Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци

АФФА — Азербайджа́нан футбо́лан федера́цийн ассоциа́ци (азерб. Azərbaycan Futbol Federasiyaları Assosiasiyası, AFFA) — Азербайджанехь футболан терго а, урхалла ден кхоллам. Штаб-квартира Бакохахь йу. Болх беш йу регионийн офисаш. ДӀакхоьхьу къоман чемпионат, мехкан кад, суперкад, мехкан гулйина командин ловзарш. Йерриг футболан гӀодеш, кхиош, гӀарайоккхуш болх дӀабохуьйту. АФФАс лелош йу суьдхойн корпус. Азербайджанан арбитрийн декъан председатель ву Мамедов Хагани.

Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци
азерб. Azərbaycan Futbol Federasiyaları Assosiasiyası
Логотипан сурт
Кхоьллина 1992
ФИФА юкъаяхана 1994
Президент Азербайджанан байракх Ровнаг Абдуллаев
Гулйина командин тренер Италин байракх Джанни Де Бьязи
Сайт affa.az
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Истори нисйе бӀаьра

 
Бакохара АФФАн административан гӀишло

Хьалхара футболан клубаш йан йолийра 1905 шарахь. И командаш дукхаха дерг йара Бакохан йаккхийра мехкдаьттан промыслан компанийн.

Хьалхара официалан чемпионат дӀайаьхьира Бакохахь 1911 шарахь, толамхо хилира Ингалсан мехкдаьттан компанин «Британин клуб» цӀе йолу команда.

1912 шарахь Бакохан футболистех вовшахтоьхна азербайджанийн команда левзира хьалхарчу дуьненайукъарчу матчехь Тиблисехь, «Сокол» командин дуьхьала, толам а баьккхира 4:2 чоьтаца.

1929 шарахь Азербайджанан гулйина командо дӀадаьхьира шайн хьалхара доттагӀаллин ловзарш Иранан гулйина командица ТехӀранехь, массо а матчашкахь туьйлира йоккхачу чоьташца — 4:0, 4:1, 11:0.

1991 шарахь маьрша йаьллачул тӀаьхьа, 1991 шеран мартехь кхоьллира АФФА — Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци. 1991 шарахь АФФА дӀаийцира УЕФА а, ФИФА а йукъа. Оццу шарахь гулйина команда ловза йолаелира 1996 шеран Европин чемпионатан харжаман матчашкахь.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра