Алания (футболан клуб)

«Алания»[5][6][7][8]БуритӀера российн профессионалан футболан клуб. Кхоьллина 1921 шарахь. 1995 шеран Российн чемпион, 1992 а, 1996 а шерашкахь шозза детин совгӀатхо. 2010/2011 шеран Футболех ловзаран Российн Кедан финалист. 2020/2021 шарахь ловзуш ю Футболан къоман лигин хьалхеяккхарехь.

Российн байракх Алания
Йуьззина
цӀе
ООО «ФК „Алания Владикавказ“»
Харц цӀераш «цӀен‑можанаш»[1][2][3], «цӀокъаш»[4]
Кхоьллина 1921 (103 шо)
Стадион «Спартак», БуритӀе
Чухоам 32 464
Президент Российн байракх Владимир Гуриев
Ген. директор Российн байракх Руслан Сиукаев
Коьрта тренер Российн байракх Спартак Гогниев
Капитан Российн байракх Азамат Засеев
Сайт Официальный сайт
Къовсамаш ФКъЛ хьалхеяккхар
2022/23 ?-гӀа меттиг
Форма
Коьрта
форма
Форма
ХьошалгӀахь
форма
Форма
Резерван
форма

Хьалхара цӀераш нисйе бӀаьра

  • 1921—1923 — «Юнитас»
  • 1923—1924 — КИМ
  • 1924—1939 — Цхьаьнатоьхна белхалойн Ленинан цӀарах клуб
  • 1940—1971, 1972—1994, 2006, 2016—2019 — «Спартак»[9]
  • 1972 — «Автомобилист»
  • 1996—2002, 2004—2005, 2007—2016, с 2019 — «Алания»[10][5][6][7][8]
  • 1995—1996, 2003 — «Спартак-Алания»

Истори нисйе бӀаьра

Кхоллар нисйе бӀаьра

Клуб кхолларна «бехке» лору шиъ къона британин коммунист — Армстронг а, Кэмпбелл а. Уьш хилла БуритӀехь XX бӀешо долалуш, оцу хенахь бертан коалицин юкъахь британин эскарш хӀиттош дара Российн Къилбехахь. Шеш хьалха баьхкича британхоша футболан матч дӀаяьхьира Теркан губернин коьртачу шахьрахь меттигерачу эскархошца, иза чекхъелира хьешаша боккха толам боккхуш.

1921 шарахь Армстронг а, Кэмпбелл а юхавеира БуритӀе, цара цхьацца керла хӀуманаш кховдийра гӀалин хӀоттамна а, дахарна а. Царна юкъахь, британхоша «ЦӀен кегийрхойн спортан центр» кхоллар а кховдийра, цуьнан коьрта агӀо футбол хир йолуш.

Иштта 1921 шарахь кхоьллира къилбехара уггаре хьалхарчех цхьаъ йолу Российн футболан клуб — «Юнитас», хӀинцалерачу «Аланин» да. Латинера гочдича иза хуьлу «Марталла».

Британхой бехара БуритӀехь, тӀаьхьа гӀараваьллачу йаздархочун а, драматурган а Булгаков Михаилан лулахь. Иза сих-сиха хуьлура британхойн коммунисташа йечу Теркан областан спортан мероприятешкахь. Клуб кхоьллинчу дийнахь, британхойн цӀа чохь Булгаковс пенаш тӀехь йаздо: «ХӀокху гӀалахь кхоьллина футболан клуб, цуьнан хир ю сийлахь тӀаьхье. 1921»

Коьрта тренераш (1960 шарахь дуьйна) нисйе бӀаьра

Коьрта тренеран декхарш кхошдина тренераш ца гайтина

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. «Алания» сыграла вничью с «Астраханью». 15-й регион (25 октябрехь 2015). ТӀекхочу дата: 13 декабрехь 2019.
  2. Пресс-служба ФК “Алания”. Красно-желтые сыграют в Новотроицке не в оптимальном составе. ФК «Алания» (5 сентябрехь 2008). ТӀекхочу дата: 13 декабрехь 2019. Архивировано из оригинала 10 мартехь 2016 года.
  3. Красно-желтые не оставили шансов “Динамо”. ФК «Алания» (17 октябрехь 2008). ТӀекхочу дата: 31 октябрехь 2015. Архивировано из оригинала 10 мартехь 2016 года.
  4. Еженедельник «Футбол», № 36/2011, стр. 26
  5. 1 2 Что происходит с клубами во Владикавказе. ТӀекхочу дата: 3 июлехь 2019. Архивировано из оригинала 3 июлехь 2019 года.
  6. 1 2 «Алания Владикавказ» и «Спартак-Владикавказ». Новые вехи в истории осетинского футбола
  7. 1 2 Новый владелец ФК «Алания»: клуб должен вернуться в элиту российского футбола
  8. 1 2 Во Владикавказе представлена «Алания». Тренером команды будет Спартак Гогниев
  9. На сезоны 2016/17 — 2018/19 был заявлен и участвовал в соревнованиях ПФЛ под названием «Спартак-Владикавказ».
  10. Официально — «Алания Владикавказ»

Хьажоргаш нисйе бӀаьра