Аль-ЯсаӀ, Аль-ЛайсаӀ (Ӏаьр. اليسع‎‎) — иза пайхамар а, Ильяс пайхамаран мутаӀелим а ву. Ислаилхошка ваийтна ву Ильяс пайхамар дӀаваьлла чул тӀаьхьа. Къуръан чохь шозза хьахийна ву[3].

Аль-ЯсаӀ
Ӏаьр. اليسع‎‎
Вина терахь гергга 885 в. э. хьалха[1]
Кхелхина терахь гергга 790 в. э. хьалха
ДӀавоьллина меттиг Аль-Авджамехь
Къам Исраилхой
Динлелор ислам
Устазаш Ильяс[2]
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла

Биографи нисйе бӀаьра

Аль-ЯсаӀ пайхамар ваьхна Ильяс пайхамаран а, веа исраилан паччахьийн (Иораман, Иегун, Иоахазан, Иоасан) а заманахь. Ильяс шен халкъо эккхийначул тӀаьхьа, иза волавелира дин хьеха кхечу исраилан тайпанашна, цхьамма царех и тӀеийцира. Ильяс сецира оцу хенахь чӀогӀа цомгуш волчу Аль-ЯсаӀан ненан хӀусамехь. Аль-ЯсаӀан нанас дехар дина Ильяс пайхамара дуӀа дина, АллахӀа иза товира. Товеллачул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ цуьнан дахар дӀадаллалц Ильяс пайхамарах ца велира, цуьнан куьйгаллийца Ӏамийра Товрат[3]. Исламан Ӏелам стага Ибн Касира силсила толлу Аль-ЯсаӀан, ден агӀора иза йоьду Харуне[4].

Ильяс кхелхинчул тӀаьхьа Аль-ЯсаӀ пайхамар кхин дӀа кхайкха волавелира бану исраилашка Муса пайхамаран дине, амма цара иза дӀатеттира. Бану исраилан тайпанашна йукъахь лилхинчу девнаш бахьнехь ницкъаш гӀелделира, цуо таро йира ассирийхойн схьадаха и латтанаш, дӀабига исраилхойн доккхаха долу дакъа лолле[3].

Аль-ЯсаӀан караматалла йара[3].

Ша валале Аль-ЯсаӀа шен гӀуллакх дӀакхехьа тӀедиллира Зу-ль-Кифлан[3]. Каш ду Эль-Авджамехь, Эль-КъатӀифан йисттехь (СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан малхбуза провинци)[5].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. http://timeline.biblehistory.com/event/elisha
  2. 6 // (unspecified title)
  3. 1 2 3 4 5 Али-заде, А. А., 2007.
  4. Ибн Касир История аль-Яса //Истории пророков.
  5. اليسع (Аль-Яса) (Ӏаьр.)

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра