А́га — хьалауллу йа цӀенкъахь тахкош болу жимачу берийн маьнга.

Сурт «Аган йиш»
Рисс Ф.Н. 1886 ш. хьалха

Этимологи нисйе бӀаьра

Хьалха ага пхьеро дечу хенахь, дечиг огуш деш хилла. Ага дош "агар" бохучу дашах схьадаьлла.

Истори нисйе бӀаьра

Дайн ага дуцура сетташ йолчу дечигах, хьалауллура тхьовха мушца йа тӀийригца. Дуьнен тӀе даьлчи хенара дуьйна тахкош долу бера, тӀаьхьа гаьнгали тӀехь техкош, ша-кепара бер чӀагӀдора: техкийначу берех хилла овхӀошна хӀордан цамгар ца кхетара. ТӀаьхьуо хьалауллуш пуржен лелон йолийра. ХӀинцалера аганаш до таьллангех, дечигах, пластмассашха.

Конструкци нисйе бӀаьра

XIX бӀешарахь ага хуьлура: маьӀгаш тӀиера хьалаоьллина гата тоьхна гуранаш; хьалаоьллина тускар[3][4][5]), когаца тахкадойла а долуш; гоьрга гӀоьнаш тӀиера ага[6].

Аганийн кепаш нисйе бӀаьра

  Арахьара суьрташ
  хӀинцалера лелаш долу ага электронийн тахкоран системица
  ХӀинцалера ага ахгоьрга когаш тӀехь
  Ага-тускар электронийн тахкоран системица
  Берийн маьнга электронийн системица а, цӀалкан тахкоран механизмаца

Ага девза массо а къаьмнашна. Ага до тайп-тайпана гӀирсах: дечигах (аьгна, аннийн аганаш), дакан серех, цӀуоканах, чкъоьрех, муьшех (гаьнгалин-ага). Аганаш хуьлу тахкош а, хьалауллуш а.

Бер тахкадар нисйе бӀаьра

Ламастехь Ӏадат хилла долу бераш тахкадар, уьш совцорхьама а, набкхетийтархьама а, цхьаболчу талламхоша а, лоьраш а (масала Спок Бенджамин) лору, бер тахкадар, дукха а, чехка а хӀетте, берийн могашаллин зулам до, ма-дарра аьлчи цуьнан вестибуляран аппаратан а, психологин кхиаран а[7][8], ткъа иштта доьзалера йукъаметтигашна а[9][тешам боцу хьост?][10][11].

Ага исбаьхьаллехь нисйе бӀаьра

Хьажа иштта нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Фотогалерея музея и петроглифов Архивйина 2016-04-19 — Wayback Machine .
  2. Традиции и обычаи нанайцев Архивйина 2017-08-23 — Wayback Machine, Информационный портал о России «СТРАНА ТЫСЯЧИ НАРОДНОСТЕЙ».
  3. Кузовок, Малый академический словарь. — М.: Институт русского языка Академии наук СССР Евгеньева А. П. 1957—1984.
  4. Кузов, Малый академический словарь. — М.: Институт русского языка Академии наук СССР Евгеньева А. П. 1957—1984.
  5. Кузов, Толковый словарь Ушакова.
  6. КОЛЫБАТЬ, Толковый словарь Даля. В. И. Даль. 1863—1866.
  7. Кроватка-качалка вредна для малыша?, 10.06.2009 г., Анна ГЕРАСИМЕНКО, «Комсомольская правда» (Интервью с Еленой Мяукиной, неврологом Детской поликлиники Управления делами президента России).
  8. Спорный вопрос: полезны ли качания для детей и взрослых?(ТӀе цакхочу хьажорг), 13.03.2016 г., Юлия Кабанова, «mamochki.by».
  9. Как приучить ребенка засыпать без укачивания. Качать или не качать?, Статья с видеосюжетом из передачи Комаровского Е. О. (детский врач, кандидат медицинских наук, врач высшей категории и телеведущий) «Школа доктора Комаровского».
  10. Укачивание все-таки вредно или не вредно? Архивйина 2016-04-10 — Wayback Machine, Комаровский Е. О., 05.02.2014 г.
  11. Укачивание. Архивйина 2016-04-19 — Wayback Machine, Комаровский Е. О., 26.02.2010 г.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра