А́зи — уггаре доккха Дуьненан дакъа, мехкаца а, бахархойн барамца. Кхуллу Европица цхьаьна Еврази материк. Майда (гӀайренашца цхьаьна) — 43,4 млн км² гергга[2]. Бахархой — 4,3 млрд стаг (2012) (60,5 % Дуьненан бахархойх). Ази хӀинца йу дуьненахь уггаре йоккха кхуьу регион[3].

Ази
Ази эхиган картин тӀехь
Ази эхиган картин тӀехь
Мохк44 579 000 км²
Бахархой4 560 667 000[1] стаг
Йукъахь йу49 (+5 цхьаццамма къобалйина) пачхьалкхаш
Йозуш йолу пачхьалкхашАкротири а, Декели а, Британин Мохк ХӀиндин Ӏапказ чохь, Рождествон гӀайре (Австрали), Кокосан гӀайренаш, Гонконг, Макао 
МоттАзин меттанаш 
Интернет-доменаш.asia 
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ЦӀе схьаялар нисйе бӀаьра

Хеттийн муьрехь Жима Азин къилбаседа-малхбузен декъехь лаьттина Ассува паччахьалла[4]. Хетташа царна тӀехь баьккхина толам хьахийна Тудхалия IV-гӀачун паччахьан анналашкахь. Желтойн эпосехь и паччахьалла гойту, трояхойн бертахоца, паччахьан Асийн вастехь. Асия цӀе желтойн мифологехь лелайо Океанидас, Пхьарматан зудчо, цунах, мифологин ламастаца, дуьненан декъан цӀе схьайаьлла. Геродотан заманахь дийнна дуьненан декъан Асиян (Азия) цӀе лелор йукъара тӀеэцна дара желтойн.

Хьал а, латтар а нисйе бӀаьра

Материкан Ази лаьтта коьртаниг малхбален (Чукоткин ахгӀайре йоцург) а, къилбаседан а эхигашкахь. Африкица Ази йихкина Суэцан лого, Къилбаседа Америкех иза къастийна готта Беринган хидоькъе.

Европин а, Азин а йукъара доза нисйе бӀаьра

 
Дуьненайукъара Географин Йукъаралло лелош долу Европин а, Азин а доза («A» элпаца[5], кхечу элпашца билгалайаьхна дӀатеттина варианташ). Цхьадолу хьосташа(масала, америкин) хӀинца а леладо «B» а, «F» а элпашца долу дозанаш[6].

Оцу дуьненан дакъошна йукъара дуьххьарлера дозанаш билгалдаьхна Шира Желтойчоьнан муьрехь. Тардолийта, уггаре хьалха дуьне Европин а, Азин а декънарг хила ширажелтойн географ Гекатей Милетан: шен «Дуьне гайтар» белхан чохь цуо царна йукъахь доза даьккхина Фасис эркца (Риони эрк Гуьржийчуьра) а, Латтайуккъера хӀордца а[7]. Европин а, Азин а йукъарчу дозанийн бала кегийна ширажелтойн Ӏилманчаша, масала, Геродот, цуо билгаладоккхура дуьненан кхо дакъа (Европа, Ази, Ливи)[8], Фукидид, Изократ, Полибий (Европин а, Азин а йукъара доза билгалдаьккхина шен «Йерриг йукъара истори» белхан чохь Танаис эркаца (Дон)[9]), Страбон («Географи» белхан чохь доза даьккхина Танаисца[9]). Шен рогӀехь, шираруман йаздархочо Плиний Воккхахаволчо шина декъана йукъара доза билгалдаьккхина Понтан а, Каспийн а (Кавказан лаьмнаш) лаг, Боспор Киммерийн (Керчан хидоькъе) а, Меотидица а (Азов-хӀорд)[9].

XVIII бӀешо кхаччалц Европин а, Азин а йукъара доза доккхура Азовн хӀордаца а, Донца а, шеконе ца дуьллура, тӀечӀагӀдора цхьа могӀа белхашкахь: Козьма Индикопловн (VI бӀешо), Бельский Марцинан (1550 год), Меркатор Герардан (XVII бӀешо), Ломоносов Михаилан (XVIII бӀешоа). Амма оцу хенахь йара кхин ойланаш. Масала, йуккъера бӀешерийн Ӏаьрбийн хьосташа лорура Европин малхбален доза Ийдал а, Кама[10] а.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. World Population Prospects - Population Division - United Nations. https://population.un.org. ТӀекхочу дата: 5 декабрехь 2019.
  2. Кравчук П. А. Ӏаламан рекордаш. — Л.: Эрудит, 1993. — 216 с. — 60 000 экз. — ISBN 5-7707-2044-1.
  3. Цзэн Цинхун: Китай намерен вместе со странами Азии более тесно поддерживать взаимное сотрудничество
  4. История Древнего Востока. Кн.1. Ч.2. С.149, 188
  5. Уралан лаьмнийн а, Мугоджарийн а малхбален кӀажошкахула, Эмба эркца, Каспий-хӀордан къилбаседа бердашца, ГӀуман-Манычан чутаӀен чухула, Керчан хидоькъен чухула.
  6. Уралан хи доькъу дукъца, Урал эркца, Кавказан дукъца.
  7. Чубарьян, 2005, p. 31.
  8. Чубарьян, 2005, p. 31—33.
  9. 1 2 3 Чубарьян, 2005, p. 34.
  10. Чибилёв А. А. Евро-Азиатская граница: история вопроса и современные представления. Русское Географическое Общество. ТӀекхочу дата: 19 мартехь 2012. Архивировано из оригинала 19 мартехь 2012 года.

Литература нисйе бӀаьра

  • Bhagwat S.B. Foundation of geology. — Global Vision Publishing Ho, 2009. — Т. 1. — 218 с. — ISBN 8182202752.
  • Duka C. World Geography. — Rex Bookstore, Inc., 2007. — 218 с. — ISBN 971234696X.
  • Кондрашов А. П. Новейшая книга фактов: для самых умных и любознательных в вопросах и ответах : в 3-х томах. — RIPOL classic, 2008. — Т. 1. — 494 с. — ISBN 538600347X.
  • Чубарьян А. О. Российский европеизм. — М.: ОЛМА-ПРЕСС, 2005. — 416 с. — ISBN 5-224-05369-2.
  • Азия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • Display Maps. The Soil Maps of Asia. European Digital Archive of Soil Maps – EuDASM. ТӀекхочу дата: 26 июлехь 2011. Архивировано 12 августехь 2011 года.
  • Asia Maps. Perry–Castañeda Library Map Collection. University of Texas Libraries. ТӀекхочу дата: 20 июлехь 2011. Архивировано 18 июлехь 2011 года.
  • Asia. Norman B. Leventhal Map Center at the Boston Public Library. ТӀекхочу дата: 26 июлехь 2011. Архивировано 29 сентябрехь 2011 года.
  • Bowring, Philip. What is Asia? // Eastern Economic Review. — 1987. — 12 февралехь (т. 135).