Бахьира (Ӏаьр. بحيرى‎‎) — шеман махкахь Бусра олучу юьртахь хилла монах ву. Бахьиран хууш хилла Мухьаммад пайхамар вогӀур волуш хиларх.

Бахьиран а, Мухьаммадан а дуьхьалкхетар

Биографи нисйе бӀаьра

Мухьаммад пайхамаран бераллехь ма-хиллара, Бусрахь гина хилла Бахьиран Ӏаьрбо Мухьаммад, иза ша дуьххьара Къилбера Шема вахча, шен девешин Абу ТӀелипан махбаран ковраца. Мухьаммадан пӀендарш юкъахь пайхамар хиларан мухӀар гина хилла цунна, Абу ТӀелипе иза сихха Макка дӀа а виги, вочу хӀуманах ларве, аьлла.