Аксёнова, Галина Владимировна

Аксёнова Гали́на Влади́мировна (йина 1960 23 мартехь; Москохахь) — российн историк, историн Ӏилманийн доктор, доцент, йаздархо, публицист. Цхьа могӀа Ӏилманан-кхетаме жайнийн, монографийн, оьрсийн исбаьхьалчийн биографийн автор, ткъа иштта 200 сов йаззамаш зорба тоьхна муьран арахецаршкахь, 1986 - 2015 шерийн муьрехь, царна йукъахь цхьа могӀа хьехархойн практикехь лелон дешаран-методикан а, Ӏилманан а белхаш, ткъа кхин а йаззамаш ЕАК докторийн диссертацийн коьрта Ӏилманан жамӀаш зорба тоха магийна арахецаршкахь. Москохан «Российн пачхьалкхан истори» журналан редколлегин декъашхо.

Аксёнова Галина Владимировна
Йина терахь 1960 шеран 23 март({{padleft:1960|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (64 шо)
Йина меттиг Москох
Пачхьалкх
Ӏилманан кхоче истори
Ӏилманан дарж историн Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе доцент
Альма-матер
Ӏилманан куьйгалхо В. Г. Тюкавкин
Воьвзу сана историк

Биографи нисйе бӀаьра

Аксёнова Галина йина 1960 шеран 23 мартехь Москохахь, белхалочун доьзалехь. 1982 шарахь чекхйаьккхира Москохан хьехархойн пачхьалкхан В. И. Ленинан цӀарах институтан историн факультет «Истори а, йукъараллаӀамор а» говзаллица. Хьехархо болх бира ишколехь. Цул тӀаьхьа ССРС пачхьалкхан В. И. Ленинан цӀарах библиотекан куьйгайозан декъехь (1992 шарахь дуьйна ― Российн пачхьалкхан библиотека) лакхара Ӏилманан белхахочун даржехь.

1992 шарахь В. И. Ленинан цӀарах ХьПУ Аксёновас чекхдаьккхира кандидатан диссертаци, тема «Нижегородски Ийдалйистан халкъан жайнан оьздангалла, XIX бӀешеран чаккхе ― XX бӀешеран йуьхьиг»[1] йолуш, говзаллица ― Даймехкан истори. 1999 шарахь дуьйна хьеха йолайелира оцу университетан историн факультетехь. 2011 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци, тема «Жайнийн гуламаш а, XIX ― XX бӀешаран йуьххьера оьрсийн куьйга йаздина жайна: хьост Ӏаморан а, историографин а анализан теоретикан-методологин а, прикладни а баланаш»[2]. 2013 шарахь МХьПУ «ФПБДМ ЛГД догӀу дешаран кхиамийн мах хадоран баллан-рейтинган системан проекташ йар» программица квалификаци хьалайаьккхира, ткъа шолгӀачу 2014 шарахь кхечу программица ― «Ийна дешарна LMS Moodle таронаш лелор».

