Барт — цхьаьна меттигехь бакъонан йукъаметтигаш хӀитторан, хийцам баран йа сацоран Ӏалашо йолуш, шина йа кхин сов агӀонашна (субъекташна) йукъара цхьаьнакхетар[1]. Оьздангаллин йа юридически декхараллин хьост ду[2]. Барт бу уггаре ширачу бакъонийн конструкцех цхьаъ. ХӀинца иза лелабо дукхачу доллара а, нахаллера а бакъонийн отраслашкахь[1].

Схьадаьлла барт дешах, масала барт баккха; берта ала; багахула ала.

Руман бакъо йолучу хенахь дуьйна къастабо бартакхолларан а, литералан (йозанан) берташ. Наггахь тарло конклюдентан (резахиларан) гӀуллакхашца барт бан. Субъектийн барамашца берташ декъало шина агӀонан а, дуккха агӀонан а. Дуккха агӀонан бертан цхьа кеп йу кхоллараллин барт. Хила тарло кхин а бертан декъахо воцу кхоалгӀачу стеган пайденна берташ. Декхаршца берташ декъало механ а, маьхза а. Кхин а къаьста консенсуалан (барт бинчул тӀаьхьа кхоллало декхарш) а, реалан (цхьа гӀуллакх динчул тӀаьхьа кхоллало декхарш) а берташ [1].

Бертийн тайпанаш нисйе бӀаьра

Россехь берташ кхиаран истори нисйе бӀаьра

Российца цхьаьна кепара боьзна хьалхара йозанан барт лара мегар ду 907 шеран оьрсийн-византин барт. Амма дуккха лахара тӀегӀанера бертех лаьцна дийцича, тӀаккха уьш йаздина чӀагӀдина Оьрсийн Бакъдерг тӀехь. Цунна чохь къаьстара 4 гражданийн-бакъонийн барт: йохк-эцар, декхар, Ӏалашйар (мохь), белхало эцар. Объективан бахьна долуш и берташ дика кхиина дацара: билгал ца дохура дохон бахьнаш, барт баран хьелаш, шен кхетамийн йацара юридически дефиницеш. Шеш берташ бора бартакхолларан кепа[3].

Берташ кхиаран шолгӀа мур бу ала мегар ду декъадаларан мур, цигахь кӀезиг роль ца ловзийна Пскован суьдан грамото. Иштта, цунна чохь карийна Оьрсийн Бакъдерг чуьра бевза бертийн ӀиндагӀаш, амма йукъадевлла керланаш а, царна йукъахь дара хийцар, совгӀат дар, мехах бахам лелор (аренда). Шеш берташ дан тарлора барта кхоллараллица а , йозанца а. Шина кепара йозанан барт бара:

  • У (1 соьме кхочу берташна). Бертийн йоза агӀонийн куьйгашца.
  • ДӀайаздар (1 соьмал сов долчун берташна). ТӀедуьллура дӀайаздар, цул тӀаьхьа йоза дӀалора Троицки килсе.

Коммерцехь лелор нисйе бӀаьра

Контракташ шуьйра леладо коммерцин бакъонехь, дерриг дуьненахь берташна кхуллу бакъонийн бух. Даьржина масалаш ду гӀуллакхаш а, сурсаташ (оптаца а, розницица а) а дохк-эцаран берташ, болх баран берташ, дӀасайахьаран берташ, прогаммин кхачонан лицензеш, къинхьегаман берташ, страхови полисаш, латта дохкаран йа эцаран берташ, кхин тап-тайпана лелоран кепаш.

Европин барт шен хатӀца экономикин йукъаралла йу цхьа могӀа махлелоран бакъонашца, йукъара «ЕБ бертан бакъо» йац. 1993 шарахь Макгрегор Харвис, британин адвокато а, Ӏилманчо а, Ингалсан а, Шотландин а юридически комиссийн куьйга кӀелахь кечйина «бертан кодекс», иза Ингалсан а, Шотландин а бертан бакъо ша-кепара йан а, кодификаци йан а бела кховдам бара. И документ кховдийнера хила тарло «Европин бертан кодекс» санна, амма Ӏоттайелла ингалсан а, немцойн а юристашна йукъара йукъаметтиго гайтира оцу кховдамах гӀуллакх ца хилар.

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 Договор / Чуковская Е. Э. // Динамика атмосферы — Железнодорожный узел. — М. : Большая российская энциклопедия, 2007. — С. 175—176. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 9). — ISBN 978-5-85270-339-2.
  2. Договор // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Егоров С.А. История Отечественного государства и права. IX - первая половина XIX век. Опыт проблемного изложения. — Ярославль: Ярославский государственный университет, 2000. — С. 42. — 336 с.

Литература нисйе бӀаьра

  • Брагинский М. И., Витрянский В. В. Бартное право. М., 2001. Кн. 1: Общие положения.
  • Гражданское право: В 4 т. / Под ред. Е. А. Суханова. 3-е изд. М., 2006.