Гога Григорьевич Агамиров (1916 шеран 18 август[1], Соьлжа-ГӀала, Терски область[1]1997 шеран 12 апрель, Воронеж) — кеманхо, полковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Гога Григорьевич Агамиров
Вина терахь 1916 шеран 18 август({{padleft:1916|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})[1]
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1997 шеран 12 апрель({{padleft:1997|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (80 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа Авиация дальнего действия СССР[d][1]
Дарж полковник[d][1]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза орден Ленина орден Красного Знамени орден Красного Знамени орден Красного Знамени орден Александра Невского орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды орден Красной Звезды орден Красной Звезды медаль «За боевые заслуги» медаль «Партизану Отечественной войны» I степени медаль «За оборону Ленинграда» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «Ветеран Вооружённых Сил СССР» медаль «За безупречную службу» I степени орден Партизанской звезды

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1916 шеран 5 (18) августехь Соьлжа-ГӀалахь (Терски область) аьрмлойн белхалон доьзаллехь[2][3]. 9 класс чекхйаьккхинчул тӀаьхьа иза «Грознефтехь» токарь болх бан волавелира. 1937 шарахь цо Балашовехь йолу Граждански хӀаваан флотан кеманхойн школа чекхйаьккхира. Цул тӀаьхьа цо граждански авиацин кеманхо болх бира. 1940 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира.

1942 шеран июнь дуьйна иза Малхбузан фронтан 1-ра хӀаваан армин Шатайпа малхбузан тобанан кеманийн отрядан куьйгалхо вара.

1944 шеран октябрь кхачале капитан Агамировс 4-гӀа гвардин генара авиацин корпусан 5-гӀа гвардин генара авиацин дивизин 337-гӀа генара авиацин корпусан куьйгалхо а деш 218 кхиаме тӀеман тӀемавалар кхочушдира[2][4][5]. Цо къорге мостагӀан тылехь йолу объектанашна бомбанеш тӀейиттира, партизаншна тӀеман гӀирсаш а, яахӀума а, шатайпа кираш а дӀакхихьира. Иштта цо Югославин халкъан паргӀатонан хьашташ лерина къаьстина лараме тӀедилларш кхочуш деш 44-зза тӀемавелира[4][5][6].

1944 шеран 5 ноябрехь ССРС Лакхара Советан Президиуман омраца капитанан Гога Григорьевич Агамирован йелла Советски Союзан Турпалан цӀе[2].

ТӀом чекхбеллачул тӀаьхьа Агамиров советски тӀеман авиацехь болх беш сецира. 1953—1957 шерашкахь иза вара Новгородски областехь Сольцы гӀалахь йолу 840-гӀа йеза бомбанаштухуш йолу авиацин полкан куьйгалхо. 1957 шарахь цо чекхйаьккхира Эскаран хӀаваан академин эпсарийн говзалла шарйаран курсаш. Цул тӀаьхьа иза хӀоттийра Воркутахь йолу полкан куьйгалхо а, Воркутан гарнизонан хьаьким а[2].

1972 шо дуьйна иза тӀаьхьалоне ваьккхира. Кхано иза Воронеже дӀавахар. Циггахь иза велира 1997 шеран 12 апрелехь. ДӀавоьллина Воронежехь Лесной кешнашкахь[2].

Дагахьлаттавар нисйе бӀаьра

2010 шеран 8 майхь Соьлжа-ГӀалахь «Силаллийн Аллейхь» схьайиллира Агамирован лерина хӀоттийна барельеф а, мемориалан у а.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 4 5 6 7 Армянская советская энциклопедия (арм.) / под ред. Վ. Համբարձումյան, Կ. ԽուդավերդյանՀայկական հանրագիտարան հրատարակչություն, 1974.
  2. 1 2 3 4 5 герои советского союза
  3. Энциклопедия фонда «ХайАзг»
  4. 1 2 биографическая энциклопедия
  5. 1 2 ВВС РФ. Кто есть кто
  6. Агамиров, Гога Григорьевич // Большая русская биографическая энциклопедия (электронное издание). — Версия 3.0. — М.: Бизнессофт, ИДДК, 2007.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра