Ахура ма́зда[1] (кхин а Аху́ра-Ма́зда авест. ahura-mazdā, гуьрж. არმაზი, шир.-гӀажар. ahuramazdā, эрм. Արամազդ, Aramazd, монг. ᠬᠤᠷᠮᠤᠰᠲᠠ, Хурмаст), Орма́зд йа Орму́зд (пехл. ʾwhrmzd'), «Хьекъале Дела»авестийн делаллин цӀе, иза пайхамара Зороастрасзороастризм кхоьллинчо — кхайкхийна цхьаъ бен воцу дела. Авестехь Ахура Мазда — йуьхьиг йоцу кхуллург, ву чеккхе йоцучу серлонгахь[2], создатель всех вещей[3], дерриг диканиг луш ву[4], дерриг хууш ву[5] дуьне хӀоттийнарг а, паччахь а ву, зороастрахойн лераман лакхара объект. Зороастрахоша шайх олу авестийн маттахь mazdayasna, аьлча а Маздан леерам бийриш. Ахура Мазда да ву Ашан (бакъонан), аьлча а дуьне кхиаран законан, ларвеш ву бакъ стаг, дикачу гӀуллакхийн, харцоца, зуламца, шен лаамехь боцу дуьненан бохамашца дов латточу ницкъийн корта бу. ТӀаьхьарчу дахаран хийцамашкахь (Фрашкардехь) цуо ерриг дикачу хӀумнашца цхьаьна, дуьне чеккхенца цӀандийр ду.

Ахура Маздас (аьтту агӀора) луш йу Ардаширан паччахьан Ӏедалан символ — мухар. III бӀешо

ЦӀе нисйе бӀаьра

Зороастризмехь делан цӀе, лаьтта, хӀиндогӀажарийн орамаш долчу, шина ширагӀажарийн дешах:

  • Ахура (ahura), санскритан असुर asura[6], йу Ригведе дукхаха болчу «делийн» эпитет, уггаре хьалха Варунан. Асуры — хӀиндогӀажарийн делаллин тайпа, доьзна ду дахаран бухца а, адаман йукъараллин эхь-бехкца а, «лакхара деланаш» дэван дуьхьала, «къуона деланаш» бу. ХӀинди ламастехь тӀаьхьа оьгу шайтӀан амале «дэвех хьегарца». Зороастризмехь вукха агӀора наьӀалт олу дэвашна, леерам бо ахурашна, ахура алсама Ахура-Мазда ву.
  • Мазда (церн. дож. mazdå) — хӀиндоевропан меттанел хьахарчу меттанашкахь *mn̥s-dʰeH1 «ойла хӀотториг», «ойла йийриг», кхузара схьа «хьекъале». ХӀиндин medhā «хьекъалца» догӀу. Иза «ахурал» алсама оригиналан делан эпитет йу, цуо гойту иза Хьекъале Кхуллург, Ойла Кхуллург санна, цигара схьа кхетам а, цигара схьайаьлла зороастрийн шайн цӀе mazdayasna — «Мазда лорурш», «маздеий».

Иштта Ахура-Мазда цӀе таро йу билламе гочдан «Хьекъале Эла», «Эла Хьекъал», «Ойлан да». Гаташкахь Заратуштра делан ши цӀе йу, дукха хьолахь лелайо вовшенца йозуш а йоцуш паргӀатчу низамехь. Жимаха Авестан хенахь дуьйна хӀоттадо, меттаха ца бовлу ламазан кепаш йоцург, «Ахура Маздан» низам, цунах тӀаьхьа хуьлу озийна кепийн хьост.

Йуккъера Иранан а, керла Иранан а муьран бохаллехь шуьйра лелайора шала цӀеран йацйина кепаш: пехл. ʾwhrmzd' /ohrmazd/, согд. xwrmztʾ /xormazdā/, гӀаж. ارمز(د) /ormoz(d)/. Цуьнца цхьаьна Керлачу заманахь зороастрийн ламастан амалехь ду цӀе метахӀоттор авестийн кепехь: гӀаж. اهورا مزدا [æhurɒmæzdɒ].

Хьехамехь нисйе бӀаьра

Ахура Маздан амат йуьйцу коьрта хьост, цунна йазйина Заратустран шатлакхан иллеш — Гаташ йу. Ахура Мазда дӀайеллайелла пайхамарна тӀетаьӀӀа синмехаллаш лоьхуш дуккха а шераш девлча, «Беркате Ойланаш» (Y 43) бахьнехь. Заратустрас ойла йира Ахура Маздан хьекъалца, тӀаккха гира шен бӀаьргашца (Y 31.8; 45.8). Пайхамара хӀиттира, ткъа далла жоьпаш делира, хьажавора пайхамар хьекъале новкъа. ТӀаьхьа оцу «цхьаьнакхетаро» (авест. haṇjamana-) бух биллира Маздан лерам баран керлачу динан (зороастризман). Гаташкахь Заратустрас доьху Ахура Мазде ларве, нисве, Ӏилма ло, синмехаллин а, дегӀан а дахарехь аьтту бар, «доттагӀчо доттагӀчуьнна ден долу» гӀолацар (Y 46.2). Цуьнца цхьаьна цуо ша дахьа цунна гӀурба, шен дахар а, дегӀ а дуьззина дӀало цунна (Y 33.14)

Ахура Маздан сипташ нисйе бӀаьра

Ахура Мазда кхайкхаво массарел сийлахь вверг. Беркат цуьнан абсолютан ду. Ахура Мазда массарел воккха а ву, уггаре къуона а ву. Иза кхуьу гуттаренна, амма гуттаренна вуьсу хийцамза. Ахура Мазда — уггаре ницкъ берг. Иза уггаре хууш вверг ву хилларг а, хиндерг а. Цул сов, иза даиман воьду нийсачу новкъа.

Ахура Мазда веха сирлачу Гародманехь — «Эшараш лоькху цӀа чохь», цуьнан гуо цуо кхоьллина дика хӀумнаш — ахур, коьртехь Аша а, Воху Мана а (Бакъ Закон а, Дика Ойла а) долуш. ТӀаьхьарнаш, кхин а тӀаьхьарчу муьрехь Амешаспандийн а, Язатийн а олуш болу, Гаташкахь наггахь олу цуо кхоьллинарш.

Дерриг схьаэцча Ахура Маздан васт догӀу «АрхецӀун» концептаца, Дахаран Законан (Ашан) шен ойланца а, къайлахчу ницкъаца а maya- гӀолоцуш ца Ӏаш, цуо Ӏамадо лаьттан цӀуйшна и закон[7]. Дуьне къагош волу бакъ стаг зороастризмехь — дуьххьал дӀа векал ву Ахура Маздан, цуьнан лаам кхочуш бийриг ву. ТӀаккха а антропоморфан дийцаршкахь Гаташкахь «цуьнан маттаца» а, «куьйгашца» а олий доза туху, цаьрца цуо латтадо совгӀаташ бакъчарна а, харцчарна а.

Вукха агӀора Ахура-Мазда воьзна ву серлонца. Шен эвхьазлонашкахь Заратуштрас гуттаренна а даладо, шена бӀаьрчухула гуш долу мелхан серлонан а, лепаран а васташ. Гаташкахь цӀе Ахура-Маздин долахь йу аьлла йаздина. Кхин тӀаьхьа Ахура-Маздин серлонца йолу уьйр чӀагло, Малхах дуьххьала дӀа ала долийра Ахура-Маздин «васт». Маздеизман контаминацин соляран иранан культашца карадо цхьацца малхбален иранан меттанашкахь (хорезман, хотаносакийн, мунджанийн, ишкашиман) шайн цӀераша «Малх» билгалабоккху хӀуманаш.

Кхуллург нисйе бӀаьра

Ахура-Мазда — хилам кхуллург (Dātār) (Y 50.11). Цуо кхуллу шен ойланца (Y. 31.11), ойланца цуо кхоьллина хазахетар а, синтем а луш йолу, дуьненан сирла аре (Y 31.7). Цуо дуьненахь гӀолоцу Ашин («Бакъонна») — Ӏалам леларан закон, иза гучудолу иштта серлонгахь. Дуккха меттигашкахь иза лела цӀу санна — цуо кхоьллинчух хуьлу сийлахь гӀуллакх, цигахь цуо кхуллу сийлахь мантрашца (Y 29.7). Цуьнан хилам дахаран ницкъах бузуш болу кхоллараллин ницкъ, буьйцу Спента Маинью аьлла, иза гочдо «Сийлахь Са» олий (Y 47).

Цуо латтадо латтанаш а, стигал а охьадожарх, де-буьйса хийцар кхоьллина, седарчашна некъ биллина, мохан ницкъ белла (Y 44). Цуо кхоьллина даьхний, ораматаш, хи (Y 48.6; 51.7). Цуо кхоьллина адамаш: церан догӀмаш, синош, — совгӀат дина ойлан маршонан (Y 31.11; 46.6). Цуо кхуллу хӀокху дуьненан беркат, совгӀатан ло адамаллин (Y 33.11; 48.3).

Адаман герга хилар нисйе бӀаьра

Ахура-Мазда сийлахь велахь а, иза ву уггаре гергара йукъаметтигашкахь адамашца. Муьлхха а, цуьнан агӀора волчо, ша цуьнан гергара хетта веза — доттагӀ, ваша, да (Y 45.11). Иза дика ву массарна а, шеца гергарлоне гӀертачарна (Y 44.17). Дуьненахь Ашин законан гӀолоцург, хуьлу Ахура-Маздин уггаре веза бартхо, тӀаккха дала совгӀат до цунна Цхьааллин а, Цаваларан а беркатца (Y 31.21, 22).

Кхел йийриг нисйе бӀаьра

Ахура-Маздин дерриг го, иза Ӏеха ца ло (Y 45.4), цунах хӀумма а къайла ца даккхало (Y 31.13). Иза дуьне кхолларан лакхара суверен ву, цунах дозу хин дерг (Y 29.4). Цуо билгалдоккхур ду, хьанна кхочур бу тӀамехь толам бакъчарна йа харцчарна (Y 44.15). Нисса цуьнца доьзна хир ду зулам (друдж) хӀаллакдар (Y 31.4) а, Фрашкард тӀекхачар а — хилам карлабаккхар. Ахура-Маздас йуьхьанца дуьйна билгаладаьккхина шина тайпана лелар — дуьненан моральца догӀуш йа цунна пурхнехьа (Y 46.6). Адамо хоржу оцу шина некъах шен маьрша лаамца, амма тайп-тайпана некъаш хаьржинчера чаккхе а тайп-тайпана хир йу (Y 48.4). Бакъ волчунна а, харц волчунна а Ахура-Маздегара чаккхенан совгӀат хир ду (Y 43.4, 5) — кӀелхьара валар а, хила йиш йолу беркаташ а хьалхарчарна, лазам, дохораш – шолгӀачарна (Y 30.11 и др).

Жимахчу Авестехь нисйе бӀаьра

Жимахчу Авестехь Ахура-Мазда йуьсу синмехаллин а, а дегӀан дуьненаш кхуллург а, да а, уггаре лакхара беркат луриг, цунах олу «Сийлахь Са» (авест. spəništa- mainyu-). Гаташкахьчул кӀорга, Спента Маиньюца (Сийлахь синца) дурсалла дар, кхузара дуьххьара дӀа дуьхьала хӀоттадо Ангра Маиньюна — «Зуламе Синна», муьлххачу диканна тарлуш доцу мостагӀ, билгалдоккху Y 19 пассажашца, цигахь Зуламе Са йукъадаьлла йуьхьанца дуьйна , Ахура-Маздин кхолламаллин актан дуьхьала, гайтина Ахуна Ваирья дуӀан кепара, амма дашца дожийра дерриг зуламах терачух. Иштта зуламах дӀахадар деза адамера а. Маздин тӀехьабозучара къобал ванн веза Ахура-Мазда, дерриг беркатан хьост санна (Y 12), цуьнан Ӏедал дерриг дуьненахь а къобал дан деза (Y 35).

