Асеева, Татьяна Александровна

Асеева Татьяна Александровна (1959 шеран 21 январехь, Владивосток) — российн Ӏилманча-почвовед, ораматаш кхиоран, почван хьоналлин, туьханаш лелоран технологин областера говзанча, йуьртабахаман Ӏилманийн доктор (2009), профессор (2012), РӀА декъашхой-корреспондент (2019).

Асеева Татьяна Александровна
Йина терахь 1959 шеран 21 январь({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (65 шо)
Йина меттиг Владивосток
Пачхьалкх
Ӏилманан кхоче латталелор
Белхан меттиг Генара малхбален федералан университет
Генара малхбален Ӏилманан-талламан йуьртабахаман институт
Тийнаокеанан пачхьалкхан университет
Ӏилманан цӀе профессор (2012)
РӀА корреспондент-декъашхо (2016)
Альма-матер Генара малхбален федералан университет

Биографи нисйе бӀаьра

Йина 1959 шеран 21 январехь Владивосток гӀалахь.

1982 шарахь Генара малхбален федералан университетан «почвоведенин» факультет чекхйаьккхинчул тӀаьхьа йитира цигахь Ӏилманан белхалочун даржехь.

1995 шарахь кандидатийн диссертаци йаздира «БӀаьстенан кӀен ойсаралла Йуккъера Амур йисттера хенан-хӀоттаман хьолашка хьаьжжина а, езасуглинокан почвийн хьоналле хьаьжжина а» тема йолуш. 2009 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци «Йуккъера Амур йисттера хьолашца йалтанийн а, кхоьшшан а ойсаралла кхоллайаларан агроэкологин баххаш» тема йолуш.

1982 шарахь дуьйна — лакхара Ӏилманан белхало, 1991 шарахь дуьйна — Почвийн хьоналлин а, туьханаш леладаран технологин а лабораторин куьйгалхо, 1996 - 2011 шерашкахь — Ӏилманан белхан директоран гӀовс, 2012 шарахь дуьйна — Генара Малхбален Ӏилманан-талламан йуьтабахаман институтан директор а, оццу хенахь 2018 шарахь дуьйна — коьрта Ӏилманан белхало а. Т. А. Асееван куьйгаллехь жигара евлла дуьненайукъара Ӏилманан йукъаметтигаш ораматаш лелорехь. 2017 шарахь дӀайиллира ЦХР Цзилинь провинцин йуьртабахаман Ӏилманийн академин а, Генара Малхбален Ӏилманан-талламан йуьтабахаман институтан а Ӏилманан-талламан йуьртабахаман центр[1][2].

2012 шарахь дуьйна Тийнаокеанан пачхьалкхан университетан геодезин а, латтанисдаран а кафедран профессор, почвоведенин лекцийн курс йоьшу[3][4].

2003 шарахь дуьйна йу ГМФУ диссертацин советан декъашхо, Йерригроссийн латталелоран а, почваш эрозех Ӏалашйаран а ӀТИ а, Йерригроссийн органикан а, торфан а ӀТИ Ӏилманан-техникин советан декъашхо, Хабаровскан мехкан Йуьртабахаман а, дааран сурсатийн а министраллин коллегин декъашхо[2]. Т. А. Асеева — член редколлегии журнала «Дальневосточный аграрный Вестник», член Президиума ФГБНУ Дальневосточный региональный аграрный научный центр[3].

2019 шеран 14 ноябрехь иза хаьржира РӀА декъашхо-корреспондент, РӀА Генара Малхбален дакъа декъашхо, РӀА Йуьртабахаман Ӏилманийн декъан Ораматашлелоран, ораматаш лардаран а, биотехнологин секцин декъашхо[5].

Ӏилманан кхиамаш нисйе бӀаьра

  • талламаш бина йалтийн культурийн а, кхоьшшан а культурийн а, сортийн а адаптиван дикалла кхоллайаларан механизмашна Генара Малхбален гӀуочу почван-климатан хьолашкахь;
  • гуонахьарчу хийцалучу хьолашкахь йалтан сортийн эвсараллин а, цхьаьнаэшараллин а адаптиван потенциалан чот йаран формула йаьккхина;
  • гучуйаьхна йалтан эвсаралла а, цуьнан структуран компоненташ а шен гидротермин а, почван а хьолашкахь кхолладаларан законаш;
  • кхоьллина керла Ӏилманан агӀо Генара Малхбалехь ораматаш кхиорехь – йалтанийн культурийн а, кхоьшшан а эвсаралла сов йаккхар, лакхара эвсараллин а, экологин чӀогӀаллин а потенциалан сорташ харжаран чоьтаца;
  • йаьхна йалтийн а, кхоьшшан а керла сорташ кхиоран керла технологеш.

Библиографи нисйе бӀаьра

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Татьяна Асеева избрана в Российскую Академию наук. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  2. 1 2 Асеева Татьяна Александровна. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  3. 1 2 3 Асеева Татьяна Александровна: направление деятельности. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  4. Асеева Татьяна Александровна: расписание занятий ТГУ. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  5. Профиль Татьяна Александровна Асеева РlА официалан сайтехь
  6. Асеева Татьяна Александровна. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  7. Рапоряжение РАН. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  8. № 10105-30 от 17.01.2019 — «За многолетний плодотворный труд на благо российской науки, практический вклад в обеспечение фундаментальных и прикладных исследований, проводимых в федеральном государственном бюджетном учреждении «Дальневосточное отделение Российской академии наук» и в связи с юбилеем»