Аку́лова Ири́на Григо́рьевна (йина 1951 шеран 8 июнехь Кинешмехь) — советийн а, российн а театран, кинон актриса. РСФСР Хьакъдолу артист (1986)[2].

Акулова Ирина
Акулова Ирина Григорьевна
Йина терахь 1951 шеран 8 июнь({{padleft:1951|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})[1] (72 шо)
Вина меттиг Кинешма
Корматалла: актриса
Гражданалла:
Жигара шераш: 19701997
Театр:
СовгӀаташ:
РСФСР Хьакъдолу артист — 1986
IMDb: ID 0015601

Биографи нисйе бӀаьра

Йина Ивановн областера Кинешмехь 1951 шеран 8 июнехь провинцин артистийн АкуловгӀеран Григорийн а, Нинин а доьзалехь. Шен 17 шо кхочучу хенахь шен деца, ненаца хийцина ворхӀ гӀала[3].

Стерлитамак гӀалахь ишкол чекйаьккхина, Москоха дӀа а йахана, сихха деша хӀоьттира МИАТ ишкол-студе Массальский Павлан курсе.

Дебют хилира 1971 шарахь «Современник» театрера «Валентин а, Валентина а» спектаклехь. Оцу спектаклех олура «дебютийн Ӏида». Драматурган Рощин Михаилан, хӀотторхочун Фокин Валерийн, коьрта ролаш ловзочарна Райкин Константинан а, Акулова Иринин а, — массарна а иза хилира, дуьххьарлера бакъ йолу спектакль. Ма-аллара, «Ӏуьйрана гӀарадевлла самдевлира»[4].

«Современникехь» болх дукха ца бира, 1974 шарахь Ефремов Олега дӀаийцира иза МИАТан труппе кхин тӀе зиен а ца зуьйш. Театрехь болх бечу хенахь ловзийра 49 коьрта а, коьртачун уллера а ролаш. МИАТ екъначул тӀаьхьа 1987 шарахь дехьаелира Доронина Татьянин куьйгаллера труппин декъе, цуьнца ца таръелла 1993 шарахь йитира театр[3]. Иштта кинош йохучура а сецира, цхьаьна хенахь болх беш Ӏийра дозанал арахьара фильмашна аз деш.

1970—1980-гӀа шерашкахь дукха болх бира радиохь, дакъа лецира радиохӀиттамашкахь (Маргарита А. Дюма-кӀентан «Дама камелешца», Флоранс Р. Томан «Ша висинчу стеган гур», кхин дуккха а), байташ а, проза а йоьшура.

Шен дахар нисйе бӀаьра

Кхузза марехь хилира.

Хьалхара майра Жолобов Вячеслав вевзира МИАТ ишкол-студин хьалхарчу курсехь, 1972 шарахь церан кӀант Дмитрий хилира, амма дукха хан йаллале уьш къаьстира.

МИАТан артистаца Смидович Петраца (П. Смидовичан кӀентан кӀант) иза ехира кхо шо гергга.

ТӀаьхьарчу майранца Пузырёв Николайца хилла маре а дуьйхира[3].

