Аре́наш — майданца даккхий лаьттан а, хӀордан а, океанан а дакъош, церан амалехь йу: меттиг цхьаьна агӀора таӀар (5° кхаччалц), кӀеззга локхаллийца йоккха башхалла ца хилар (200 м кхаччалц); бӀенаш метраш башхалла йелахь а, амма иза хуьлу йехачу меттиг тӀехь. Цундела и башхалла бӀаьрган башха къаста а ца ло.

Швецин къилбехьара Сконе провинцера аре.

Аренашна а, лаьмнашна санна тектоникан леларш хуьлу, амма жимачу градиентца (1—2 м/км кхаччалц). Ша дерг вовшахтоьхча, нийсачу рельефо дӀалаьцна 65 % латта. Уггаре йоккха дуьненан аре: Амазонкан аре (5 млн км² сов).

Классификаци нисйе бӀаьра

Абсолютан локхаллица аренаш къастайо: таьӀна аренаш (200 м кхаччалц); айайелла аренаш (200—500 м); ломан а, лекха а аренаш (500 м сов), акъариш а.

Структуран хьесапца билгала йоккху экъан аренаш а, орогенан (ломан) областаш а.

Алсама йолу арахьарчу процессашца йекъа мега: денудацин, аккумуляцин аренаш. Денудацин аренаш кхоллаелла айаелла кепаш (лаьмнаш) йохар бахьнехь. Аккумуляцин аренаш кхоллаелла охьаюьжу породаш гулйаларца.

Шен гипсометрин хьолаца аренаш йекъало: охьатаьӀнарш, айаелларш, ломан аренаш, акъариш. Шен морфографица аренаш хуьлу анасизан, кӀеззиг таьӀна, таьӀна, чутаьӀна, тулгӀенан, гунийн, раьгӀнийн.

Литература нисйе бӀаьра

  • Равнина / Геологический словарь, ВСЕГЕИ, Санкт-Петербург, 2012, т. 3, стр. 7 ISBN 978-5-93761-182-6

Хьажа иштта нисйе бӀаьра