Аксёнован говзаллин марзонаш шуьйра йу ― православин оьздангаллин истори, XIX ― XX бӀешерийн йуьхьиган Российн истори, оьрсийн хатӀ, XIX бӀешеран жайнин оьздангалла, кодикологи, палеографи, кхин а.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • Москохан а, ерриг Российн а сийлахьчех патриархан Алексий II грамота (1997) — ша ца кхоош, Керстан Килсан беркатна, синмехаллин дешаран гӀуллакхехь къахьегарна.
  • МПХьИ 2-гӀа тегӀанера диплом (2002) — йелла 2-гӀа тӀегӀан Лауреатан цӀе — уггаре дикачу гуманитарин цӀекхлон Ӏилманан белхан къовсамехь — дешаран жайна «Российн истори. XIX бӀешо» (2001).
  • Жайнаш арахецараллин ассоциацин (ЖАА) диплом а, совгӀат а 2003 шеран (2003) — жайна «Кутепов Н. И. Сийлахь Элин а, Паччахьан а таллар Русехь» (2002) арахецаралле кечдарна, арахецарна а.
  • МПХьИ 2-гӀа тегӀанера диплом (2002) — йелла 2-гӀа тӀегӀан Лауреатан цӀе — уггаре дикачу гуманитарин цӀекхлон Ӏилманан белхан къовсамехь — дешаран жайна «Российн истори. XIX бӀешо» (2001).
  • Жайнаш арахецараллин ассоциацин (ЖАА) диплом а, совгӀат а 2003 шеран (2003) — жайна «Кутепов Н. И. Сийлахь Элин а, Паччахьан а таллар Русехь» (2002) арахецаралле кечдарна, арахецарна а.
  • ЖАА диплом а, совгӀат а 2003 шеран (2003) — жайна «Преподобни Сергийн Радонежскин, Ӏаламаташ дечун, дахар: Троице-Сергиевн Лаврера Ризницера, баьхначеран йаххьийн миниатюрийн, XVI бӀешеран чеккхенгара, гулам» (2003, довзийтаран йаззам а, комментареш а).
  • Российн Йаздархойн бертан, Российн Литературин Фондан, «Российн керла жайна» журналан, ИИПК «Ихтиосан» «Империн оьздангалла» совгӀат (2004) — «Оьрсийн баьччаш» жайна йаздарна (В. А. Волковца цхьаьна)
  • Дерриг дуьненан оьрсийн халкъан гуламан, Российн Йаздархойн бертан, Ерригроссийн «Бородински гуьйре» фестивалан диплом (2007) — «Российн тӀеман аре» гайтам беш болх барна, фестиваль «Бородинон аре» йечу хенахь гӀо дарна, оьрсийн историн ларлуш йукъаметтиг хиларна.
  • Ерригроссийн историн-литературин «Александр Невский» совгӀат (2009) — Российн историн тӀаьхье а, цуьнан турпалхойн иэс а лардаран гӀуллакхан декъан, лакхара синмехаллин а, гражданийн а агӀо лацарна.
  • СовгӀат (2009) — «Оьрсийн хатӀ: Солнцев Фёдоран похӀма» жайнин.
  • Российн исбаьхьаллин академин «Хьакъ долчун» Дешин Мидал (2010)
  • Митрополитан Крутицки а, Коломенски а Ювеналийн грамота (2010) — синмехаллин-оьздангаллин серлонан а, дешаран а аренашкахь даггах къахьегарна.
  • Епископан Якутийн а, Ленин а Романегара (Лукинегара) архиерейн грамота (2015) — Делан гӀуллакхехь къахьегарна.

Аксёнова Галинин хаьржина библиографи нисйе бӀаьра

  • Молитвослов княгини М. П. Волконской работы академика живописи Фёдора Солнцева (М., 1998. — 445 с., ISBN 5-7471-0010-6) — составление, вступление, публикация текста и комментарии.
  • Иллюстрированная хроника России (М., 2001. — 815 с., ISBN 5-17-015936-6) — в соавторстве с В. А. Волковым.
  • Заказчики и читатели рукописных книг конца XVIII — начала XX веков (М., 2001. — 236 с., ISBN 5-85810-041-1)
  • Житие преподобного Сергия, Радонежского чудотворца: Миниатюры из лицевого жития конца XVI века собрания Ризницы Троице-Сергиевой Лавры (М., 2003. — 316 с., ISBN 5-89709-008-4) — составление, вступительная статья, комментарии.
  • Русские полководцы (М., 2004. — 208 с., ISBN 5-17-021766-8) — в соавторстве с В. А. Волковым.
  • Русский книжный стиль. Этюды о книгах и книжниках (М., 2004. — 288 с., ISBN 5-89709-012-2)
  • Русский стиль: Гений Фёдора Солнцева (М., 2009. — 392 с., ISBN 978-5-387-00083-6)
  • Русская рукописная книжность в историко-культурных процессах конца XVIII — начала XX веков (М., 2010. — 256 с.)
  • Русская книжная культура на рубеже XIX—XX веков (М., 2011. — 200 с., ISBN 978-5-4263-0063-7)
  • Андрей Рябушкин (М., 2012. — 96 с., ISBN 978-5-404-00297-3)

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра