Аньялан барт (швед. Anjalaförbundet) — паччахьан Густав III-гӀачун абсолютизман 1788 шарахь дуьхьала бевлла Швецин эпсарийн политикин (113 эпсар-эла) тоба.

1788 шеран 12 августехь Аньяла (хӀинцалера Къилба Финляндин Коувола гӀалан юкъахь) олу меттигехь цара хӀоттийра «Аньялин конфедератийн деклараци», я «Финляндин эскаран хьал», царна тӀехь паччахьан тӀедуьллура элашца барт банза Российца болийна тӀом сацабар, цаьрца машарех дийцарш дар, абсолютин харцамал хьалха хиллачу конституцин урхалле юхадерзар. Коьртачех цхьаъ тӀедиллар дара риксдаг гулъяр. Эпсарийн цхьана декъо Финляди пачхьалк Швецех къастаяр тӀедуьллура (автономина а реза бара).

Бартхой оьрсийн правительствоца контакте а бевлира. Шинне агӀора а гӀо ца лаьцна, Аньялан барт буьйхира 1788 шеран гурахь, ткъа цуьнан декъахой лецна суьдаш йира, набахте а, каторге а бахийтира.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра