Увайс Мажидович Ахтаев (Вася Чечен, 1930 шеран 26 декабрь — 1978 шеран 12 июнь) — нохчийн баскетболист, СССР вовшахтоьхна тобанан декъашхо. Иза вара 2 м 36 см лекха.


Увайс Мажидович Ахтаев
Позици Йуккъера
Харц цӀераш Вася Чечен
Локхалла 236
Возалла 160—200 кг (хьосташкахь терахьаш цхьана ца догӀу)
Гражданалла  ССРС
Вина терахь 1930 шеран 26 декабрь({{padleft:1930|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})
Вина меттиг Вашандара Шуьйтан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь: 1978 шеран 12 июнь({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (47 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР

Командаш
«Буревестник» (Алма-Ата, 1947—1957)

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1930 шеран 26 декабрехь Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шуьйтан кӀоштан Вашандара юртахь. Иза левзира «Буревестник» цӀе йолу командехь (Алма-Ата). Цуьнан тренер вара Исаак Капелевич. Иза бахьнехь баскетбол хилира Кхазакхстанехь гӀарйаьлла спортан тайп. Иза дӀайазвира СССР вовшахтоьхна тобане, амма цкъа а оцу тобанехь ловзар ца нисделира цуьнан.

Иза левзичура сецира цуьнан диабет карича. 1960-гӀа шерашкахь иза Соьлжа-ГӀала схьавеара. Цигахь цо тренер болх бира 1973 шо кхаччалц[1].

Самукъане хилларш нисйе бӀаьра

  • Увайс Ахтаев вара 200 кг веза; цо молура динахь 15 литр хи.
  • Цуьнан мачаш йара 58 барам болуш.

Тахана НБА муьлха ловзархос чутуха буьрка лакхара тускар чу. Цу хенахь иза Увайсиг бен далуш дацара. Я цо луш йолу пас динна баскетболан майдан тӀехула — иза а дара СССР хилаза хӀума.

Виццавар нисйе бӀаьра

Соьлжа-ГӀалахь стадионан Увайс Ахтаевн цӀе тиллина.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра