Биологин систематика — Ӏилманан дисциплина йу; цуьнан декхар ду дийначу организмийн классификацин принципаш таллар а, органин дуьненан система йарехь оцу принципшах пайда эцар а. Классификаци дешан маьӀна ду — йерриг а йолушйолу а, хӀу дайна а организмаш системехь дӀайазйар а, уьш оцу системехь дӀасанисйар а[1].

Систематикан Ӏалашонаш а, принципаш а нисйе бӀаьра

Систематико билгалдоккху:

  • вайн гонахьара муьлххачу а чохь са долу организмийн билгала дӀахӀоттам (структура) бу.
  • и дӀахӀоттам иерархи кепехь бу, вуьшта аьлча, тайп-тайпана таксонаш хадданза вовшашца муьтӀахь бу.
  • и дӀахӀоттам чекхбаллалц талла йиш йу, вуьшта аьлча, дуьззина а, дерриг чулоцу а органически дуьненан система йан таро йу.

Кхузаманан дийначу организмийн классификацеш иерархи принципца хӀоттийна йу. Тайп-тайпанара иерархин барамийн (даржийн) шен цӀерш йу (уггар лакхарчу тӀера уггар лахарчу тӀекхаччалц): дуьне а, тайпа йа дакъа а, класс а, тоба йа раж а, доьзал а, тайпа а, кеп а.

Лакхара пачхьалкх йа биологин домен — керла йукъабаьккхина кхетамаш бу.

1990-чу шарахь и кхетам белира Вёзе Карло. Цу хьокъехь цо йукъадаьккхира йерриг биологин таксонаш кхаа домене йекъайалар: 1) эукариоташ (клеткаш чохь хӀоъ (ядро) долу йерриг организмаш йукъайогӀу домен йу); 2) бактереш; 3) археиш а.

Таксонийн цӀерш а, йазйар а нисйе бӀаьра

ХХ б1ешеран йуххьехь систематикехь билгалъелира ворх1 таксономикан категореш:

  • дуьне — regnum
  • тайпа — phylum (ораматийн тайпа — divisio)
  • класс — classis
  • тоба (ораматийн раж) — ordo
  • доьзал — familia
  • тайпа — genus
  • кеп — species

Иерархи нисйе бӀаьра

  1. Биота / Лакхара домен
  2. Лакхара дуьне / домен
  3. Лахара домен
  4. Дуьне
  5. Лахара дуьне
  6. Лакхара тайпа / лакхара дакъа
  7. Инфратайпа
  8. Тайпа / дакъа
  9. Лахара тайпа / лахара дакъа
  10. Лакхара класс
  11. Класс
  12. Лахара класс
  13. Инфракласс
  14. Лакхара тоба / лакхара раж
  15. Тоба / Раж
  16. Лахара тоба / лахара раж
  17. Лакхара доьзал
  18. Доьзал
  19. Лахара доьзал
  20. Триба
  21. Лахара триба
  22. Тайпа
  23. Лахара тайпа
  24. Лакхара секци
  25. Секци
  26. Лахара секци
  27. Сери / МогӀа
  28. Тайпа
  29. Лахара кеп
  30. Сорт / Тайпа
  31. Тайпа / Инфратайпа
  32. Лахара тайпа
  33. Форма
  34. Лахара форма
  35. Вариетет

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Шипунов А. Б. . Основы теории систематики: Учебное пособие. — М.: Открытый лицей ВЗМШ, Диалог-МГУ, 1999. — 56 с.