьйгалхо. Шина шарах иза Гена-Малхбалехь Ӏийра, 847-гӀа буьйсанна бомбашъеттачу полкан а, 967-гӀа штурман авиацин полкан а куьйгалхон болх беш. 1943 шеран декабрехь иза тӀамтӀе хьажийра.

Абухов 2-гӀа Украински фронтан 266-гӀа штурман авиацин дивизин 735-гӀа штурман авиацин полке дӀакхечира. Цигахь иза хӀоттира Ил-2 штурмовикий эскадрильин куьйгалхо. Цо дакъалецира Украинин аьтту хийистан къилба-малхбузе агӀо схьайоккхуш а, Молдавехь хилла Корсунь-Шевченковски а (1944 шеран 24 январь — 17 февраль), Уманско-Ботошански а (1944 шеран 5 март — 14 апрель) стратегин тӀелатаран операцишкахь. 1944 шеран маехь цунна йелира ЦӀен Байракхан орден. 1944 шеран июнехь иза хӀоттийра полкан куьйглахонан когаметтаниг.

1944 шеран 5 июль дуьйна цо тӀом бира 1-ра Украински фронтехь 2-гӀа хӀаваан армехь. Цо дакъалецира Львовско-Сандомирски стратегически операцехь (1944 шеран 13 июль — 29 август). Цу операцехь ЦӀен Эскаро маршайаьккхира Малхбузе Украина а, Малхбален Польша а. 1945 шарахь Абуховс дакъа лецира Сандомирско-Силезки а (12 январь — 3 февраль), Лахара Силезски а (8 — 24 февраль) тӀелатаран операцишкахь Польшин а, Германин а дозанехь.

1944 шеран сентябрь дуьйна Абухов полкан командир хӀоттийра. Цу шеран октябрехь а, ноябрехь а цунна йелира ЦӀен Байракхан орденаш. 1945 шеран февраль кхачале иза шен полкера накъосташца 64 кхиамца тӀемавелира мостагӀанна шортта зен деш.

1945 шеран 1 марехь Абухов Пфаффендорф цӀе йолу Германин гӀалин уллехь йолу Ӏалашон бомбанаш тухуш цуьнан кема мостагӀа зениткаш тоьхна чудаитира. Абуховс догуш долу кема мостагӀийн танкийн гуламе тӀе а хьажийн уьш хӀаллак а йеш велира. 1945 шеран 27 июлехь ССРС Лакхара Советан Президиуман омраца мостагӀан штурман тӀетохараш йеш гайтина йолу майраллина гвардин майоран Абухов Константин Васильевичан йелла Советски Союзан Турпалан цӀе (веллачул тӀехь).

Иза дӀавоьллина Люббен гӀалехь (Бранденбург латта, Германи).

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

Абухован йелла Ленинан ордена а (1945 шеран 27 июнь), кхоъ ЦӀен Байракхан ордена а (1944 шеран 18 май а, 7 октябрь а, 3 ноябрь а).

Дагахьлаттавар нисйе бӀаьра

Цуьнан цӀе тиллина Соьлжа-Г1алахь болу цхьана урамна (хьалхлера цӀе Горская). Иштта цуьнан цӀе тиллина Оьрза-ГӀалан № 1 йолу йуккъера школина. Цуьнан барельеф хӀоттина Соьлжа-ГӀалахь йолу Сийллалийн Аллейхь.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра