Андроме́да (лат. Andromeda) — седарчийн стиглан къилбаседа эхиган седарчийн гулам. Йукъахь ду бӀаьргах хӀумма а ца йоьллича а гуш долу, X бӀешарахь дуьйна девзаш долу седин шолгӀа бараман кхо седа а, Андромедин спиралан галактика а (M31).

Андромеда
лат. Andromeda   (д. д. Andromedae)
Дацдар And
Символ Андромеда, зӀенца зуда
Дуьххьал тӀебалар 22h 52m тӀера °2h 31m  кхаччалц
ОхьатаӀар +21° тӀера °+52° 30′  кхаччалц
Майда 722 кв. градус
(19 меттиг)
Видимо в широтах +90°  тӀера −37°. кхаччалц
Уггаре къегина седарчий
(седарчийн гуш болу барам < 3m)
Метеоран Ӏовраш
Лулара седарчийн гуламаш
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Андромедин тача нисйе бӀаьра

Седарчий гуламера ладаме объект — спиралан галактика Андромедин тача (М31) шен спутникашца — буйдолаган галактикашца М32 а, NGC 205 (M110) а. бутт боцучу буса иза го бӀаьрга а сен йукъаметтигца 1° кӀеззиг сов Андромедин ν седин малхбузехьа. Иза, Къилбаседа эхиган полюсан а, барамера а шораллашкахь гуш йолу цхьаъ бен йоцу галактика йу, иза а халла го (цуьнан седин барам 3,44). Цуьнан тидам бина X бӀешарахь гӀажарийн астрономо Ас-Суфис, цуо олуш хилла цунах «жима марха», Европехь иза дуьххьара хьахийна Симон Мариуса XVII бӀешарахь. Иза вайна уггаре гергара спиралан галактика йу, генахь йу 2,2 млн серлонан шо гергга. Цуо дагайоуьйту уозийна овал, хӀунда аьлча цуьнан экъа йерриг 15° бен таьӀна йац бӀаьрга зӀенарна, хетарехь, иза тера йу вайн Галактикех, диаметр 220 эз. серлонан шо гергга йу, цунна чохь 300 млрд гергга седа бу.

Кхин хаза объекташ нисйе бӀаьра

ЦӀе схьайалар нисйе бӀаьра

 
1825 шарахь гергга Лондонехь арахецна седарчийн гуламийн Уранин куьзга цӀе йолчу карташна тӀехь йиллина Андромеда, Стиглан кхачонан чухула седарчийн гуламаш гайтар.
 
Хьалхарчу Ӏилманан куьйгайозанан тӀехь йиллина Андромеда, 1000 шо гергга

Уггаре шира седарчийн гуламех цхьаъ. Йукъатоьхна Птолемей Клавдийн седарчийн стиглан каталоган «Альмагестан».

Желтойн мифашца, Андромеда эфиопин паччахьан Кефейн (Цефейн) а, паччахь-аьзнин Кассиопейн а йоӀ хилла. Иза дас, мохк хӀаллакбечу хӀордан Ӏаламатан Китан (кхечу версешца, Кетон) сагӀийна дӀайелла, амма кӀелхьарайаьккхина Персейс. Йеллачул тӀаьхьа цунах хилла седарчийн гулам. Масех лулара гуламашна (Персей, Кассиопея, Кит, Цефей) иштта оцу мифан персонажийн цӀераш йелла.

Тидам бар нисйе бӀаьра

Гаран уггаре дика хьелаш сентябрехь — октябрехь ду. Седарчийн гулам лаха атта бу, гуьйренан сарахь стиглан къилба агӀора Пегасан Йоккха Квадрат лехча. Цуьнан къилбаседа-малхбален сонехь лаьтта Альферац (Андромедин α) седа, цунна тӀера къилбаседа-малхбалехьа, Персейн агӀора, дӀасайоьду, Андромеда йен, седарчийн кхо зӀе. Цуьнан уггаре къегина, седин 2-гӀа барам болу, кхо седа — Альферац, Мирах, Аламак (Андромедин α, β, γ), цу тӀе Аламак — шала седа. Альферац седех кхин а олу Альфарет, Альферрац йа Сиррах; цуьнан йуьззина Ӏаьрбийн цӀе «Сиррах аль-Фарас», иза «говран цӀонга» бохург ду (хьалха иза наггахь Пегас седарчийн гуламан йукъатухура Пегасан δ цӀе йолуш). Седарчийн гулам го Российн берриг махкахь, цу тӀе цуьнан къилба кӀошташкахь зенитан областехь кульминаци хуьлу.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Андромедиды // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  2. Зигель Ф. Ю. Сокровища звёздного неба: Путеводитель по созвездиям и Луне. — 5-е изд. — М: Наука, 1987. — С. 100. — 296 с.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра