Алисон Рамзес Бекер (порт. Alisson Ramses Becker; вина 1992 шеран 2 октябрехь Нову-Амбургухь, Бразилехь), гӀоле вевза Алисон цӀарца — немцойх схьаваьлла бразилин футболист, «Ливерпуль» клубан а, Бразилин гулйина командин а кевнахо. 2018 шеран дуьненан чемпионатан декъахо.

Футбол
Алисон
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Бекер Алисон Рамзес
Вина терахь 1992 шеран 2 октябрь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})[1][2] (31 шо)
Вина меттиг Нову-Амбургу, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх Бразили
Локхалла 193 см
Йозалла 91 кг
Позици кевнахо
Информаци клубехь
Клуб Ливерпуль[d]
Лоьмар 1
Кегийрхойн клубаш
2002—2012 Бразилин байракх Интернасьонал
Клубан карьера[* 1]
2013—2016 Бразилин байракх Интернасьонал 44 (-44)
2016—2018 Италин байракх Рома 37 (-28)
2018—хӀ. а. Ингалсан байракх Ливерпуль 60 (-32)
СовгӀаташ а, мидалш а
Америкин кедаш
Деши Бразили 2019
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 26 июнехь 2020 шераш.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Алисон вина Нову-Амбургухь (Керла Гамбург), алсама немцойх схьабевлла бразильхой беха кӀоштахь, ша а ву церан векал. Кхечу профессионалан кевнахочун Бекер Муриэлан (вина 1987) жимаха волу ваша.

Клубан карьера нисйе бӀаьра

 
Алисон Бразилин гулйина командин йукъахь

Алисон — кхиийна «Интернасьонал» клубо. 2013 шеран 17 февралехь Гаушу лигин матчехь Порту-Алегрин «Крузейрон» дуьхьала цуьнан дебют хилира коьртачу командехь[3]. 25 августехь «Гоясан» дуьхьалчу къовсамехь Алисона дебют йира бразилин A серехь[4]. 2015 шарахь, Дидас карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, цунах хилира командин коьрта кевнахо. «Интернасьоналан» йукъахь Алисона кхузза туьйлира Гаушу лигехь.

2016 шеран аьхка Бекер вахара Италера «Ромин» йукъа. 2016 шеран 17 августехь Чемпионийн лигин квалификацин матчехь Португалин «Портун» дуьхьала Алисонан дебют хилира «берзлошна»[5] йукъахь. Шен хьалхара шо румхошна йукъахь Алисон чекхдаьккхира командин шолгӀа кевнахо волуш, хуьйцура «берзлойн» коьрта голкипер Щенсны Войцех Италин кедан а, Европин лигин а матчашкахь. Щенсны «Ювентус» йукъа вахча Бекерах командин коьрта кевнахо хилира. 2017 шеран 20 августехь «Аталантин» дуьхьала матчехь цуьнан дебют хилира италин А серехь[6]. «Берзлошна» йукъахь коьрта кевнахо хилла, Алисона сихха гайтира кевнашкахь ловзаран лакхара тӀегӀа, командин гӀодира дуьхьало чӀагӀйан. 2017/18 шарахь румхой чӀагӀбелира италин чемпионатан таблицан буьххьехь, кхоалгӀа меттиг йаьккхира, ткъа Бекер къобал вира А серин уггаре дика голкипер аьлла, 37 матчехь 28 буьрка бен чу ца йагӀийтира (шолгӀа гайтам «Ювентусал» тӀаьхьа). Амма шеран коьрта кхиам хилира шен исторехь клуб Чемпионийн лигехь шозлагӀа ахфинале йалар. Турниран дукхаха йолчу матчашкахь Бекера гайтира тешаме ловзар, ткъа цӀерачу матчехь мадридан «Атлетикоца» иза къобал вира матчан уггаре дика ловзархо. Кхин а Бекер билгалвелира дикачу ловзарца лондонан «Челсин» а, донецкан «Шахтёран» а дуьхьалчу цӀерачу матчашкахь. Мелла а чолхе хилира шина матчан дуьхьало «Барселоница» чийрикфиналехь Чемпионийн лигехь, хьалхара матчехь Камп Ноухь Бекера чутохийтира йиъ буьрка (цу тӀе царех шиъ — автогол Де Росси а, Манолас а), ткъа шолгӀачу матчехь Стадио Олимпико тӀехь Бекера аьттонца лардира шен кевнаш, ткъа команде йан йелира камбэк, дехьайелира Чемпионийн лигин ахфинале. Ахфиналехь «Ливерпульца», Бекер чуяхийтира йерриг ворхӀ буьрка, пхиъ царех туьйхира хьалхарчу матчехь Энфилд тӀехь. Турнир чекхйаьлча, Бекер йукъавахара 2017/18 шеран Чемпионийн лигин символан гулйина командин.

2018 шо долалуш кевнахой бийзира Испанера «Барселонин» а, Францера «Пари Сен-Жермен»[7] а, Ингалсера «Ливерпуль»[8] а. Оццу шеран аьхка Алисона куьг йаздира йалх шеран контракт тӀаьхьарчунца[9]. Трансферан ахча 66,8 млн фунт (72,5 млн евро) хилира, цуо Бекерах вира уггаре веза кевнахо исторехь (хьалхалера рекорд йара италихочун Буффон Джанлуиджин, иза лаьттира 17 шарахь)[10][11][12][13]. Вукха агӀора, Алисонан рекордан трансфер баттахь бен ца лаьттира, иза йохийра баскийн «Атлетикера» Кепа Аррисабалагин «Челсин» йукъа йинчу 71,6 млн фунтан трансферо. 12 августехь «Вест Хэм Юнайтедан» дуьхьала матчехь дебют хилира Ингалсан Премьер-лигехь[14].

2019 шеран майх Алисонега кхайкхира 2019 шеран футболех ловзаран Америкин кедехь ловзархьама къоман команде, иза йара Бразили аренашкахь. ДӀайаьхьина турниран жамӀашца цунах хилира уггаре дика кевнахо.

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Командин нисйе бӀаьра

«Интернасьонал»

«Ливерпуль»

Бразилин гулйина команда

Долара нисйе бӀаьра

Дуьненайукъара карьера нисйе бӀаьра

2009 шарахь жимахойн Бразилин гулйина командин йукъахь Алисона дакъа лецира жимахойн дуьненан чемпионатехь Нигерехь. Турнирехь иза левзира матчашкахь Японин[15], Мексикин[16], Швейцарин[17] дуьхьала.

2015 шеран 14 октябрехь 2018 шеран дуьненан чемпионатан харжаман матчехь Венесуэлин гулйина командин дуьхьала Алисонан дебют хилира Бразилин гулйина командин[18] йукъахь.

2018 шарахь Алисона дакъа лецира дуьненан чемпионатехь Россехь. Турнирехь иза левзира Швейцарин[19], Коста-Рикин[20], Сербин[21], Мексики[22], Бельгин[23] командашна дуьхьала матчашкахь.

Ловзаран статистика нисйе бӀаьра

Клубийн статистика нисйе бӀаьра

Дуьненайукъара статистика нисйе бӀаьра

2018 шеран 3 июлехь хьолан
Гулйина команда Шо ДоттагӀаллин Турнираш Йерриг
Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш Ловзарш Голаш
  Бразили 2015 0 -0 3 -2 3 -2
2016 1 -0 11 -7 12 -7
2017 2 -0 5 -2 7 -2
2018 4 -0 4 -1 8 -1
Йерриг карьерехь 7 -0 23 -12 30 -12

Матчаш а, голаш а гулйина командашкахь нисйе бӀаьра

2018 шеран 3 июлехь хьолан

Йерриг: 30 матч / 12 чутохийтина гол / 20 «йекъа» матч; 21 толам, 8 цхьан а цатоьлла, 1 иэшам.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Alisson // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. ALISSON ramses becker // (unspecified title) (исп.)
  3. Крузейро Порту-Алегри VS. Интернасьонал 1:1 (инг.). soccerway.com (2013 шеран 17 февраль).
  4. Интернасьонал VS. Гояс 3:3 (инг.). soccerway.com (2013 шеран 25 август).
  5. Порту VS. Рома 1:1 (инг.). soccerway.com (2016 шеран 17 август).
  6. Аталанта VS. Рома 0:1 (инг.). soccerway.com (2017 шеран 20 август).
  7. Голкипер «Ромы» на радаре у ПСЖ и «Барселоны». sports.ru (2018 шеран 3 январь).
  8. Кевнахо «Ромы» Алиссон близок к переходу в «Ливерпуль». sports.ru (2018 шеран 8 январь).
  9. «Ливерпуль» подтвердил трансфер Алиссона. Он побил рекорд Буффона, став самым дорогим вратарем в истории. sports.ru (2018 шеран 19 июль).
  10. "Liverpool complete Alisson Becker transfer". Liverpool F.C. Архивировано из оригинала 2018 ш. 19 июлехь. Дата обращения: 2018 ш. 19 июлехь. {{cite news}}: Указан более чем один параметр |archivedate= and |archive-date= (справка); Указан более чем один параметр |archiveurl= and |archive-url= (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (избыточный параметр)К:Википедия:Ошибки CS1 (избыточный параметр)
  11. Romano, Fabrizio Liverpool sign Roma goalkeeper Alisson for world-record £66.9m fee (инг.). the Guardian (2018 шеран 18 июль). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 19 июль. Архивйина 2018 шеран 18 июлехь
  12. "Alisson: Liverpool offer for Brazil goalkeeper accepted by Roma". BBC Sport(ингалс.). 2018-07-18. Дата обращения: 2018 ш. 19 июлехь.
  13. "Liverpool complete £67m deal for Alisson Becker". Sky Sports(ингалс.). Архивировано из оригинала 2018 ш. 19 июлехь. Дата обращения: 2018 ш. 19 июлехь.
  14. Ливерпуль VS. Вест Хэм Юнайтед 4:0 (инг.). soccerway.com (2018 шеран 12 август).
  15. Бразили (до 17) VS. Япония (до 17) 3:2 (инг.). soccerway.com (2009 шеран 24 октябрь).
  16. Бразили (до 17) VS. Мексика (до 17) 0:1 (инг.). soccerway.com (2009 шеран 27 октябрь).
  17. Швейцария (до 17) VS. Бразили (до 17) 1:0 (инг.). soccerway.com (2009 шеран 30 октябрь).
  18. Бразили VS. Венесуэла 3:1 (инг.). soccerway.com (2015 шеран 14 октябрь).
  19. Бразили VS. Швейцария 1:1 (инг.). soccerway.com (2018 шеран 17 июнь).
  20. Бразили VS. Коста-Рика 2:0 (инг.). soccerway.com (2018 шеран 22 июнь).
  21. Сербия VS. Бразили 0:2 (инг.). soccerway.com (2018 шеран 27 июнь).
  22. Бразили VS. Мексика 2:0 (инг.). soccerway.com (2018 шеран 2 июль).
  23. Бразили VS. Бельгия 1:2 (инг.). soccerway.com (2018 шеран 6 июль).

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • Профиль на официальном сайте «Ливерпуля»(ингалс.)

Кеп:Европин уггаре дика кевнахо УЕФА версица Кеп:Дуьненан уггаре дика кевнахо МФФИИС версица Кеп:Шеран уггаре дика футболан кевнахо Италехь