Сэр Тимоти Джон Бернерс-Ли (инг. Sir Timothy John «Tim» Berners-Lee; 1955 шеран 8 июнь) — британийн Ӏилманча, URL а, HTTP а, HTML а кхоллархо, Интернетан кхоллархо (Роберт Кайоц цхьана), W3C Консорциуман куьйгалхо. Семантикийн машан концепцийн автор. Иштта цо дукха хӀумнаш кхоьллина информацин технологишкахь.

Тим Бернерс-Ли
Timothy John «Tim» Berners-Lee
Бакъ цӀе инг. Timothy John Berners-Lee
ГӀуллакхан тайпа информацин технологиш
Вина терахь 1955 шеран 8 июнь({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (68 шо)
Вина меттиг Лондон, Ингалс, Йоккха Британи
Гражданалла Йоккха Британи Йоккха Британи
Да Конвей Бернерс-Ли
Нана Мэри Ли Вудс
СовгӀаташ
  • Британийн империйн орден
  • Кхиамашийн орден
  • Астурийн принцан совгӀат
Сайт http://www.w3.org/People/Berners-Lee
Тим Бернерс-Ли Викилармехь

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

Тим Бернерс-Лин делла дукха тайп-тайпана совгӀаташ. Царна йукъахь ду дуьненайукъара совгӀаташ. Кхузахь дагардина цхьадераш.

  • Килби Фондан совгӀат «шеран къона инноватор» (1995 шо)[1]
  • Лору техникин Ассоциацин программан системан совгӀат (1995 шо)[2]
  • Макартуран стипенди (1998 шо)
  • Японин Ӏилманан а, технологийн а Фондан совгӀат (2002 шо)
  • Паччахьан фотографин йукъараллин прогрессан Мидал а, Сийлахь дакъалла а (2003 шо)[3]
  • Компьютерийн историн музейн совгӀат Дерригдуьненна гезгмаша кхиоран (2003 шо)[4]
  • «Эзаршеран технологи» совгӀат хьалхара деккхинарг (1.000.000 евро). И совгӀат цунна делларг Финляндин президент Тарья Халонен йу (2004)[5]
  • Массийн зӀенаш кхиоран гӀардаьлла дилларан британийн ДоттагӀалин совгӀат (2005 шо)
  • «Квадрига» совгӀат (2005 шо)[6]
  • Америкин кхиамийн Академин совгӀат (2007 шо)
  • Кхиамийн Орден (Йоккха Британи) (2007 шо)[7]
  • Вульфсонан а, Дж. К. Максвеллан совгӀат (IEEE/RSE) Дерригдуьненна гезгмаша кхиоран (2008 шо)[8]
  • «Дерриг дахаран кхиам» Webby совгӀат (2009 шо)[9]
  • «Перестройка» — «Дуьне хицина стаг» номинацехь цивилизаци кхиоран М. С. Горбачёван совгӀат (2011)[10].
  • Оманан культурин а, Ӏилманийн а, исбаьхьаллина а Орден (2012)[11]
  • Кодзи Кобаяси цӀарах йолу компьютерийн а, зӀенаший а IEEE совгӀат
  • «Техникин кхачамаллан дукха шарашкахь дилларан» «PC Magazine» журналан совгӀат
  • Электронийн маршон Фондан Йуьхь йиллинарчун совгӀат
  • Ӏилманийн а, техникин а талламашан Принц Астурийскин совгӀат (Ларри Робертс а, Роб Кан а, Винт Cерф а цхьана)
  • Информацин Ӏилманийн а, технологин а Америкин йукъараллин Леррина совгӀат

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра