Берсанов, Хож-Ахмед Ахмадович


Хож-Ахме́д Ахма́дович Берса́нов — нохчийн йаздархо, Нохчийн Республикин йаздархойн Бертан декъашхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин Сийлахь белхало.

Хож-Ахмед Ахмадович Берсанов
ГӀуллакхан тайпа йаздархо, антрополог, детский писатель, этнограф, прозаик
Вина терахь 1926 шеран 12 апрель({{padleft:1926|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (97 шо)
Вина меттиг ШаӀми-Йурт, Нохчийчоь, СССР
Кхелхина терахь 2018 шеран 22 март({{padleft:2018|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (91 шо)
Кхелхина меттиг
Корматалла Берийн йаздархо
Гражданалла  ССРС Росси
СовгӀаташ
Орден «Сийлаллин Билгало»
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал

Биографи нисйе бӀаьра

Цо чекхйакхина ШаӀми-Йуртахь йолу 7-шеран школа. Цул тӀаьхьа иза деша вахара Эна-Хишкахь йолу юртбахаман техникуме. Амма цхьа курс чекхйакхича иза техникум а йитина Соьлжа-ГӀалин политпросветшколе деша вахара. 1939 шерахь Финляндица тӀом болабелира. Политпросветшкола дӀакъевлира, лакхара курсашкахь доьшуш хилларш тӀамтӀе бахийтира. Хож-Ахьмад шен юртехь сельсоветан секретарь хилира. 1942 шарахь иза военно-учётный стол хьаьким хӀоттира.

1944 шерахь нохчий цӀера бехира. Казахстанехь иза Кокчетаван областехь зоотехник болх беш Ӏийра.

ЦӀа дирзинчултӀехь цо Нохч-ГӀалгӀайн культурин министерствехь методист болх бира. Кеста иза методически центран куьйгалхо хилира. Оцу балхахь цо 40 сов шерахь болх бира.

1990-гӀа шерахь дӀадолалуш иза пенси а вахана литературин а, йукъараллин а, политикин а белхан тӀевирзира.

Литературин болх нисйе бӀаьра

1930-гӀа шерашкахь иза волавелира нохчийн фольклор дӀайаздан. Амма цо йазйина хьалхара книгаш араелира 1966 шерахь. Цо йазйина 20 сов книга, дукха хьолехь берийн.

Библиографи нисйе бӀаьра

  • «Хромой скворец» (1966);
  • «Приключения Хаджимурада» (1966);
  • «Друзья» (1968);
  • «По следам отца» (1971);
  • «Весна» (1979);
  • «Золотое кольцо» (1979);
  • «Всадник стального коня» (1983);
  • «Раскаяние»;
  • «Дружба, скрепленная кровью»;
  • «Стальная искра» — Советски Союзан Турпал Хансултан Дачиев дахарех лаьцна;
  • «Звери и птицы нашего края» (1992);
  • «ГӀиллакхийн хазна — ирсан некъаш» (1990, йуха арахецна 2002 шарахь);

кхиераш а.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • Орден «Сийлаллин Билгало»;
  • Къинхьегаман Силаллийн мидал;
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР, Республикин Лакхара Советан Президиуман сийлахь кехаташ;
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин Сийлахь белхало.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  1. Ушёл из жизни народный писатель Чечни Хож-Ахмед БерсановГрозный-Информ, 2018.