Ахура-Маздин ло дукха хастаман эпитеташ, коьртанаш царех серлонца доьзна билгалдешнаш ду: raēwant- а, xwarənaŋuhant- а — «лепа» а, «юьззина хварно», аьлча а паччахьан нур. Ахура-Маздин лерина Хормазд-яштехь ягарйо 72 Ахура-Маздин цӀе, царна йукъахь 20 сийлахь ерш, уьш ягарйо башха.

Ахура-Мазда коьртехь лаьтта Амешаспандашна а, Язаташна а, уьш бу цуьнан кхолламаш а, гуо а. Цхьаболчу Язатийн йа материалан кхолламийн гуттаренна а эпитет йу ahuraδāta- «Ахурас кхоьллина» йа mazdaδāta- «Маздас кхоьллина».

Шира гӀажарийн зайла туха йозанашца нисйе бӀаьра

АхеменидгӀеран тархаш тӀера йозанаша гуттаренна хьахайо Ахура-Маздин цӀе (ш.гӀаж. ahuramazdā) паччахь а, ерриг цуьнан пачхьалкх а ларйийриг санна, цунна чохь паччахь Ахура-Маздин лаам бу. Иштта вуьйцу дела паччахьийн паччахьа Дарий I-чо:

Воккха Дела — Ахурамазда, цуо кхоьллина хӀара латта, кхоьллина хӀара стигал, кхоьллина адам, кхоьллина адаман ирс, вина Дарийх паччахь. (DN, 1-6)

Шира гӀажарий зайлан йозанехь Ахура-Маздин цӀе дӀайазйеш, фонетикин йоза доцуш, хилла къаьстина идеограмма.

Пехлевийн литературехь нисйе бӀаьра

ЙуккъерагӀажарийн меттан литературехь Ормазд — лакхара дела шине а дуьненан. Иза эла ву, ткъа лай вац; да ву, ткъа бер дац; хьалхара ву, амма тӀаьхьара вац; лардийриг ву, ткъа ларван везарг вац; даиман вверг ву, амма хийцалург вац; Иза ша Ӏилма ду, ткъа Ӏилма Ӏамориг вац; лург ву, амма оьцург вац (DK Vol. 3, p. 176,177). Цуьнан эпитеташ дӀахьо авестийн: rayōmand а, xwarrahmand а — «башха» а, «вуьззина хварно».

Антикин авторш нисйе бӀаьра

Антикин авторшна хууш хилла, Горомаз[8] — Зороастрица гӀажарийн делалла хилар[9]. Хуьлийтира иза Зевсом[10].

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Ахурамазда / М. А. Дандамаев // Анкилоз — Банка. — М. : Большая российская энциклопедия, 2005. — С. 581. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 2). — ISBN 5-85270-330-3.
  2. Y. 31.7
  3. Y. 44.7
  4. Y. 12.1
  5. Y. 45.4
  6. Mayrhofer M. Kurzgefasstes Etymologisches Woerterbuch des Altindischen. — Heidelberg: C. Winter, 1956. — Bd. I. — S. 65.
  7. M. Boyce. AHURA MAZDĀ Архивйина 2010-12-08 — Wayback Machine
  8. Любкер Ф. Реальный словарь классических древностей. М., 2001. В 3 т. Т.2. С.502
  9. Плутарх. Об Исиде и Осирисе 46
  10. Диоген Лаэртский. О знаменитых философах I 8

Литература нисйе бӀаьра

  • Windischmann, «Zoroastrische Studien» (Б., 1863);
  • Spiegel, «Eranische Alterthumskunde» (т. II, Берл., 1873);
  • Duncker, «Geschichte des Alterthums» (5 изд., В., 1881);
  • Darmesteter, «Ormasd et Ahriman» (П., 1877);
  • M. Haug, цитированная выше книга; W. Geiger, «Ost-iranische Kultur im Altertum» (Эрланген, 1882);
  • Jackson, «The religion of Awesta», «Grundriss der irânischen Philologie» (Страсбург).