Аз дарехь белхаш нисйе бӀаьра

ЦӀе а, фильм арайаларан шо а Роль Актриса Дубляжа студи Шо
Берзана безам[fr] (1981) Клер Марлен Жобер М. Горькийн цӀарах киностуди 1987
Берд аьтту, берд аьрру (1984) Александра Вернакис Натали Бай М. Горькийн цӀарах киностуди 1988
Деха къастар (1985) Сундари Надия Моиду А. Довженкон цӀарах киностуди 1988
КӀайн саьрмаках туьйра (1986) ГӀам Альта Ди Уоллес-Стоун М. Горькийн цӀарах киностуди 1989
ЙоӀ йезайелла стаг (1987) Сьюзан Эллиот Джейми Ли Кёртис М. Горькийн цӀарах киностуди 1989
ЧӀиранна хьогалла (1988) Нандини Сону Валия М. Горькийн цӀарах киностуди 1990
Турпал Хиралал (1988) Ситара Дэви Дипа Сахи М. Горькийн цӀарах киностуди 1990
Кхел йинарг (1989) Яшода Бозе Нутан Союзмультфильм 1991
Экха 2 (1990) Леона Кантрелл Мария Кончита Алонсо М. Горькийн цӀарах киностуди 1993
Шиндлеран исписка (1993) Эмилия Шиндлер Кэролайн Гудолл Мосфильм 1994
Бэтмен (1989) Алисия Хант Джерри Холл Варус Видео 1994
Гуьра Сью (1991) Грей Эллисон Келли Линч Варус Видео 1994
Танго а, Кэш а (1989) Прокурор Сьюзан Кребс Варус Видео 1994
Полицин академи 3: Йухакечдар (1986) курсант Карен Адамс Шоун Уэзерли Варус Видео 1994
Законан тӀехула (1988) Долорес Пэм Гриер Варус Видео 1994
Гремлинаш (1984) Руби Дигл Полли Холлидей Варус Видео 1994
Иймандерш[en] (1987) Джессика Хелен Шейвер Варус Видео 1994
Яллала чӀогӀа веза суна хьо (1990) Розали Трейси Уллмен Варус Видео 1994
Туьканара сценаш (1991) Дебора Файфер Бетт Мидлер Варус Видео 1994
Бонни а, Клайд а (1967) Уилма Дэвис Эванс Эванс Варус Видео 1994
ЯйзӀокех гӀуллакх (1993) Варус Видео 1994
Беверли-Хиллзехь кепек йоцуш (1986) Барбара Уайтмэн Бетт Мидлер СВ-Дубль 1994
Боккха бахам (1987) Сэнди Брозински Бетт Мидлер ТГ СРД (ЕПТРК заказца) 1995
Кхерамза (1993) Варус Видео 1995
Къена гӀам-гӀим дийриш (1993) медйиша Изабелл Монк Варус Видео 1995
Къена гӀам-гӀим дийриш чурабевлла (1995) Мария Софи Лорен Варус Видео 1995
Керла бӀахо (1990) Лайсел Соня Брага Варус Видео 1995
Интервью убарца (1994) гӀарбаш, бешара йоӀ Беллина Логан, Жанетт Контомитра Варус Видео 1995
Фатерлянд (1994) Чарли Магуайр Миранда Ричардсон Варус Видео 1995
Кхо амиго (1986) Кармен Патриса Мартинес Варус Видео 1995
Беверли-Хиллзера убарш (1988) мадам Кассандра Бритт Экланд Варус Видео 1995
ВорхӀалгӀа хаам (1988) Маргарет Ли Гарлингтон Варус Видео 1995
Догдохийла ю (1989) Корин Джеффрис Сибилл Шеперд Варус Видео 1995
Дикачех тӀаьххьарниш (1990) Линда Дэли, Анита Джонс Деборра-Ли Фернесс, Мишель Литтл Варус Видео 1995
Виере сатийсар 2 (1991) Лиз Кеннеди Джоанна Глисон Варус Видео 1995
Чоьхьара есалла (1987) Маргарет Кенкер Фионы Льюис Варус Видео 1995
Цунна цӀе Ӏожалла (1985) Сара Уилер Кэрри Снодгресс Варус Видео 1995
Уайатт Эрп (1994) Эли Эрп, Кейт Элдер Кэтрин О’Хара, Изабелла Росселлини Варус Видео 1995
Йухатеттинарш (1995) Элиза Алессандра Мартинес Варус Видео 1996
Йоккха бизнес (1988) Сэди Ратлифф / Сэди Шелтон Бетт Мидлер СВ-Дубль 1996
Голливудан зударий (1985) Элейн Конти, Монтана Грэй Кэндис Берген, Стефани Пауэрс СВ-Дубль 1997
Вавилон 5: Цхьаьнакхетарш (1993) Деленн Мира Фурлан Варус Видео 1997
Кадран тӀехьа гочдар
Безаман хьожа Фанфан (1993) ерриг зударийн ролаш М. Горькийн цӀарах киностуди 1993
Вовшахкъастар (1988) ерриг зударийн ролаш Мосфильм 1994
Просперон жайнаш (1991) ерриг зударийн ролаш Видеофильм («НТВ» заказца) 1995
Мультфильмаш а, мультсериалаш а
Инзар-хаза горгалиш (1987) Дешин месаш йолу йоӀ
Лайн бухара пхьагал-цӀазам (1994) Нана
Блэкстар[en] (1981—1982) Катана[5], Самартан зуда[6] Варус-Видео 1993
Хи-Мен а, дуьненан Ӏедалхой а (1983—1985) Паччахь-аьзни Марлин Варус-Видео 1993
Ӏаьржа палаш (1991–1995) Моргана МакАбр СВ-Дубль 1993
Дюймовочка (1994) Нана Варус-Видео 1994
Ӏалауддин (1994–1995) ЙилбазгӀала[7] СВ-Дубль 1996

Передачашкахь дакъа лацар нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Internet Movie Database (инг.) — 1990.
  2. Ирина Акулова. Энциклопедия Кино и ТВ
  3. 1 2 3 Документальный цикл «Женский род» 12-я серия
  4. Михаил Рощин. Драматургия и проза жизни. «Журнальный зал» | Октябрь, 2003 № 2
  5. В 6-й серии: «Похищенный звездолёт»
  6. В 5-й серии: «Экспедиция»
  7. В сериях «У страха глаза велики», «Тень сомнения», «Когда появляется хаос?»
  8. Ток шоу «Пусть говорят» (15 ноября 2011 года): Георгий Грыу — Всё могло быть иначе Архивйина 2015-06-18 — Wayback Machine
  9. Документальный цикл на т/к «Домашний»: «Женский род» Архивйина 2015-12-25 — Wayback Machine

Хьажоргаш нисйе бӀаьра