Атаманчук, Григорий Климентьевич

Григорий Климентьевич Атаманчук (1922 шеран 22 август, Дунаевцин кӀошт[d], Хмельницкан область1994 шеран 27 ноябрь, Ессентуки, Ставрополан мохк) — советан эпсар, артиллерист, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Йукъара фронтан 60-гӀа армин 75-гӀа гвардин кхиссархой дивизин 231-гӀа гвардин кхиссархой полкан миномётий ротан взводан куьйгалхо, гвардин лакхара лейтенант (тӀаьхьа майор), Советски Союзан Турпал.

Григорий Климентьевич Атаманчук
Вина терахь 1922 шеран 22 август({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1994 шеран 27 ноябрь({{padleft:1994|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа артиллери[d], артиллери[d]
Дарж Советийн гварди[d], Майор
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Тридцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Сорок лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.»

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1922 шеран 22 августехь Украинин Хмельницкан областан Дунаевецки кӀоштан Тернови юртахь белхалон доьзаллехь. Украинхо. Цо 10 класс чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалахь. Школера ваьлча цо Соьлжа-ГӀалан эчиг некъан техникум чекхйаьккхира. 1941 шеран 21 маехь иза Соьлжа-ГӀалан военкоматас ЦӀе Эскаре дӀавигира.

ТӀамтӀехь нисйе бӀаьра

1942 шеран мартехь цо чекхйаьккхира Астраханан эскаран гӀашсалтийн училище, цул тӀаьхьа иза тӀамтӀе дӀахьажийра. 1943 шо дуьйна Атаманчук ВКП(б) декъашхо вара.

Сталинград ларйеш хенахь иза миномётан взводан куьйгалхо вара. Цу хенахь цо тӀом бира цкъа хьалха 907-гӀа кхиссархойн дивизехь, 1942 шеран 30 сентябрь дуьйна 95-гӀа кхиссархойн дивизехь, 161-ра кхиссархойн полкехь (и полк кхано 231-гӀа гвардин кхиссархойн полк хилира). Оцу полк йукъахь Атаманчук тӀом чекхбаллалц вара. Командованин тӀедилларш кхиамца кхочушдарна 95-гӀа кхиссархойн дивизехь кхано 75-гӀа гвардин кхиссархойн дивизи йира. Атаманчукан гвардин лакхара лейтенант дарж а, «Сталинград Ӏалашйаран» медаль а йелира.

1943 шеран 6 июль дуьйна Поныри — Ольховатка кӀоштахь Атаманчукс дакъа лецира Курски Ӏад долчахь немцойн тӀелатар йухатухуш. 1943 шеран 8 июлехь Орёл — Курск некъехь мостагӀийн тӀелатар йухатухуш цо шен взводац цхьана хӀаллак йира 8 герз схьадаьтта меттиг а, 50 сов салти а, эпсар а. Цуьнан взводан майралла бахьнехь мостагӀийн тӀелатар йухатуьхура[1]. 1943 шеран 2 августехь Атаманчукан йелира «Майраллин» цӀе йолу медаль.

Гвардин лакхара лейтенант Атаманчукс къаьстина хьуьнар гайтира Киевел къилбаседе Днепр хих совет эскар дехьадолуш хенахь. 1943 шеран гуьйренна ЦӀен эскар Днепрел дехьа а даьлла Глебовка а, Ясногородка а йарташ уллехь плацдарм схьайоккхуш. Атаманчук совгӀат даларан дӀакховдина кехатан тӀехь цуьнан хаькимо 75-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 231-гӀа кхиссархойн полкан куьйгалхо подполковник Ф. Е. Маковецкийс йаздира[2]:

  Днепр хих дехьаваларан тӀемтӀехь Атаманчукс, гӀашсалтийн тӀеман кепехь йукъахь волуш ша толлара герз схьадаьтта меттигаш, говза урхалладора шен взводан, кхиамца хӀаллакдира мостагӀийн герз схьадаьтта меттигаш, вайн кхиссархойн болам кхиаме хиларна доккха гӀо деш.

Днепран шира харше кхаьчча, Атаманчукан боккха мостагӀийн гулам а, церан хих довла гӀирс а гучуялча, эвсаре герз тӀетоьхна мостагӀан хих довла гӀирсаш хӀаллакйира, цхьа рота герга гӀашсалти хӀаллакбира, мостагӀ керлачу дуьхьаллатаран дозане ца вахийтира.

1943 шеран 2 октябрехь Ясногородка юрта схьайаккхарна тӀом беш Атаманчук шен взвод гӀашсалтийн тӀеман кепан хьалха а теттина, шен миномёташ говза нийса тӀейерзина йетташ 8 герз схьадаьтта меттиг а, гӀашсалтийн цхьа взвод сов а хӀаллакйира.

МостагӀаш инзаре чӀогӀа йаккхий тоьпаш а, миномёташ а схьайатташшехь, Атаманчукс майра хьалха тоттура бӀегӀийла меттигашка, кест-кеста ша миномёташ дӀайатташ, доккха гӀо дора вайн кхиссархойн шайна тӀедиллин тӀеман Ӏалашонаш кхочуш дан. Цо ша хӀаллак йира 4 мостагӀин пулемёт а, 20 герга мостагӀийн салтий а, эпсар а.

 

1943 шеран 17 октябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца кхиамца Киеван къилбехе Днепр хих дехьаваларан а, Днепр малхбуза агӀора болу бердан тӀехь чӀагӀваларан а, и тӀейиллин тӀеман Ӏалашо кхочуш деш гайтина хьуьнуран гвардин лакхара лейтенант Григорий Климентьевич Атаманчукан йелла Советски Союзан Турпалан цӀе[3].

ТӀом чекхболуш хенахь Атаманчукс 1-ра Белорусски фронтан эскаран йукъахь дакъа лецира Одер хих дехьаваларех.

ТӀом чекхбеллачултӀаьхьа нисйе бӀаьра

1946 шеран август дуьйна майор Атаманчук отставкехь вара. 1952 шарахь цо чекхйаьккхира Ростован эчиг некъан инженерийн институт. И чекхйаьккхинчултӀаьхьа иза вехира Сумин областан Конотоп цӀе йолу гӀалахь цигара эчиг некъехь болх беш. Цул тӀаьхьа иза вара Черниговехь вехаш, цирага локомотиван депон машинист-хьехархо болх беш. 1986 шо дуьйна Ставрополан махкахь Ессентуки гӀалахь Ӏаш вара. Велира 1994 шеран 27 ноябрехь.

Литература нисйе бӀаьра

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Днепр — река героев. — 2-е изд., доп. — Киев: Изд. полит. лит Украины, 1988. — ISBN 5-319-00085-5.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. http://www.podvignaroda.mil.ru/- Фонд 33. - Оп.686044, д.870, запись 18053130, стр. 106.
  2. http://www.podvignaroda.mil.ru/ - Фонд 33. - Оп.793756, д.3, запись 150001265, стр. 271.
  3. http://www.podvignaroda.mil.ru/ - Фонд 33. - Оп.682525, д.48, запись 12057300.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра